Гуьйренах а, Луизех а
Исраилова Луизина,
Йинчу денца лерина).
Хьо йара и йеънарг,
Гуьйренца дуьненан
не1 йоьллуш.
Дагадог1у, цу дийнахь
Малхо хьо хьестар а,
маракъуьйлуш.
Тахна а хьо бахьна
хиэтало де диекхадалар а.
Сатасле дуьйна
ас ойланаш тоьгу,
хьо декъалйан.
Б1аьстенан 1аламах
ас басарш дехи,
Хьан де кечъдан…
Токхечу аьхкенан
стоьмаш а лахьий,
Тойн чомаш дан.
Массо а зезагийн
аматаш дехи ас
Хьо хазъян,
Амма и эерна ду,
хьо къаго дац х1ума,
хьол хаза.
Тахана ас дешнаш
Кечдина, дагчуьра
схьа даьхна,
Ийманан нур хьарчош,
Марзонан х1ур буьллуш,
Безамца.
Сан хьоме Луиза,
Сан Йиша, доттаг1а,
Нохчийн Йо1!
Декъала хуьлда хьан
Дахарехь массо г1улч,
Х1ора некъ!
2019
Гуьйре йу даймахкахь,
Сов каде хьийзаш,
Шен баса далийна,
1аламан духарш.
Аренга 1анийна,
Ц1ен, можа басарш,
Латта д1а хьулдина,
Кузех г1а даржош.
Сихделла хоршашкахь
Уьду хиш генна,
Г1урано лацале,
Шах гураш дина.
Лаьмнаш а к1айн мархийн,
Куйнаш техкина.
Лаьтташ го дахкаран,
Мажош охкийна.
Цаьпцалгаш йац
,,ц1ар" деш,
Уьш лаьтташ йоьлла.
1а даккха цхьаццанхьа,
1ойла а лехна.
Зу йог1у, гехь ж1алийн
Ши нускал дахьаш,
Уьш ч1ог1а д1а лаьцна,
Зун ирчу баь1аш.
Зингатийн уьйлиг бу,
Дитт уллехь кхуоран,
Уьш а ду сихделла,
Чу дерза 1аьнна.
Зингаташ т1е летта,
Кхор вовшах боккхуш,
Х1ораммо идош го,
Йалтанан цуьргаш.
Г1арг1улийн аьзнаш а,
Схьа хеза, г1ийла.
Х1аваиэхь банбеза,
Церан некъ гена.
Д1о мокхачу байт1ехь,
Зезаг ду техкаш.
Малх къегинчу дийнах,
1иэхаделла, даькхна.
Ткъа хено х1оттам а
Хуьйцу сих - сиха.
Мох хьерча, цкъа бодий
Г1одах зезаган.
Дог1ано т1ададо,
Т1аккха малх къеда.
Ткъа гуьйре йу, гуьйре,
Къиза - м йац иза.
Гуьйренан бакъо йац,
Шен х1оттам хийца.
Т1еда а, декъа а,
Ду цуьнан дийца.
2025.
Свидетельство о публикации №225102001538