Сема ойланаш
(цхьа кийсак)
____________
Некъан хьал – некъ бинчун девза,
Хало-ма – иза Iаьвшинчун йевза…
Дог-семачун – орцан мохь хеза,
Чам а хуьлу къаьхьа, мерза йа теза…
_______________________
Дас динчу хьехарах дуьйцур ду кIанта,
Да воцуш висина, ша хене ваьлча…
Шен дашах жоп лур ду, боцуш и гайтам,
Стаг волчо, и аьлларг шен багах даьлча.
_______________________
Вешеха довха дош, доггаха, эра ду
Ваша воцчу, гIийлачу, Йишас…
Сийлаллин лакхенах лаьцна дерг дуьйцур ду
ВорхI вешин, жимагIчу, Йишас.
_______________________
Хиллачийн маьIнаш а достуш
Дуьйцур ду воккхачу Дадас.
Са сема хиларах лаьцна
Дуьйцур ду доьзалан Нанас.
_______________________
Ваша воцуш висинчу Вашас
Хьулйина латтор йу гIайгIа…
Йахьечу жимачу кIанта
ТIаьхьене дуьйцур ду Дайха.
_______________________
Хаддаза хиллачу сатийсамах
Дуьйцур ду Даймахках даьккхинчу Къомо.
Доьналлех цадохарх лаьцна
Дуьйцур ду къиза тIом лайначу Къомо.
Свидетельство о публикации №225102301588
