Ирс долу стаг

ИРС ДОЛУ СТАГ

Делах тешаш а волуш, даиман а шен иман (кхоччуш!)
тодан а гIерташ, асаллах а ларлуш,
шена деззарг нахана а дезийла а хууш,
оцу нахаца тарвала а хууш, шеха тIаьхьенна дитина беркат а,
пайда а эцийта диканаш а долуш, хьаьрчина (шела а тIаьхьа дуьсуш)
нехан хьакъ-декхар а доцуш оцу вай кхоьллинчу Делан
Кхиэле вирзинарг хета-кха суна ирс долуш стаг.
Веза-Сийлахьчу Дала ишттачехь нисвойла иманехь, адамаллехь, бакъ а луьйш,
бакъ дерг а дезаш, эхь-бехк а долуш, гIиллакх а ларош, шен дош а ларош,
шеха болу тешам а ларош вехаш мел верг а,
оццу амалехь волу сан дакъа мел кхочуш верг а,
сан доIанехь мел верг а,
со шайн доIанна йукъа лоцуш мел верг а, со а!


Рецензии