НЕКЪ

НЕКЪ

Генарчу новкъа со ваьлла,
Нигатан дика дош аьлла,
Ца ваьлла са мукъа а даьлла,
Къовсамехь сайн кхаж а баьлла...

Со новкъа ца ваьлла
Дериг а дина а даьлла,
Шавериг реза вина ваьлла,
Йа собар кхачийна даьлла...

Ца ваьлла когашна халонна,
Сайн безачу дуьненан аьттонна...
Йа бахам, массанхьа, леха,
Цуьнга а суо вайта Iеха...

Генарчу новкъа со ваьлла,
Нигатан дика дош аьлла...
...........................
...........................

...........................

Йоккхур йу, шен хенахь,
ТIаьххьара гIулч...
Ас бIаьрг а хьажор бу
База бисина некъ гучча...

Хила тарло цу новкъахь
ТIаьхьенех – цхьаъ а...
Хила тарло... Амма лаьар-кха,
Иза а (билгала) хаа...


Рецензии