Ткъе кхоалгIа хьесап
"Барт боцчу итт вешел а
гIолехь карийна цхьаъ тешаме доттагI!"
Иштта олура Iашхой-МартантIерачу Къаноша.
_______________
БИЛГАЛДАККХАР:
Оцу аларан кхето дезаш долу маьIна:
Бертахь воцу Ваша а, барт боцу вежарий а дIататта, царах дIахада ца боху.
Барт бацахь – цхьа а беркат а хир дац, хьал гIийла а, даиман эшна а хир ду боху.
Тешаме ДоттагI а волуш хилар – Iаламате йоккха гIортор йолуш хилар, иза доккха беркат хилар, хьан дика-вон шена тIелаца стаг а воцуш вуьсург ца хилар гойту, тешаме ДоттагI а волуш верг.
Свидетельство о публикации №225110601969