Буг1анаш

Со Дала Iалашвойла, тхан нанас цу бугIанаш тIоьхула сан мел сенйина настарш -  буьткъа сара бетташ! ЦIа ма ца йогIура уьш – хоттала йеттарш! ХIор а сарахь уьш лаха аравоккхуш вара со, ткъа футбольни поле йуххехула волуш, сайна сайна чIагIо йеш: итт минотехь бен ловзур ма вац со олий, буьрканах ловза хIуттура! Буькъа бода лацабаллалц иэсе ца вогIура – тIаккха бугIанаша арахь буьйса йоккхура. Со сарагах воккхура. ШолгIачу дийнахь уьш лаха араволуш, тхан нана футбольни поле йолу агIор дIахIуттура -  со цу агIор лаха ца вахийта. ТIаккха ас, водий, водий,  эвлан йеа йистехула го боккхура, футбольни поле тIе кхача – сихха!  Бакъду, гондIа дIаса-м хьожура, бугIа тайпа хIумма гой хьожуш. Энгал-Эвлахь санна,  уьшалаш дукха хиларна,  текхаргаш хуьлуш, йурт атта карор йац.  Ведда воьдуш, шатташ тIекхаьчча, «Веза-Воккхан Дела, лаьхьа ма хилийта, Ахь, Веза-Воккхан Дела лаьхьа ма хилийта Ахь!», бохуш, когаш Iуьйра шатташ йуккъехула дIауьдура, буьркана тIекхачархьама. ЦкъаццIа, бугIанаш карайой, цIа вогIура, амма уьш цIайалош, йуха а футбольни поле йистехула волура: «Пхи минот! Йеккъа цхьа удар йина! Дееелдахь Iийр вац кхин сов!» бохуш, сайна сайна чIагIо йой, ловза хIуттура, йуха а бода лацабаллалц ловзура. Ткъа бугIанаш шен лааме йовлура- дика дара уьш йуха тIап-аьлла йайча, амма, дукхахьолахь, нехан керта а лелхий, сарахь деттина, хьаладахийтина хьокхамаш дуий, йа рагIуш бехдой,  карадора. ТIакКха йуха а со сенвора – атта каг а ца лорий и сараг-м!

Цхьана хIуманна иэс динера ас: цу бакински трассел лакхахь йолчу йарташкахь башха гомашаш кхобуш Iедал дацара. Ма ирс хетарий суна церан!

@IАБДУЛКЪЕДАРГIЕРАН ТУРПАЛ-IЕЛИН АДАМ


Рецензии