Бахьана

БАХЬАНА

– Йоьв, йоьв, аш хIун леладо! ХIей, тентакаш! – цецваьлла хьоьжура цIаьххьана кхетам чу веъна СаьIид, сихбелла буьйда кибарчигаш йохкуш, ша Iуьллу лахьта дIакъовлуш болчу мурдашка. –  Со дийна ма ву! Со вала ма ца велла! Со дийна воллуш лаьттах хIунда вохуьйту аш?! Iа-а-а!
 Шен цIоканара араваллал кхеравеллачу СаьIида мохь хьоькхура. Хетарехь, цIокан чохь а вацара хIара – кибарчигех куьйгаш мел хьекха гIертарх гIуллакх ца хуьлура кхуьнан.
«Вай-й, хIара хIун ду ткъа, дан мукъа! – ца кхетара СаьIид хIоьттинчу хьолах, – хI;н, кеп хилла ву хьуна со тешна! Схьагарехь, мух-мухха а кеп а йац хIара-м. Тамаша бу-кх суна «бели горячка» йацахь!
Собардехь цкъа, шолгIа бутт ма бу ас дош делла, малар дитина! Дитина аьлча а, «на принцип» а ваьлла, ца молуш шовзткъа де-буьйса далийта хьуьнар кхочур ду аьлла. Цу тIе «бели горячка» хилча, са массо а синхаам ирабелла хIунда Iуьллу?! – Дуьйцург хеза суна, хезна бохург-м кIезиг ду. Лакха тIехь болчеран къамелаш а къаьста. Къаьста-м къаьста, амма цара йуьйцучух-м ца кхета: «Дала гечдойла кхунна, шена лаахь», – цхьаболчара, «ВаллахI, и Далла дуьхьал ваххалц, ца дити-кх кхо и къаьркъа», – вукхара, «ДIадовлийша, ма алийша иштта шога, – кхоалгIачара, – мел Iеса хиллехь а, бусалба вара-кх хIара, Дала ша къастор ду кхуьнца дерг! Вай Дала гечдойла аьлчахьана довлу!» «Къаьркъан кад хIара хиллехь а, вай делкъана дIавоьллина йуьртда санна нехан хьакъ диъна стаг-м вац шуна хIара», - бисначара.
Вай-й, велла вац хир ма ву со! Йуьртда а ма вара сийсара дийна – кхо бакъонца хьалхалерчу Iедалера даьккхина, тIехь шена жима цIа дина долу дакъа,  «самозахват» йу аьлла, кхуьнгара, и болх дIаберзориг, йолуш йолу кепек йаьккхина (иза а ша гIуллакх дечух) дIавахара.
Дуьйцург хазарал сов, массо хIума гуш а-м ву со. ХIан-хIан, сих ма лол цкъа! Со-м ши метр хиллал лаьтта бухахь вай, бухахь хилла ца Iаш, лахьти чохь а ву, нисса ах кибарчигашца дIакъевлина долчу... Сайн да ваха сан..! Уьш хаалуш бу-кх суна..! Гуш бац..! Хаалуш бу..!
...церан дагахь дерг а-м хаало...! М-м-м..дагахь дерг мукъана а ма делира гуш!» Веккъа цхьа кIант... Кхуьнан кIант... Кхуьнан цIий... Кхо маларх хийцина кхуьнан доьзалхо!..
ТIаьххьара йиллинчу кибарчиго лахьта буькъачу боданах дуьзира. Боданал а алсам лахьта кхерамах а дуьзира.
Лакха тIехь болу нах сихха цIа эха бевлира, иштта а кIадбелла лаьттара уьш, кхул хьалха йуьртда дIавоьллина, хIинца хIара алкаш ... Дера тоьур ду-кх кхунна хIоккхул белхи бича-м.., бохуш.
Нах цIа оьхуш хаабелча,  СаьIидан Iадор шорделира. Кхунна дагадеара, хийлаза дуьйцуш хилла коша чохь хир долу Iазап (кхуьнан Iесаллица декъала хиларе сатуьйсийла а йацара). Кхунна мохь хьакха лиира, мохь-м хьаькхира кхо, амма кийра ца бассабелира. Мохь мел хьекхарх гIуллакх хир доций а хиъна, хIара, тап-аьлла дIа а тийна, ладегIа хIоьттира.
IаддаIийна велара цул...
Кхунна шен иштта а готта долу лахьта цхьана хIуманах дузуш санна хийтира. Нисса аьлча цхьа хIума йара, стомма хIума ...чутекхаш!..
IаддаIийна велара...
ХIинца кхеравеллачу СаьIидна мохь а ца хьакхалора. Чуйаьлла ХIума тIаьхь-тIаьхьа дарлуш хаалора. Бода кхин а букъбеллера. Кхунна ца хиънера бода иштта бодане хуьлий. Кхунна хааделира хIинца цхьа хIума хила дезий. Кхунна хаа а хаьара, хIинца хIун хир ду!
Амма...
... кхуьнан лахьта серладелира!!!
Цхьана мIаргонна...
Оцу мIаргонехь хIара кхиира шен каш стен къагийна хаа.. Кхуьнан кIант вара-кх массо а дIа а бахийтина, кхуьнан коша барз тIе ши куьг а, хьаьж а товжийна, хIара воьхуш. КIентан бIаьргех Iийдалучу хиша кхуьнан морса лахьта кIаддира. Мацца цкъа кIант дIаваха воьлча, кхуьнан шийла мохь белира. КIант вацара-кх байлахь виснарг – хIара вара! Ма-дарра аьлча, кхо кIант байлахь витина а, зуда жоьрахь йитина а дукха хан йара. Чот а, барам а боцуш, къаьркъа мийла волавелчхьана дуьйна.
– Ма кхоам бара-кх цу кIентан, хьо санна волчу ден хиларна, - аьлла, йистхилира кхин башха кIоршаме а йоцуш, цул сов тIекIаре ала мегар долуш, чутекхна ХIума.
ДIаладоьгIча, СаьIидана, шен цIаза пIелггал текхарг, текхарг аьлча а, нIаьна хаабелира.
– Хаьа суна, хьо соьга цецваьлла хьоьжий, цхьа стомма боьха хIума со хиларх хьо тешна варий. Йан а йара со йоккха цхьа инзаре боьха хIума, – йистхилира гIеххьачул дагахьбалламца жима текхарг, – оцу хьан кIанта диначу доIано жима йи-кх со! Тцо-тцо-тцо! Цхьа хIумма доццуш, цо доггах диначу дехаро кху чуьра лаллар-кх со! Цхьа хIума доццуш, сан Iазапах  хьалха вала сахьт а ца диснера-кх хьуна! ХIаъ, воккхур дела, хьан кийрара къаьркъа дIадаьллехьара! Шовзткъа де-буьйса даьллехьара ахь къаьркъа малаза! Ш-шехь-ш-шехь-ш-шехь!
СаьIид сихвелла, ша « на принцип» ваьлчу дийнора схьа, денош дагардан хIоьттира. Амма гIуллакх-м ца хуьлура. Йа муьлхачу терахьа тIера дагар дан деза дага ца догIура, йа йуккъе кхаьчча вухура, йа чекхволуш вицлора. Хьацар дала йиш йелахьара, кхунна хетарехь, хIара коша охIла шадерриг тIунлура дара.
– Къахьега а ца оьшу хьуна, ш-шехь-ш-шехь-ш-шехь! Кху буьйсанах хьо ваьллехьара, дузура хьан шовзткъа де-буьйса! Амма хIинцций...ш-шехь-ш-шехь-ш-шехь! Воккхаве  хьо, хьан кIентан  цIий цIена хиларна а, хьарам долчу хIуманах иза ларлуш хиларна а, цуьнан доIа мелла къобалхилла. Бакъдолуш хьуо а ву хьо, Iеса хиллехь а, хьайн доцчу рицкъанах пебетташ лелла!
Жимачу текхарган къамел хадийра цхьа инзаре хьоькхучу маьхьаро.
– Ас гайтий хьуна нехан хьакъ диъначун хуьлуш дерг? – текхарго, цIога Iоьттина, пенах экран йира, чуьра мохь хеза кошан сурт гойтуш.
СаьIидна вевзира цу кошан Iиллархо. Йуьртда! Цуьнгара хьал къаьстинчу СаьIидна ша кхин цкъа велча санна хийтира. Цкъа а дуьнен чу в;лаза велира хIара, иштта жерга Iазап хуьлий хуучул, и шен тIехь лар дуьйцур а дацара!
– Гой хьуна, цунах хьаьрчина нисделла лаьхьарчий а, –  царах хьегаш санна дуьйцура жимачу текхарго,– шуна хуьлий ца хуучу кепара сибатехь долу цунах декха убарш а. ХIор а лаьхьа а, убар а цо гIело йина а, Iехийна а стагана метта йу. Ма дукха нехан хьакъ диъна стаг ву и, цу коша чу гуллабеллачеран чот йича! Дера церан той деха хир ма ду! Ма атта чекхдер дац цуьнгара цо диъна шен доцу рицкъ, ш-шехь-ш-шехь-ш-шехь!
– Вай-й, сан цхьа кIант дуьхьал кхо кIант ма ву цуьнан шортта доIанаш дан а, и веха а, цунна тIера сагIанаш дахийта а таронаш а йолуш, – тIаьххьара вистхилира, шен гинчух халла меттавеъна СаьIид, – наха лара а лоруш, нехан дика-вон луьстуш лелаш? Сайниг-м, сох  эхь хеташ а, кхин башха эвлан йуккъе вала а ца хIутту.
– СагIанаш дохуьйту бохуш лелара-м бу уьш, амма хир болу пайда – нехан гай йузор ду. ДIаггара хьена ца хиллехь а, хьанал рицкъ даош кхиъначу хьан кIантана а, хьарам рицкъанах хиллачу букъан тIамарах схьабевллачу а, кхидIа а шайн зорхаш дас чудохьучу нехан хьокъех дузош кхиъначу цуьнан кIенташна а йукъахь йолу башхалла – стигална а, латтана а йукъахь йерриг йу. Дера дац церан доIа церан коьртел лакха а дер!
«Ма дика ду-кх со хьаькам ца хилла! Къаьркъан кад хиллехь а, сан гIуллакх-м башха доьхна а дац. Вижина Iуьллучуьра меттахвала таро йацахь а, делахь а вукху агIора хьаьжча, йуучунна-молучунна гIайгIа бан а ца оьшу, хилларш-лелларш а дуьйцуш, эхартан де тIекхаччалц хан йацйан накъост а ву. Ткъа и де тIекхаьчча, накъосташца кад ойъуш, кхайкхош ма-хиллара: « Цхьа тIай хир ду боху Къематдийнахь, вайн молланаш схьадийцарехь, вай саннарш тIоьхулабовлийта диначух тера а дац и, – тIаккха кад басса а бой, – ну и черт с ним, а мы пойдем другими путями!» цхьаъ дага ца догIуш вуьсур вац», – бохуш, ойланаш йора майраваьллачу СаьIида.
Кхуьнан дагахьдерг деша таро йолу жима текхарг, чаьмза чIечкъира, ткъа цуьнан дагахьдерг девзина СаьIид Iадийра.
– Сих ма лохьа, сан декъаза СаьIид, – элира  текхарго,  бIаьргех тера хIуманаш цIийлуш,– со жима бара аьлла, Iеха ма лолахь. 
Жима текхарг дарлуш ш-ш-ш баха йолайелира . ТIаккха шен жима дегI, цIеххьана дIадахдина, СаьIидан дегIах масех го а боккхуш, тIаьххьара цуьнан бага а  йаьлла, цуьнан чуьйраш чу дIатарйелира. Текхарго шен корта СаьIидан мера кIел балийра. ХIинца цуьнан бIаьргех тера  хIуманаш сийначу алух йогура: «Хьуна чуьра къаьркъанан ача дIайаллалц хьуна чухула хехкалур йу со! – элира дарйеллачу текхарго, иштта йахлуш  кIомсарш а охьайедира цуьнан, – цул сов, хьан пхенаш чуьра цIийнна йукъара и къаьркъанан таш дIадаллалц, цу чу сайн дIовш а Iийдора ду ас!» - аьлла СаьIидан логах ка а тухуш, цуддар санна тIелетира.
– Iа-а-а...

...Iа-а-а! – адаман кийрара бала йиш йоцчу кепара мохь а хьокхуш, самавелира СаьIид. Буьрка санна керчина маьнги тIера чувуьйжира. Сихдинна СаьIид шен дегIах ка детта волавелира – чIоп-чIоп дора, хьацаро йашийнчу кхунна тIера бедарша.  Дуккха а Iийра хIара са чу-ара изош.
– Дийна ву!.. ГIан хилла иза, гIа-а-н! – хьераваьллачу стагах терра, амма самукъане, мохь хьекха хIоьттира цIеххьана денвелла СаьIид.
ХьалагIатта воьлла СаьIид, голаш йегорна когаш тIехь ца латтавелла, охьалахвелира. Текхаш а, голаш тIехь а куьзгана тIе а вахна, пен куьйгашца лоьцуш хьала а гIаьттина, цу чу хьежа хIоьттира. Корта дIаберзош, схьаберзош шега хьоьжучу СаьIидна дагадеара шен логах кIомсарш йохкар. Логах куьйгаш хьекхарх кIомсарийн лар ца хаайелча,  телхина стаг а санна, цкъа воьлуш, йуха воьлхуш, СаьIида куьзганах корта беттара. ТIаьххьара чIоггIа велавелира.
– Дийна ву, дийна ву, – баха волавелира СаьIид, когашна тIехь латта кхин ницкъ ца кхаьчна, охьалахлуш, тIаккха тумбочка мара а йоьллина, –дийна ву, дийна...дийна...
Йуха а бода.
Йуха а жима текхарг.
 – Бакъ дац! Бакъ дац! ГIан ду, гIан! – бохуш, мохь хьекхара, йуха а ша лахьти чу кхачарх теша ца луучу СаьIида.
Текхарг, йуха а шен дегI дIадахдина, СаьIидах хьаьрчира, цунна чохь дIа а тарлуш: «Бакъду, сан декъаза СаьIид, бакъду. Амма хьан ирсана кху Iазапах хьалхавала таро йелла хьуна! Довза лаьий хьуна,  Iазапах хьалвала таро йаларан бахьана?»
Лаьхьано бахбина шалго мотт Iоьттина пенах йуха а экран йира. Экрано йухаметтахIоттийра ткъа шо хьалхалера хан. Кхуьнан къоналла. Кхунна хIара доллу дуьне шен долахь ду аьлла хета хан. Цу хенахь кхо, Россера цхьанхьара йорах иномаркаш а оьцуш,кхечанхьа уьш шен мах хуьлучу агIор дIайохуш, комерци лелайора. Бакъду кхо хайра-м ца дора шена хиллачу наварах. Цунах цхьажимма хIума шен доьзална кхоссий, диснарг ресторанашкахь а, сий-пусар доцчу зударшна а духкура. Нохчийчохь шайтIанийн ловзарш дуьйладелча, кхуьнан бизнес галйелира, амма даима тIеда хила марзделлачу легаша, тIуналла йоьхура, къаьхьа тIуналла. 
Экрано гойтура: хIара тоьлла иномарки чохь Россехь цхьана шерачу трасси тIехь чехка вогIучу хенахь, некъа йуккъехь делла Iуьллучу жIаьлина тIоьхула ца вала цIеххьана тормоз таIош, машен дIахьовзош, чекхъиккхира. Амма гена валале, кхо шен машен сацайина, тIехьайаийтира. Чуьра охьа а воьссина, кIайн кучан ши пхьош хьала а карчийна, мерах хьокхучу йовлакхца нIаьнеша даа долийна долу делла жIаьла, некъана йуьстаха даьккхина, тIе гаьннаш а, гIаш а лестийна, къайладаьккхира. ТIаккха цхьа-ши гIулч йаккхале,  гола а воьжна, дог-пах арадаллалц Iеттийра.
– Девзина хьуна, хьуо кIелхьаравала таро йаларан бахьана? Амма хьуна цунах пайда а эцна, декъала хила ца хаахьий!.. – йахлуш, текхарган багара ши кIомсар йуха а охьайахара...

...ХIинца СаьIида самукъане мохь ца хьаькхира. Кхо хIинца тийна шахIадат далийра, цкъа, шозза, кхузза...
ХIара иштта воллушехь, Iуьйра ламазна молла а кхайкхира. Кхо пхийттара ваьлча санна, хьалаиккхина, ламаз эцна, сихха декхар тIера даьккхира. Ламаз дина ваьлча а дикка Iийра хIара, дуьне сердаллалц, меттах ца хьовш, йаьржинчу ойланца шен даге ладуьйгIуш. Ша декъал хилча, цо хоуьйтур долуш санна хетара кхунна. Дог-м бендоцуш детталора. ТIаккха хIара куьзгана тIе а вахна, йуха а шега хьежа хIоьттира. «Ламаз къобал а муха хуьлу иштта чам боцуш йуьхь-амат долчу стеган?» – бохуш, ойланаш йора СаьIида, дегаза шега а хьоьжуш. Кхунна гуш дерг дара – вовшех хьирчина къоьжа, оьздачу стагехь ца товчу кепара йаьржина, йахйелла месаш а, иштта цхьа а къепе йоцуш дахделла мекх-маж а. Кхо сихха корта бошучу машенца йуххелц месаш дIалергира, иштта хазачу куьцехь маж-мекх а тадийра. Чоь а, керт а башха йаьржина а йацара, кхьунан кIанта, кIиранчохь цкъа-шозза вогIий, кертах жимма куьг тухура. Ткъа листаза диснарг СаьIида сихха къепе далийра. Иштта чохь-арахь а, тIехь а хIара гIуллакх деш воллушехь, дехьарчу куьпахь зударийн шийла маьхьарий девлира. СаьIидан дегIах стелахаьштиг чекхйелира. ХIара, дегI малделла, настарш йегош, охьалахвелира. Кхунна хаьара цу куьпахь Iаш верг мила ву. Легашка делхаран ира къурдаш хьаьлхира. И къурдаш сецо ницкъ ца кхаьчна, кхуьнан кийра, чIоггIа эккхаш, белхарца бассабелира. КIетахь дIасхьаидаболабеллачу наха вовшийн хеттарш дора:
– ХIун ду, мила ду хилларг? ..Вала-м ца велла те цхьа а?..
– Устазаш, ма доккха хIума ду, тап-таза стаг, кхин хIара ду аьлла гуш бахьана а доцуш, дIавалар!..
– Делкъа ламаз а дина, дIаойъу боху...
Шен уггар цIена а, хаза а йолчу бедарх (уьш къестайаллал кхуьнан дукха йацара) тIе хIума а йоьхна, массо а даша тIехь ойла сацо гIерташ, паргIат делкъа ламаз а дина, хIара тезет ваха аравелира.
Йуьртден дакъа кешнашка дахьа арадаьккхина хан йара СаьIид тезета кхаьчнарг.
ДоIа а дайтина СаьIид йустаха а ваьлла, лаьтта бIара вогIавелла дIахIоьттира. Массо кхуьнга цецбевлла хьийса хIиттира.  Леррана хьаьжча бен ца вевзара СаьIид йуьртахошна. Кхуьнан даима вовшех хьирчина хилла, къежйелла маьттаза хеталун месаш, хIинца песана кIелара детица варкъ даьккхича санна сийлаллица къегара. Безамехь нисдинчу мажо-мекхаша СаьIид ниIмате стаг хоьтуьйтура. Кху тIаьххьарчу хенахь йуьртахошна, оцу тайпана цIений, оьздачуй духарца кечвелла, хIара гина вацара. Царна йукъахь СаьIидна шен кIантах бIаьрг кхийтира. Ша самаваьлчхьана (кхунна гергахь – денвелчхьана) дуьйна кхуьнан дагна дуьххьара хьаам хилира.
Йуьртден дакъа, бармин бархI га а лаьцна, мохь туххуш зуькарш деш, дадийна кешнашка а даьхьна, сихха лаьттах дахийтира. ДIаволларан болх чекхбаьлча, йуьртан къедано, ламаз хан йу хIинца герга гIоьртина, цунна кечам а беш, дIасхьадухур ду вай аьлла, нах дIахьовсийра.
Нах дIабахначул тIаьхьа буха виснарг йуьртден вежарий а, цуьнан кIентий а, церан шичой а,  СаьIид а вара. Йуьртден гергара нах тоххара дIабевлла хир бара кхузара – СаьIид дIагIахьара. Кхин хIара дIа ца вахча, йа шега бистхилча, дуьхьал жоп ца делча, кхуьнан агIор куьг ластийна цIа бахара уьш. СаьIида, ша висча, коша барз тIе а вахна, цунах куьг тухуш, доггах вилхира: «Со къинтерволу-кх хьуна, ахь суна, хьайна хууш-ца хууш, йа суна хууш-ца хууш, хьоьгара сайна  хиллачу дегабаамана а, кхидолчу хIуманна а! Йа АллахI – Везан Дела, кхуьнан Iасалле а ца хьожуш, хьайн шорта болчу къинхетамца гечдехьа кхунна!»
Малхбуза ламаз  диначул тIаьхьа СаьIида дуккха а ойланаш йира: ша хIун дича, муха декъал хир вар те бохуш, ткъа цунна дала жоп ца карийча, мохь туххуш велха дог хилира. Амма кхо легге гIерта ира къурдаш къардира. Бакъду бIаргара лега хиш сеца-м ца лора.
– Дада, чохь вуй хьо, – арара схьахезира кхуьнан кIентан аз.
Да сихха бIаьрхиш дакъийна чуьра аравелира, ша волчу веънчу кIантах кхаъ а хилла, – «Чохь ца хилла, стенга гIур вара со? Ахь хIун леладо?»
– Со-м хьо муха ву а хьожуш, хьан стоьмийн сов гаьннаш а хедош аьлла, веънера.
– Сан стоьмаш дац уьш, вайн стоьмаш ду. Бакъ веъна! Вало хIета, ас а жимма гIо дер хьуна.
Дех тера цхьа чо бац хьан бохуш, кхо даима аьшнашвинчу кIанте хIинца СаьIид воккхавеш хьежара. ГIена-кхоьлах (кхунна гергахь – велча) кIанта ша вехар дагадогIий,  кхуьнан иза чIоггIа маракъовла дог хуьлура. Амма эхь-бехк хьалхара бара шен бере болчу безамал. ХIокхо шен кIанте ца хоттуш хIумма а ца диснера: цуьнан гIуллакхеххий, дешараххий, шен доккхах долчу шина зудаберийн Iер-дахарххий лаьцна а, церан берашший, гергара наххий а хоьттура. Берийн нана ца хатта цергашца балда къевлира.
Диттийн гаьннаша, къаьстийна гIаша, берийн биших терра, кхуьнан йуьхь хьестара. «СубхьаналлахI, цIена ву-кх Хьо, АллахI! Хьажахь, селхана ду-кх, дитташ тIехь хIара болх бе ас аьлла, со воьлча, генашший, гIашший сайна тIе деттаделча, там боцчу агIор эргIадволуш, кху стоьмийн массо а дена а, нанна а ас неIалт а, неIалт доцург а кхайкхийна!» - бохуш ойланаш йора СаьIида. Йуха а бIаьрхиш лега дуьйладелира. Уьш кIантана ца гайта, цунна пебеттара дас.
– ХIахI, битал хIара болх Iад. ХIинцца Iеламсолта а кхойкхур ву, маьркIажа ламаз хан хиллий а хоуьйтуш. Ламазна кечам а беш, чайн стака а молуш чувоьду вайша, – элира СаьIида, самаваьлчхьана (кхунна гергахь-денвелчхьана) дуьйна цхьа куршка хи малар бен, дегIах кхин рицкъа дахна воцу.
– Цхьаьний дай вайшимма, жамIатца, – хьахийра кIанта.
– Бакхъхьа хир ду, – резахилира да.
Пхьуьйра ламаз хан тIехIотта герга хилча, СаьIида кIант дIахьевира, нана а хир хьуна хIинца-м сагатдеш аьлла.
Цкъа хьалха шен маьнга къилбехьа а берзийна, мотт а биллина, дира СаьIида пхьуьйра ламаз. Ламаз дира аьлча-м кIезиг хир ду. Кхо и ламаз дIамелира-кх! Бисмаллин хIора дош а, хьарп а мазах тарлой, мезан боккха къурд а хуьлий , дегI а, хьекъал а качдеш, цIийнан хIора тIадамах хьаьрчаш, дага чу оьхура. ТIаккха СаьIидна, шен деган генна кIоргаллехь цхьа седа а иккхина, цуьнан эзарнийн кийсакийн нур, дага чу хьаьлхинчу  цIийн тIадамех дIа а уьйш, дегIан массо а пхенаш чухула дIасадаьржича санна хетаделира.
Ламаз дина ваьлчул тIаьхьа дукха Iийра СаьIид шен балхах ойла йеш.
– Сан мел дисна ламаз а доькхуш дан а, ас диъна марханаш йухаметтахIотто а суна-м хан тоьи ца хаьа. Ма герга ву-кх со дакъазвала! Йа сан АллахI, сан Эла, сан Паччахь ма къера ву со Хьуна хьалхахь, ма Iеса ву!
Лоьгучу бIаьрхиша СаьIидан йуьхь тIадийнера.
– Хьуна бу-кх хастам массо а ханна, массо а хIуман тIехь! Ас хастам бо-кх Хьуна, хIай Везан Дела, хIинццалц схьа бIаьрзе хин волчу суна Ахь Хьуо вовзийтарна! Хьайга безам бахийтарна! Хьоьга болчу безамал мехала а, мерза а хIума ца хилла-кх кху маьлхан дуьнен чохь. Хьоьга безам бахча бен, деза а, шукар дан хьакъдолу хIума къаьсташ а ца хилла-кх! Массарал а, массо а хIуманал а дукха веза-кх Хьо суна, хIай сан Паччахь, сан Эла, сан АллахI!
Голаш тIех латтар кIеззиг а хетта, СаьIид, гIелваларна маьнгех а тевжаш, суждане вахара.
– Сийлахь волу, Комаьрша волу, Къинхетаме волу, Къинхетаме волу, Къинхетаме волу сан Дела къинтIера валахьа суна, гечдехьа Хьайн шорта хин болчу къинхетамца Хьан мискачу лайна! Хьан лай ву-кх со, сан Аллах!  Хьан лай ву-кх со, сан АллахI!..сан АллахI!...АллахI...АллахI...

– Де дика дойлда, ИсмаьIал-Хьаьжа!
– Далла дезийла, шун а дойла Дала де дика!
– Ассаламу Iалейкум, ИсмаьIал-Хьаьжа!
 – Ва Iалейкум салам, Салман, сан бусалба ваша!
– Ахь хIун леладо, хIай имам, са а тасале!
– ВаллахI воллу, СаьIид волчу ваха! Селхана цуьнан хийцавалар ца гира хьуна? Боккъал шегахь ийман долчу стага бен цу кепара дог а, ойла а хьаош куц-кеп схьаоьцур дац!
–Бакълоь-кх хьо, ИсмаьIал-Хьаьжа, ас а бира хьуна цуьнан тидам!
– ХIинца и волчу а вахна,  цуьнга Дела дуьхьа и суна сайн бусалба ваша хетий хаийта воллу!
– ХIета, ИсмаьIал-Хьаьжа, со а ван ца мега хьоьца, суна лаьара-кх, СаьIиде, хьо Дела дуьхьа сайн бусалба ваша хиларна дукхавеза, ала!
– Ва дера мегар ду, муха ца мега! Вало, боккъал а дика хир ду и!
КетIара цкъа-шозза мохь а тоьхна, ши хьаша, неIаре а вахна, йуха а СаьIиде кхайкхира, тIаккха а цхьа ара ца ваьлча, чоьхьа велира, хIара-м лаа хIума а ма дац аьлла.
Амма чубаьхкина хьеший, шаьш болчохь латта бисира. СаьIид гича, шина а воккхачу стеган йуьхьа тIера бос баьхьира.
СаьIид суждане вахханчохь лаьттара. Чохь са а доцуш.
– И Веза хин волчу Дала гечдойла-кх хьуна, хIай СаьIид, хIай сан бусалба ваша!
– Аминь, – халла аладелира, велхаран къурдаш сецочу Салманна.

IАБДУЛКЪЕДАРГIЕРАН ТУРПАЛ-IЕЛИН АДАМ


Рецензии