Коьртера бахкало ч1ара
,,Ч1ара коьртера буолало талха" олуш ма хиллара, коьртера дуоладелира вайн къоман г1иллакхаш а, 1адаташ а талхор. Коьртера бохург х1ун ду аьлча?- вайна вайн дайша ,,Дала къайле ц1инйойла церан" аьлла бен, ц1е йаккха а ца магийна болу, безачу эвлийаийн ц1ераш сийсаза йеш, церан ц1ена некъаш т1е нехаш кхуьйсуш, тешам бойъуш дуоладелира нохчийн иэхь - бехк хьиэша. Чохь долчу дас - нанас ца бора шайн доьзалца ийманехь - кхеташ - кхиоран болх.
Цара шаьш кхетош ца хилча, шаьш дуьйцург бакъ деш, цу Делан мостаг1ийн лаам туолош, гуора вайн кегийнаш. 1елам наха бен хьиэхамаш а шайна атта долчу аг1ор берзош, нохчийн оьздачу дайша б1е шерашкахь синхьал узуш, дустуш, кхиош, г1иллакхех дахарна аьхналлийна йоьттина б1оьвнаш, вайн къоман къацхетарша кечйина варзаб йетташ, йилбазан омрийца, ата йуолийра кхиазхоша.
Х1етахь деглазамца, сан ойла кхоллайеьира:
,,Къам махках даккхарал а хала ду лан, шен махкахь дехашехь, дайн амалах долуш къам гар". Делахь а со тешаш йу, нохчийн ц1ий пхенашкахь мел лела, нохчий нохчийн амале боьрзург хиларах а, нохчаллехь кхуьург хиларах а. Гал волу, г1алат долу адам. Амма ша шех д1а ца къастало. Вайн хьалхара д1а баг1ана дай санна хир йу вайн т1аьхье а.
ИН ША АЛЛАХ1!
Дала мукъ лахь!
Дала шен къинхетамца, ийманехь, исламехь, нохчаллехь нисдойла нохчийн къам!
Ларамца!
Свидетельство о публикации №225111200914