Стихи 12. 11. 2025
Къуоналлийн самукъа зезагех сетта,
Массо а адамийн дегнаш чохь кхерсташ.
Х1оранна б1аьргаш цуо, марзонца хьоьсту,
Маржа йа1, жималла, дог хьох ца къаьста - кх.
Къуоналлийн самукъа малхаца лепа,
З1аьнарех дуьненан 1аламах хьерчаш.
Ойланаш шиэна чу 1индаг1ех иэгарх,
Маржа йа1, жималла, дог хьох ца къеста - кх.
Къуоналлийн самукъа, седарчех къиэга,
Буьйсанна 1аьршашкахь батте нур кхийдош.
1уьйренца бацалахь бецан тхих къиэжаш,
Маржа йа1, жималла, дог хьох ца къеста - кх.
Къуоналлийн самукъа дог1анах 1иэна,
Ткъесс детташ, стигланаш, махьарца къиэкъош.
Букъ саттош, шен г1одах стела1ад хиларх,
Маржа йа1, жималла, дог хьох ца къеста - кх.
Къуоналлийн доьналло, къаналла хьоьсту,
Маржа йа1, жималла, дог хьох ца къеста - кх.
***
Аренаш макхйелла,
гуьйре тишйелла,
Дитташ а дасделла,
мархаш зарзйелла.
Ладарша т1е 1иэнаш,
Т1адийна 1алам,
Акхароша бина
баннашна т1алам.
Тахана 1уьйре а
дахкарлахь йайна,
Олхазарш бенашкахь
,,тап" аьлла тийна.
Сихделла хоршашкахь,
Некъаш деш, генна.
Хиш ду - кха ца совцуш,
Заманах ийна.
***
Нохчалла йа1, хьо нохчалла,
Хьан ийман ду аьчкал ч1ог1а,
Ислам ду хьан, ийманца дог1уш.
Хьан майралла, деган ч1аг1о,
Нийет дина дош ца дуог1о.
Далла 1амал йеш, дог тадан.
Къоман маршо ларйеш, вага.
Нохчалла йа1, хьо Нохчалла,
Хьо синбахам нохчийчунна.
Шен сица хьо ца карийнарг,
Йеса ботт йу - кх, адамах йисна.
***
Резванова А.
Т1улг буьллуш, б1ов йоьтти ас ломан букъ т1ехь,
Раг1у к1ел куьрк х1оттий, чоь шорйеш товхехь.
Цу пешахь ц1е йогу, наггахь ,,к1арс - к1ирс" деш,
Да - Нана ца дог1у - кх, дег - х1усам йохйеш.
Д1а боьжна ши сту ас, д1а эхи гуота,
Нох доккхуш, атталлина, к1аддина латта.
Хьаьжк1а - кхоьш д1а 1оьтти, амат дагалоьцуш,
Да - Нана ца дог1укх и ирс сан хьиэкъа.
Дама лаьцна, бод хьакхийна, хьокхамаш детти,
Т1уоберам, сийна хох, г1алмакх - чай кечди.
Чомахь шун х1отторах, даар чам табеш,
Да нана ца дог1у - кх, кхачанах кхиэта.
Дуьненахь дериг а ризкъа ду хуьлуш,
Г1аланаш х1иттало, йоттало г1ишлош.
Дог даима йекха лаьтта, дахар а деса,
Да - Нана ца хилча, ирс хьоьца диэкъа.
2025
***
Не отрекаются, любя…
Эти слова написала врач в далёком 1944-ом Дежурство в госпитале длилось 3 суток.
После утомительных дней врач отделения нейрохирургии Вероника Михайловна Тушнова, едва дойдя до дома, записала на клочке старой бумаги «Не отрекаются, любя…» И уснула. Ей было всего 33 года. Шёл 1944-й год.
Романс «Не отрекаются, любя…» на музыку Марка Минкова впервые прозвучал в 1976-м со сцены Московского драматического театра имени Пушкина. Вероника Тушнова его уже не услышала – её не стало в 1965-м. Вот как звучало стихотворение в первозданном варианте :
Не отрекаются, любя.
Ведь жизнь кончается не завтра.
Я перестану ждать тебя,
а ты придешь совсем внезапно.
А ты придешь, когда темно,
когда в стекло ударит вьюга,
когда припомнишь, как давно
не согревали мы друг друга.
И так захочешь теплоты,
не полюбившейся когда-то,
что переждать не сможешь ты
трех человек у автомата.
И будет, как назло, ползти
трамвай, метро, не знаю что там.
И вьюга заметет пути
на дальних подступах к воротам...
А в доме будет грусть и тишь,
хрип счетчика и шорох книжки,
когда ты в двери постучишь,
взбежав наверх без передышки.
За это можно все отдать,
и до того я в это верю,
что трудно мне тебя не ждать,
весь день не отходя от двери.
В. Тушнова, 1944 год.
***
Резванова Айза
Джабраилова Азмане
Йоьлхуш хир йу хьо тахана,
Б1аьрхиш кийра 1иэнош.
Буохам къуьйлуш
Беънарг хьайга,
Нахала ца йуьйлуш.
Б1аьргаш хир ду
Генна хьуьйсуш,
Дерриг дагалуьйцуш,
Цхьана йахна зама, х1ора
М1аьрго карлайуьйлуш.
Кхузткъе итт шо,
Йехха зама хета
Шераш тоьгуш.
Цхьа де дог1у, х1оранна а
И дерриг д1а къовлуш.
Аллах1 - Дала къинойх ц1анбеш,
декъал бойла Шен лай!
Шен хазачу йалсаманийн
Хьеший дойла Цуо;;вайх!
***
Ирс йа1 хьан лулахойн,
Лулахь хьо йолча.
Иштта хьо куьг кхочехь
йезар - кха суна.
Кхин х1ума - м дацара
ас сайна лиэха.
Лаьар - кх, масалца,
Хьан амалх йуола.
Ма мерза хилла - кха
Амал хьан ненан,
Хьоьгахула татолах
И кхаччал тхоьга.
Ма хаза хилла - кха,
Амат а цуьнан,
Шен оьзда сифаташ,
Делла цуо хьоьга.
Дукха хьо йехийла,
Хьуо йезачарна.
Хьаг1 - б1аьрго ца лоцуш,
Цхьана а ханна.
Декъала хуьлийла,
Хьан массо зама,
Ирс 1иэнаш, йузийла,
Хьан деган кана.
***
Гуьйре йу даймахкахь,
Сов каде хьийзаш,
Шен баса далийна,
1аламан духарш.
Аренга 1анийна,
Ц1ен, можа басарш,
Латта д1а хьулдина,
Кузех г1а даржош.
Сихделла хоршашкахь
Уьду хиш генна,
Г1урано лацале,
Шах гураш дина.
Лаьмнаш а к1айн мархийн,
Куйнаш техкина.
Лаьтташ го дахкаран,
Мажош охкийна.
Цаьпцалгаш йац
,,ц1ар" деш,
Уьш лаьтташ йоьлла.
1а даккха цхьаццанхьа,
1ойла а лехна.
Зу йог1у, гехь ж1алийн
Ши нускал дахьаш,
Уьш ч1ог1а д1а лаьцна,
Зун ирчу баь1аш.
Зингатийн уьйлиг бу,
Дитт уллехь кхуоран,
Уьш а ду сихделла,
Чу дерза 1аьнна.
Зингаташ т1е летта,
Кхор вовшах боккхуш,
Х1ораммо идош го,
Йалтанан цуьргаш.
Г1арг1улийн аьзнаш а,
Схьа хеза, г1ийла.
Х1аваиэхь банбеза,
Церан некъ гена.
Д1о мокхачу байт1ехь,
Зезаг ду техкаш.
Малх къегинчу дийнах,
1иэхаделла, даькхна.
Ткъа хено х1оттам а
Хуьйцу сих - сиха.
Мох хьерча, цкъа бодий
Г1одах зезаган.
Дог1ано т1ададо,
Т1аккха малх къеда.
Ткъа гуьйре йу, гуьйре,
Къиза - м йац иза.
Гуьйренан бакъо йац,
Шен х1оттам хийца.
Т1еда а, декъа а,
Ду цуьнан дийца.
***
Свидетельство о публикации №225111200923