***

Резванова А.

Т1улг буьллуш, б1ов йоьтти ас ломан букъ т1ехь,
Раг1у к1ел куьрк х1оттий, чоь  шорйеш товхехь.
Цу пешахь ц1е йогу, наггахь ,,к1арс - к1ирс" деш,
Да - Нана ца дог1у - кх, дег - х1усам йохйеш.

Д1а боьжна ши сту ас, д1а эхи гуота,
Мекха боккхуш, атталлина, к1аддина латта.
Хьаьжк1а - кхоьш д1а 1оьтти, амат дагалоьцуш,
Да - Нана ца дог1укх и ирс сан хьиэкъа.

Дама лаьцна, бод хьакхийна, хьокхамаш детти,
Т1уоберам, сийна хох, г1алмакх - чай кечди.
Чомахь шун х1отторах, даар чам табеш,
Да нана ца дог1у - кх, кхачанах кхиэта.

Дуьненахь дериг а ризкъа ду хуьлуш,
Г1аланаш х1иттало, йоттало г1ишлош.
Дог даима йекха лаьтта, дахар а деса,
Да - Нана ца хилча, хьоьца ирс диэкъа.
2025

***
Дог хаза долу йоl,
Хьо стенгахь йу ехаш?
Муха йу ойланаш,
Уьш соьга йийцахьа.
Буьйсанна гlенашца,
Мила гар ахь доьху?
Самаха б1аьргаша,
Хьенан амат лоьху?
Алахьа йо1 соьга,
Хьан сифат дагалоьцуш,
Со х1унда лела - те,
Хьо йоцчахь дог лоьцуш?

Дог хаза долу к1ант,
Со йеха даймахкахь,
Хазачу вайн къоман,
Мерзачу г1иллакхехь.
Йеха со безамца,
хьо лела некъ ларбеш.
Вевзачахь, везачахь,
Хьох олу дош лардеш.
Хьо мичхьа лела те,
Дог хаза долу к1ант,
Ас мичхьа леха те
Хьан дагчу бог1у некъ.

Дог хаза долу йо1,
Хьо мичхьа лела - те.
Ас стенгахь леха хьо,
Вайн г1алахь, йа йуьртахь.
Со мичча валарах,
Ма ч1ог1а лаьцна ахь,
Сан деган и архаш,
Хьо йоцчахь ца ваххал.
Дог хаза долу йо1,
Со лела хьо лоьхуш.
Хьан сифат дагалоьцуш,
Хьо йоцчахь дог лоьцуш?

Дог хаза долу к1ант,
Хьан деган лазамо,
Т1е 1аткъам бина сан,
Дог лаьцна безамо.
Мерза ша хиларх а,
Безаман и бала.
Кийрахь дог дууш бу,
Синтемах йаьккхина.
Дог хаза долу к1ант,
Хьо парг1ат ма вала.
Безамах дош ала,
Йиш йац сан хьох йала.
***
Хьан 1индаг1 д1а дайна,
Сан малхан к1елара.
Хьо х1инца кхоавелла,
Аьхкенца махал а.
Стиглара седанах
Со хьайна лиэпар а,
Тидмаза дуьту ахь,
Лайн к1елахь зезагах.
Асса - м и ловр ду - кхий,
Ца леш цу бахьнийца,
Ахь муха къовлур - те,
Хьайн дог, къахьаллийца.
***
Ахьа - м со д1а тесна хилла,
Хьайн деган уьйрех а хадош.
Ца хилла со кхетарг, атта - м,
Даго уьйр лацарна, йезаш.

Амма со кхеттане кхетац,
Сан терза дайдина г1алат,
Муьлхарг ду хьан деган хьехахь,
Кхуолийнарг серло сан ц1арах?

Делахь а сан бу цхьа кхетам,
Боцуш кху дуьненахь хьиэгам.
Седанах къегина тешам,
Кхобу ас сайн деган кхерчахь.

Ас дагца къастийна, Седа,
Къегийла х1ара дуьне хьуна!
Ца кхуолош хьан  б1аьргийн сиэгар,
Ирс хуьлда хьан диэкъа тхуна!
***
Йоьлхуш хир йу хьо тахана,
Б1аьрхиш кийра 1иэнош.
Буохам къуьйлуш
Беънарг хьайга,
Нахала ца йуьйлуш.
Б1аьргаш хир ду
Генна хьуьйсуш,
Дерриг дагалуьйцуш,
Цхьана йахна зама, х1ора   
М1аьрго карлайуьйлуш.
Кхузткъе итт шо,
Йехха зама хета
Шераш тоьгуш.
Цхьа де дог1у, х1оранна а
И дерриг д1а къовлуш.
Аллах1 - Дала къинойх ц1анбеш,
декъал бойла Шен лай!
Шен хазачу йалсаманийн
Хьеший дойла Цуо;;вайх!
***
Вог1ур ву со.

Б1аьстенан  заз  санна  хьо сайна яйча,
Безамо  б1аьргийн  нур  сан  къага до.
Саде1ар  ца  тоьуш,  кийрахь  дог  соьцу,
Воккхавеш  дахарехь  йовзарна  хьо.

Самукъне  боларо, дег1а  куц  хаздеш,
Урамехь хьо йог1уш сакъерало.
Хьоьгарчу безамо дог ловза дохуш,
Со  санна  ирс долуш  кхин стаг ца го.

Безамо безачийн ойланаш хуьйцу,
Цхьаъ хьосту, кхечуьна  дог 1овжадо.
Азаллехь синошна дехнарг ло боху,
Ас х1етахь дуьйна а къастийна хьо.

Кхолламо яздинчу ирсах ца тешаш,
Уллешхул  т1ех  юьйлуш  д1аоьху  хьо.
Вайн дахар ирсе дан  сайн  бакъо  лоьруш.
Хьо сайна  д1айига, вог1ур  ву  со.
2007
***
Ма генахь хилла хьо,
Сан некъана, геннахь,
Ца хилла вовшашна
Гар а вайн хенахь.
Б1аьсте а, аьхке а
Д1а тиллач муьрехь,
1аьнчилла куогашка
Г1ертачу гурахь.
Зазза дасттал къегина,
Сирла малх санна.
Веа хьо гуьйренан
Де дохдан сан а.
Баркалла, хьан терго
ца йиси байлахь.
Йаьсти ахь цхьа ойла,
Сан деган хьиэхахь.
Цхьаъ хьаста къегина
ца хиларх дагахь,
Ца дуьсу - кх, гуьйренан
зезаг а къайлехь.
***
Ц1ий ца 1анош,
дашца т1ом беш,
туолам баьккхинарш... Нохчийн къоман са а,
сий а лаккха  айдинарш,
Бу уьш, Дала пох1ма делла,
Меттан говзанчаш,
Уьш бу къоман са айдийраш,
Хьоьстуш ойланаш.

Уьш бу нохчийн нанойн дегнийн
чиркхаш латийнарш,
Кхуоларшкара йуьхьмаш нохчийн
сирла, къагийнарш.
Царна белла и ницкъ Дала, синош совг1ате,
Аьзнаш делла, иллеш ала, шовданех зевне.

Диэка церан аьзнаш мерзех,
Дуьйлуш аьзнаш шайх,
1алам марздеш, дахар хаздеш,
Хуьттуш уьйраш вайн.
Делан х1ора кхоллам лоруш,
Ларбан 1ама вайн,
Нохчийн къоман саайдийраш,
Сий дан хьакъ бу вай.

Автор: Резванова Айза.
Саайдийраш - артисташ, муьлххачу кепара а.
***
Ц1ий ца 1анош, дашца т1ом беш,
туолам баьккхинарш... Нохчийн къоман са а, сий а лаккха  айдинарш,
Бу и Дала пох1ма делла,
Меттан говзанчаш,
Уьш бу къоман са айдийраш,
Хьоьстуш ойланаш.
***
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Иэс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...

Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....

Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гуолахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
***
Резванова Айза
1аьржа яг1у….

 Шерашкахь  ц1ерга  х1иттийна, даьгна, 1аржделла, доккха ялг1у хьалха диллира, мардена несо.
Т1аккха, к1еззига йела а къежина, элира.
 – Дада, ахь цу ялг1у чохь юуш, чомахь  хета юург, олу дела, х1отти-кх ас и хьуна хьалха. Цул таьхьа, шен мардена х1ун тов хьоьжуш, сецира.
 – Дела реза хуьлда хьуна!  Цу ялг1у чуьра кхечу пхьег1ий чу йиллича, чаммаза йолуш хета суна и  юург, – элира воккхачу стага. ТIаккха шега ладоьг1уш лаьттачу несе д1а а хьаьжина, – парг1ата хила хьо, х1инца,  –  аьлла, вистхилара. Ша, паднар т1ехь, хьала а хилла, чуччу когаш а боьхкина, д1а а нисвелла, х1ума яа хиира. Цул т1аьхьа, паднара йистехь хиина 1аш волчу,  ялх шо кхаьчначу, к1ентан к1анте, д1а а хьаьжина, цуо элира:
 – Ислам, схьавола, дадийца х1ума  яа хьайна.
 – Ца еза суна Дада. Вуьзина ву со, – элира, жимачу к1анта.
 Воккхастаг, Бисмалла а аьлла, цхьа безамехьа ялг1у чу а хьаьжина, цхьана куьйга схьалаьцначу хьокхаман юьхках, вукху куьйга жима-жимма хьокхам боккхуш, ялг1у чу а 1уттуш, х1ума йаа жиира вокхстаг.
Дуьххьара ша юург кхаьллича, леррина цу ялг1у чу а хьаьжина, байй корта ластийра цо.  Т1аккха к1еззига балда а уозош, вела  къежира. Юха а кхаьллира, хьалха санна. Т1аккха, сих ца луш, б1аьргаш  ялг1у чу хьежа а дуьтуш, меллаша мочхалш меттах а хьедеш, ойланашка ваьлла, 1ара. Т1аккха а, б1аргаш цу ялг1у чу доьгIна дуьтуш, юург д1а а кхаьллина, ша 1аччохь техкира, ойланашка вахана. Шен тидам беш волу к1ант а ца гора цунна. Ц1еххьана, ялг1у чу хьоьжуш долу, цуьнан б1аьргаш, цхьана х1уманах тасаделча санна, цхьанаметтехь севцира, к1еззигчу ханна.  Т1аккха, г1ийла вела а къежина, шен буйнара  хьокхаман юьхк  охьата11ош, маь1-маь11ехула цу ялг1у чу а хьаькхина и ерриге  а марзо ша схьагулйича санна, цха марзонца  д1акхаьллира цо.
 Ислам,  цуьнан тидам беш а 1ийна, цо юург марзъелла, хIума яа тIехилира. Жимма 1ийна, дедега д1ахьаьжча,  цуьнан  б1аьргаш чохь,  къегина хиш гира цунна.
 Ислам ца кхийтира цуьнан велакъежарах а, ойлане вийларх а, б1аьргаш чохь къегинчу хих а.

Цул т1аьхьа дуккха а хан-зама  д1аелира. Воккхалла, Исламе кхаьчнера.
Доьзална вукъвеллера Ислам.
Гон генаш а хецна, шорделла, ирах даг1ана,  лаьттара цуьнан уьйт1ахь, Исламаца кхиина долу кхуоран - дитт а. Вехха 1ийра Ислам цу дитт к1елахь, ойланаш йеш.
- Дада, х1ума йаа чу вуола боху хьоьга? – аьлла, вистхилира Исламан к1ента к1ант.
-Х1аъ, д1авог1у. чу г1уо хьо,элира, вокхстага.
Ислам чу кхаьчча цуьнан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а х1ума яа стоьла гонаха гулбеллера.
Т1аьхьарчу заманахь аттачу даьллера дахар. Х1ума юуш йолу чоь, нускал санна д1акечйина лаьттара. Юккъе х1оттийна куьзга санна къегина, еха стол яра. Керла, цакаглучу аьнгалийн, пхьегIаш яра, стол т1е  х1иттийна. Мичча хенахь а бес-бесарчу юургех юьзина лаьтташ яра стол. Хьалха санна ц1ерга яй, ялг1у а х1иттош, кечбеш бацара кхача.
 Кедахь, я бошхепахь, шен-шенна товчу чомехь, цхьанна я шинна яъъал, тоькаца йолчу духовки чохь йохъеш, буйна 1айг, м1арий а лоций, юучух хьакхабелча п1елг бехбаларна кхоьруш санна, шен-шенна хьалха лаьттачу бошхепа а юьллуш, юуура, х1орамма а. Цу кхачанех чам кхеташ вацара Ислам. Цунна кест-кестта дагадог1ура, х1етахьлера  доккха ялг1у. Волавелла, цхьаннига  х1ума ца олуш, лелош йоцу сал-пал д1айиллиначу  уоти чу вахана, пхьег1аш кего вуьйлира иза. Шерашкахь т1е-к1ел йохкуш, гулъеллачу пхьег1ашна буххахь карийра цунна ша лоьхург. «Керла юкъаевлла пхьегIаш дукхаелахь а, хьоьга кхочуш пхьегIа  яцар-кх, соьга хаьттича», – бохуш, цунах воккхавеш, ялг1у буйна лаьцна, чувеара Ислам.
Т1аккха элира:
 – Зуда, х1окху ялг1у чохь жижигца картолаш кхарзахьа, ас ламаз дешшехь. Ма чомахь хуьлур-кх цу чохь кечбина кхача, мацах, лулахой а хьошалг1а балабора цу кхачанан хьожано, аьлла, дехьа велира иза.
Цуьнан х1усамананас, мало ца еш, сихха ялг1у ченех ц1андеш, хица дила а дилина, ц1ийдеш жижигца картолаш кхерзира, т1ехула хох а тосуш. Ислама ма - бохху, цхьа хазачу чомехь, схьаелира юург. Шен дедас аьлларг дагдеъча санна:
 – И ялг1у схьадалахь, суна хьалха. Кхечу пхьег1ий чохь чам кхетар бац суна, – олуш, стоьла йисте вахара иза. Доьзалаш хьала г1евттира, жима а, воккха а. Ислам даима ша охьхуучу, стоьлан коьртехь лаьттачу г1ант т1е охьахиира, доьзалшка, охьаховша олуш. Х1усамнанас и даьгна, 1аржделла, доккха  ялг1у, цу къегиначу стоьла т1е, Исламана хьалха диллира. Доьзалаш цхьабоьсса д1а хьевсира цуьнга. Б1аьргашца, цхьа мерза, цу ялг1у чу хьаьжира Ислам. Т1аккха, шен даг чохь воккхавер долуш, Бисмилла а аьлла, х1ума яа волавелира, цу юуучуьнан чам боцург, дерриге  диц а дина.

Ша дуьххьара д1акхаьллича, и чам тайна, г1ийла корта а лестош, д1асатехкира иза. Т1аккха дагавеара цунна шен деда. Исламан ойла кхоллайелира, х1инца суна санна, чам тайна хилла-кх цунна х1етахь, аьлла. Юха а д1акхаьллира. Т1аккха, цу ялг1у чу а хьоьжуш, шен багахь ерг 1уьйшуш, генара жималла дагатесира цунна. Дагавеара шен деда юха а. Иштта дагалецамаш хилла-кх иза х1етахь ойлане вохуш хилларш. Цундела хилла-кх цуьнан велакъежар а, х1етахьлера суьрташ дага а лоьцуш, г1ийла мочхалаш меттах хьедеш 1ара иза. Т1аккха б1аргаш севцира цу ялг1у чохь, ц1ийелла бухлеттачу картол т1ехь. Лерина цу картоле хьоьжуш, 1ара иза, вела а къежаш. Цунна гора, шен а, шен жимачу веш - йишин а, кегий куьйгаш цу ялг1у чохь бухалетта, ц1ийелла картолаш схьаяха тийсалуш. Т1аккха, охьта11ош, цу ялг1у чу а хьаькхана, цхьа мерза - марзонца,  д1акхаьллира  цо  шен буйнара бепиг- юьхк. Т1аккха а дагавеара шен денда. Мелла а саготта велира иза. Юьхь-сибат а хийцаделира Исламан. Ненан к1ай ши куьг х1оьттира б1аьргашна дуьхьал. Цу ялг1у буха летта, йохку, ц1иййелла картолаш схьа йохуш, уьш шайна схьа кхийдош.
Б1аьргаш чу хи х1оьттира, легашка хораман шад а беара. Юха а шен деден б1аьргаш дагадаьхкира, хих дуьзина хилла. Т1аккха ялг1у чу а хьоьжуш, ойланашка вахара иза. Х1ара марзонаш хилла-кх, цо х1етахь, вела а къежаш, б1аьргашца цу ялг1у чуьра лехьош хилларш. Х1ара дагалецамаш хилла-кх иза ойлане вохуш, цунна хьалха х1иттинарш. Къастаран къахьо хилла-кх, х1етахь цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гулдинарг, бохучу ойланашца сацавелира иза, ялг1у чу а хьоьжуш. Юха, жимма балда а озош, доккха са а даьккхина, г1ийла мочхалаш метах хьедан волавелира. Мацах цкъа шен дедега хьоьжуш 1ийна Ислам санна, кхуьнан тидам беш 1ийна, к1ентан к1ант, шен г1ента т1ера хьала а г1аьттина, Исламна т1е вахара. Цуо цу ялг1у чу а хьаьжина, хаьттира:
 – Дада, хьо цу ялг1у чу а хьожуш, цкъа велакъежаш, т1аккха велха г1ерташ ма  хуьлу?   Х1ун ду цу чохь хьуна гуш дерг?- аьлла.
Вокхстаг к1анте д1а а хьаьжина, жимма велакъежира.
Т1аккха элира:   
 – Кху ялг1у чохь дуккха  а х1уманаш ду, дадина гуш. Хьуна гур дац цу чохь дерг, цкъачунна.Тохара со, хьо санна жима волчу хенахь, тхан дедена гора цу чохь дерг, суна ца гора. Кхано, хьо сан хене вахча, х1окху ялг1у чохь х1ума яа хьо хиича, хьуна а гур ду,  – элира Ислама, шен т1унделла б1аьргаш дела а къежош. Жимачу к1анта, цец а ваьлла, элира :
 – Ва, х1ай! Оццул дукха 1ен веза теша со цу чохь дерг х1ун ду ца гуш?
Воккхачу стага ойла а йина, элира:
- Т1аккха а, хьуна кху ялг1у чохь и сан дог хьоьстуш, я б1аьрг белхош долу сарташ гур дуй  хаац, кху цхьана ялг1у чохь, йиш - вашас  вовшеха оьцуш йолчу мазонан чам бевзина ца хилча.
Т1аккха дийхира к1анта:
- Нана, тхан дехар ду хьоьга, кечбехьа тхуна цу ялг1у чохь, марзонан кхача. Ма мерза бу-кх, цу дадин б1аьргаш чохь гуш болу дагалецамаш, аьлла.
2012 шо.
***
,,Ишкола" ц1е йолуш, йу вайн цхьа тоба,
Хьекъале, кхетаме ойланаш йолуш.
Шира а, керла а х1ора дош лораш,
Ц1еначу безамца нохчийн мотт кхолуш.
***
Резванова Айза

Со кура ваккхахьа,
Хьайн суна сагатло алий.
Дозалла дайтахьа,
Забрийна гучу а йалий.
Хетийтахьа мехкршна
Къоьвсина ваккха хьуо йоллу,
Кенташна  моттийтахьа,
Ирсан да сох хила воллу.

Х1ун хуьлу хьуна со,
Валарах са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш,
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах
Бегаш беш со хьайна веза,
Моттарг1а дац соьца,
Суна - м хьо боккъал а йеза.

Хилахьа хьо суна, 
б1аьстенна сирла малх санна.
Хилахьа хьо дог1а,
дуьненан 1аламна санна..
1ийр варий со хьуна,
1аьршашкахь беттаса санна,
Нур 1иенош хьан дагчу,
ца йуьтуш ойлан хьан кхуола.
*****
Александр Пушкин
Окно

Недавно темною порою,
Когда пустынная луна
Текла туманною стезею,
Я видел — дева у окна
Одна задумчиво сидела,
Дышала в тайном страхе грудь.
Она с волнением глядела
На темный под холмами путь.

«Я здесь!» — шепнули торопливо.
И дева трепетной рукой
Окно открыла боязливо…
Луна покрылась темнотой.
«Счастливец! — молвил я с тоскою, —
Тебя веселье ждет одно.
Когда ж вечернею порою
И мне откроется окно?»
1816 г.
***
Ас хьехор безаман сифаташ,
Ма лара шераш ца ларар.
Ду иза къуонналлин бецатхиш,
Къаналлехь шаьш карладийлар.

Хуушехь малхо шаьш дакъор дуй,
Х1уьтту уьш 1уьйренаш къаго.
Бацала 1аьнначу седарчех
Сегарца цара куц досту.
***
Маккхал Сабдулаев - выпускник финансового факультета Ленинградского государственного университета, работал главным бухгалтером в учреждениях культуры (1арбис ма-аллара).
Поэт, автор песен и пьесы "Махкана совбевлла к1ентий".
В нашем театре ставился спектакль на основе этой пьесы. В конце 90-х годов был 1- заместителем министра культуры нашей республики.
Родом из Энгель-Юрта
***


Рецензии