Кийрара дог

КИЙРАРА ДОГ
(карзахе илли)

Карзаха ма дийла, кийрара дог,
Дохий ма хьийза, кийрара дог…
Кийрара схьаиккхина,
Топ санна иккхина,
Хьо хIун дан доллу, дахчийна дог?!

Сихха ма деттало, кийрара дог,
Ахь со ма хIоттави, кийрара дог…
Ойла дIайаьхьна,
Паналле ваьхьна,
Хьо хIун дан гIерта-те, тембоцу дог?!

Йезар схьагичи, кийрара дог,
Хьо дешна дIадели, кийрара дог…
Со волччохь витина,
ДегIехь чов йитина,
Хьо стенга дахна-те, экаме дог?(!)

Ма лаза дели хьо, кийрара дог,
Ма холча хIоьтти хьо, кийрара дог…
Даймахках ваьлчи,
Кхин гур бац аьлчи,
Ма делха дели хьо, турпала дог?!

Набарах вохийна, кийрара дог,
Собарах ваьккхина, кийрара дог…
Нохчийчоь йуьйцуш,
Цуьнга сатуьйсуш,
ГIайгIане ваьккхи ахь, чахчийна дог.

Ткъа хIинца хIун хили, кийрара дог,
Ахь соьга хIун боху, кийрара дог?
Дай баьхначу эвлахь,
Кхерч-хIусаман кевнехь
Ма ловзадели хьо, сан сема дог!

Карзаха ма дийла, кийрара дог,
Дохий ма хьийза, кийрара дог…
Кийрара схьаиккхина,
Топ санна, иккхина,
Хьо хIун дан доллу-те, Йахь йолу дог?(!)


Рецензии