Синъаьрхалла. ишколехь

1987-чу шарахь, тахана-кхана 23-гIа февраль долчу дийнахь, оьрсийн мотт хьоьхучу урокехь – иза хьоьхуш тхан классан куьйгалхо вара – тхан класса чу завуч хьаьжира. Тхоьга де дика а дина, тхан хьехархо, тхан «ирсана», аракхайкхира. Йуха чувеача, тхуна воьхча санна хетачу хьехархочо класса чухула бIаьрг кхарстийна, Бекханна тIехь шен хьажар сацийра. Бекханан йуьхьа тIера бос баьхьира, сан дог сихделла деттадоладелира. Масех секондехь ойланца цуьнга а хьежна, суна тIехь шен деса бIаьргаш сацийра хьехархочо.
«Хьан тоьхна мотт?!»  –  ойла иккхира сан коьрте. Масех де хьалха охашимма, тхо санна аьрхачу одноклассникашца, биологин урок «ловзийра». Цу дийнахь гена тIулг кхосса къуьйсуш, ишколан луларчу кертара цIийнан тхевнан шипар эккхийтинера оха. Амма тхан классан куьйгалхо кхидIа Амхьаде хьаьжира. Ас а, Бекхана, вовшашка а хьаьжна, паргIат садаьккхира.
 – Вайн ишколе комисси йеъна, шолгIачу гIата тIехь Советски Эскаран Денна йоьзна мероприяти йу хIинцца хила йезаш, массо а паргIат хила мегар ду шуна, гIовгIа-тата а доцуш, меллаша, ишкола чуьра арадовлий, шайн цIа гIо! – кхайкхийра классе хьехархочо.
 – Урраааа!..
 – Ткъа Адаммий, Бекханний, Амхьаддий буха саца.
 – Эээээ!..
Массо ара а валийтина, тхан куьйгалхочо хаьттира кхаа «декъазчуьнга»: «Шуна цхьа а цу мероприятехь йийца мегар йолуш стих хаьий?»
 – Хаьа.
 – Муьлханиг хаьа хьуна, Бекхан?
 – «Бородино», – аьлла, сихха жоп делира Бекхана, вела а велла (ши де хьалха дагахь Iамо йелла йара и массарна).
 – Кхиерг ца хаьа хьуна?
 – Ца хаьа!
 – Мегар йу, гIаддайча, иза а. Амхьад, хьуна муьлханиг хаьа?
Амхьада цхьана стихотворени цIе йаьккхира. Резахиларца корта таIийра хьехархочо.
Соьга кIадда а ца хаьттира. Со иштта а гIараваьлла вара книгаш дукха йоьшу аьлла – суна стих ца хаьа бохург , хуьлийла а дацара!
Ишколан библиотеке керла киншка йеъча, тхуна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш волчу тхан завучо,  урокехь и киншка гойтий, хIара цхьамма а йешна а хир йац аш аьлча,  – ас йешна иза олий, куьг ойъура. ТIаккха уьн тIе воккхура цо со, схьайийцал тIаккха, олий. Гуттар а цецваьллера иза пхоьалгIачу классехь ас Шота Руставелин «ЦIоькъалоьман цIокъалахь турпал» йешна аьлча, ца тешаш, йуха а уьн тIе а кхайкхийна, цхьайерг схьайийцитира.
ХIор а классера кхоккха, виъ-виъ дешархо чугулвина, класс йуьззана йара. Чохь берийн йайн гIовгIа йара лаьтташ. Чу ма-веллинехь, бIаьрго лецира къорза севсина кIуж болу меташка а, цаьрца баьхкина, цкъа а малхехь хила а хиллий-те аьлла хеташ, кIайн-цIена йуьх-марш йолу, галстукаш охкийна ши стаг а.
Цхьаъ вукхунна тIаьхьа хьалаволуш, дешархоша 23-чу февральна йоьзна стихаш йоьшура: «Бежит солдат, бежит матрос, стреляет на ходу», ва «Гордый Варяг», ва уьш хIинца хIун дагайогIу суна?!.
Амхьад хьалавели – цхьаъ йийци, Бекхана а йийци шен «Бородино».
 – Сейчас прочитает стихотворение ученик 6 «Б» класса Абдулкадыров Адам!
Со хьалагIаьттира, дог чIоггIа детталора…Суна уллехула ваьлла охахуу Бекхан, со дика вевзаш хиларх терра, кхийтира, суна цхьа аьрха хIума дагадеаний. Доски тIе хьалаволуш, хьалхарчу парти тIехь хиъна Iачу, цхьа класса лахара сайна хазахеташ йолчу йоIе, ша йолу сайн майралла а гулйина, бIаьрг таIийра ас. Шега цхьа чIога вуо деача санна, дIахьаьжира иза, делахь, беснаш-м цIиййелира.
Къорза севсина кIуж болчу меташке а хьаьжна, класса чу гуллабеллачу дешархошка дIавирзина, ас стихотворени дIайишира…
ПХИ-ЙАЛХ ДЕ ХЬАЛХА…
 – Iалее, Абдулкадыров, валахь сихха, му дукха Iаш ву-кх хьо, харжахьа цхьаъ,  –  аьлла, дехарца кхайкхира соьга йуьртарчу библиотекин белхахо Малкан.
 –  Кхузахь-м йац, ас йешаза йисина лартIехь хIумма, керла йохьура йолуш шу а дац,  –  везварца дуьхьал жоп делира ас.
Йуьртарчу библиотеке со 1-чу классехь волуш дуьйна вара дIайазвелла, ас йешаза книга а йацара жимма хаза сюжет йерг, документальни бист кхаччалц, йеккъа цхьа атеистически литература йоцург. Царах, атеистическичарах, цхьа -шиъ, библиотекарша (шиъ йара уьш библиотекехь болхбеш: Малкан, Роза), йеший хьажахь, схьайеача, схьа а йуьйцур ахь тхуна, хьой кхетча барамехь аьлла, йахьийтинера. Оццу хенахь тхан дан, Iаьрбийн элпаш а Iамийна, «общий» тетрадех жима блокнот а йина, шен куьйга, леррана хIор а элп дуьллуш, уьш деших-детих луьтташ санна, цхьаьнгара деънчу Къуръана тIера «Еса» цу тIе йаздеш вара. Воккхаверца дIагайтира ас цуьнга, цIа вогIуш, агIонаш луьстуш мосуьйттаза тIехь АллахI цIе йазйина гина, и ши киншка. Уьш кара а эцна, лоха гIанта тIе охьалахвелла, йукъ-йукъара йеша хIоьттира иза. Йеша мел йоьшу йуьхьа тIехь хийцалуш гуш вара… (Амма иза кхин истори йу, йухахула йуьйцур ас и)
 – Йеша хIума йац бохург хIун ду, хIахI, Пушкин вешахь, – аьлла Пушкинан «Кавказски пленник» схьакховдийра библиотекин белхахочо.
 – Схьалохьа, тIаккха.
Ала лаьа, цу хенахь, йа хIинца со стихаш, леха а лоьхуш, йеза а йезаш хилла вац, цхьа берийн стихаш йоцурш. ХIунда аьлча ас гуттар йоза дагахь доьшу, ткъа стихаш дагахь йешча, кхета ца кхета, ткъа барта йешча, сихха кIадло.
Йеша дог ца догIуш буьйсане дIатиттира ас и Пушкин, кхано, буса наб ца кхетча, йеша вуьйлира со:
«ЧЕРКЕСЫ ПРАЗДНЫЕ СИДЯТ.
СЫНЫ КАВКАЗА ГОВОРЯТ
О БРАННЫХ, ГИБЕЛЬНЫХ ТРЕВОГАХ,
О КРАСОТЕ СВОИХ КОНЕЙ,
О НАСЛАЖДЕНЬЯХ ДИКОЙ НЕГИ;
ВОСПОМИНАЮТ ПРЕЖНИХ ДНЕЙ
НЕОТРАЗИМЫЕ НАБЕГИ…»
БАРТА ЙЕША СИХХА КIАДВЕЛЛА, ДАГАХЬ ЙЕША ХIОЬТТИРА:
…ОНИ БЕЗМОЛВНО ЮНЫХ ДЕВ
ЗНАКОМЫЙ СЛУШАЮТ ПРИПЕВ,
И СТАРЦЕВ СЕРДЦЕ МОЛОДЕЕТ.

ЧЕРКЕССКАЯ ПЕСНЯ
I
В РЕКЕ БЕЖИТ ГРЕМУЧИЙ ВАЛ;
В ГОРАХ БЕЗМОЛВИЕ НОЧНОЕ;
КАЗАК УСТАЛЫЙ ЗАДРЕМАЛ,
СКЛОНЯСЬ НА КОПИЕ СТАЛЬНОЕ.
НЕ СПИ, КАЗАК: ВО ТЬМЕ НОЧНОЙ
ЧЕЧЕНЕЦ ХОДИТ ЗА РЕКОЙ.
2
КАЗАК ПЛЫВЕТ НА ЧЕЛНОКЕ...»
Наб кхеташ воллу со, цIаьххьана денвелира: «…Не спи, казак: во тьме ночной, Чеченец ходит за рекой» …ЧЕЧЕНЕЦ, тов!..
Кхул хьалха оьрсийн авторша йа берийн, йа берийн йоцу а киншкаш тIехь суна «Чеченец» аьлла йаздина гина дацара.
Ведда вахана, жима кружка хи а мелла, легаш а тIундина, «Кавказский пленник» йукъара «Черкесская песня» йухайийшира ас, барта а йоьшуш, интонаци а йалош…КхозлагIа а йийшира, йоьазза…ворхIазза…иттазза, чиркх дIа а байъина, бIаьргаш дIа а къевлина, дагахь йийшира, набаран йийсаре а воьдуш.
Iуьйрре хьала а иккхина, сайл ши шо жима волу ваша меттахваьккхина: «Ас цхьа инзаре стихотворени йеший хьуна?...»  –  кхайкхира. «Йешахь», – аьлла вукху агIор дIакерчира иза. Цунна йешначул тIаьхьа, вахна бедана чу а иккхина, бежанаш узуш йолчу тхан нене кхаъ баьккхира ас: «Мама, цхьа хаза стихотворени ма хаьа суна, йеший ас?!».
 – Дера йеший, кхо  ара а тосуш,  йешахь, баккъал хаза гIуллакх хир дара цунах!
Ишколехь Бекхан йуьстаха а ваьккхина, сайна гучуйаьлла йоккха къайле дIайовзийтира ас: «Йеший ас?!»
 – Йешахь.
«…В РЕКЕ БЕЖИТ ГРЕМУЧИЙ ВАЛ;
В ГОРАХ БЕЗМОЛВИЕ НОЧНОЕ;
КАЗАК УСТАЛЫЙ ЗАДРЕМАЛ,
СКЛОНЯСЬ НА КОПИЕ СТАЛЬНОЕ.
НЕ СПИ, КАЗАК: ВО ТЬМЕ НОЧНОЙ
ЧЕЧЕНЕЦ ХОДИТ ЗА РЕКОЙ...
Бекхана кисанара йаьккхина «Кис – кис» ириска кховдийра: «Йешна ваьлча, йуур йу ахь, йукъара ма валахь!..»
… КАЗАК ПЛЫВЕТ НА ЧЕЛНОКЕ,
ВЛАЧА ПО ДНУ РЕЧНОМУ СЕТИ.
КАЗАК, УТОНЕШЬ ТЫ В РЕКЕ,
КАК ТОНУТ МАЛЕНЬКИЕ ДЕТИ,
КУПАЯСЬ ЖАРКОЮ ПОРОЙ:
ЧЕЧЕНЕЦ ХОДИТ ЗА РЕКОЙ…
Кхечара стихаш йоьшуш, хилла долу шабар – шибар класса чуьра дайнера тоххара. Стих йийца волалуш дегош хилла долу сан аз хIинца болата хилла зевне декара…
…НА БЕРЕГУ ЗАВЕТНЫХ ВОД
ЦВЕТУТ БОГАТЫЕ СТАНИЦЫ;
ВЕСЕЛЫЙ ПЛЯШЕТ ХОРОВОД.
Со ишколе йеъначу комиссига дIахьаьжира:
БЕГИТЕ, РУССКИЕ ПЕВИЦЫ,
СПЕШИТЕ, КРАСНЫЕ, ДОМОЙ…
Меташкана улло хиъна Iа тхан завуч хьалаиккхира…со цуьнга дIахьаьжира…цуьнан дIахIоттар оьгIазваханчун кепехь дара…амма бIаьргаш чохь…воккхавер хеталора...
…ЧЕЧЕНЕЦ ХОДИТ ЗА РЕКОЙ…»


Рецензии