Ма сиха д1айоьду зама

Кхи цхьа шо д1а дели, мохь тоьхха 1адика  цайеш
Сан корта къажбели, сан ойлан терго а цайеш
 Маржа йа1-кх  жималла, ма  атта кхоьссина вити ахь
Раг1 а ца кхочуьйтуш,  д1асдекъа сайн т1иера  мелан-сахь
 
Т1идеъа керла шо, майралийц сан кор а детташ
Къанналийн кхаъанца     жоьпаллие сан наь1 а йетташ
Ойланаш, къизалца  сан къежбел корта а оху
Эг1артан новкъа, сихонца кийча   хил  ма   боху

Ма сиха йоьду хьо х1ай дуьнен  сел хаза зама
Цавуьтуш дуьнент1аьхь  ирсанца вакхие веш ваха
Хаьттина х1ум доцуш сан шераш д1аийци маса
Цакхиъвеш сайн  ши куьг  дезачу до1ание  лаца


Рецензии