Паччахь

Цхьана пайхамаран заманахь, цамгаро лаьцна, Iожаллина герга вахана, цхьа сийлахь паччахь хилла меттахь Iуьллуш. Iуьллура, шен дIаихна аьрха шераш дагаэхаро ойланашка а ваьккхина. ЙухаметтахIиттадора ша толамаш баьхна  къиза тIемаш. Дагаоьхура  даьржина, вовшашна чIираш йоькхуш, даима леташ хин долу шен махкара тайпанаш цхьаьнатухуш, гIиллакхех, доьналлех дуьзна, царах цхьа  барт болуш къам дан лууш, цаьрца латтина луьра къийсам а. Воккхавера эгIаза паччахь ша йехкинчу йартех, хIиттийнчу тIулгийн гIопех, цигахь деббачу адамех а. Амма къаналлин бухавахна, цамгаро хIара лаьцна кху масийтта шарахь, хIокхуьнан халкъ, кхуьнан Iуьналла мелла лахдаларна, хьалхалерчу джехIилан амална гергадахнера. Адамаша йуха а карладаха долийра хьалхалера вовшашна йукъахь хилла а, тайпанашна йукъахь лаьттина а дегабаамаш, девнаш а, чIираш а. Iесаллин руьйтанехь лахйора адамо шайн къизачу дахаран кIоршаме хьогалла. Баккхийчаьрга болу лерам кегийрхошкара лагIбеллера, цаьрца гIиллакх лелочара куьцана бен ца леладора. Ткъа кегийрхойх къахеташ йа баккхий нах а бацара, даим уьш йемал беш, цара лелочух ца бешаш, гуттара шайн цергахь хилла нах, церан хьуьнарш хестош, уьш тIекхуьучу чкъуорана тIехбетташ хуьлура. Нахана йукъахь баьржинера йолахой: деших деши оьцуш, и деши деших духкуш берш а, мискачу нахе цхьацца хаза масалш а далош, уьш лебой, цаьргара цхьацца бахьанца мехала йолу хIуманаш йохий йа цаьрга йухалург деши йа ахча а лой, уьш шайна декхарийла бохуьйтуш, уьш дакъаза бохуш болу нах. Даьржинера нахана йукъахь хIума йукъанайуьллуш долу ловзарш. Цара дукха хьолахой къен бинера, къечарех –лай. Жимма шен де долчо бертаза зударий идош а, зудаберех куьйгаш детташ, меттигаш нислора. Иза-м, хьовха, зудабераша мехах шен догIмаш духкуш меттигаш а хуьлура, цхьаболчара-м мах а ца боккхура. Йаьржинера цхьана а гIуллакхехь а боцуш, герзаш лелош болчу божарийн гIеранаш, цара талорш деш миска йа таро йолу стаг  а ца вуьтура.
Шен мохк хIаллакьхила а, шен къам дуьне мел ду даржа а  герга дуй хуучу паччахьана, халкъ иймане дало хан шена Iожалло йуьтур йоцийла хууш, шел тIаьхьа, шен паччахьаллин архаш лело, хьакъ волу баьчча вита лаьара.
Кхуьнан  кхо кIант вара. Уьш хIор а дегIаца а, хьекъалца а товш, паччахьан куьцехь амал а йолуш кхиънера. Церан хIораннан шен кепара хьежар дара цу хенарчу дуьненахь хуьлучун. Паччахьан атта дацара царах шен меттан цхьаъ харжа. Цунна уьш кхуьй а цхьатерра дукхавезара. Амма, ша дIаваьлча, царна йукъахь питIана цахилийтархьама, царах цхьаьнгахь паччахьан таж ца дитича ца долура, вукху шинга цунна тешаме хиларна чIагIо а йойтуш,
Уьш, цхьацца кхойкхуш, тIе а кхайкхина, шен кIентий зен хIоьттира  сийлахь паччахь.
Хьалха дуьххьарлера кIант тIекхайкхира цо. Чувеъначу кIанта:
– Де дика дойла хьан, сийлахь паччахь! Дада, хьал-де муха ду хьан, дегIан могашалла гIолехь хетий хьуна? – хаьттира кIанта, шен дега болчу сий-ларамна меттахъхьан а ца хIуттуш.
Паччахьа куьйгаца ишар йира кIанте,  шен улло кхойкхуш:
– Дукха лен гIора дац соьгахь, ас хьайга деллачу хаттарна, сихха кхетош жоп ло суна. ХIара паччхьалкх хьайга дIайелча, хIун дийр дара ахь, кIант?.
Воккхахволчу кIентан бIаьргаш чохь цхьана мIаргонна аьрха цIе летира, тIаккха мадаре велавелла:
–– Ас, лулара, хьол тIаьхьа дисна долу латтанаш дIалаьцна, вайн мохк шорбийр бара, цул тIаьхьа ломал дехьара дист-доцу аренгара элашна тIе йасакх йожош, вайн дайн цIерш, вайн цIийнан сий-нуьцкъалла алсамдоккхур дара.
Дика кхетара паччахь воккхахволчу кIентан лаамех, ша а хиллера хIара иштта мацах цкъа.
ШолгIа кIант чукхайкхира дас, цуьнга хаьттира изза.
ШолгIачу кIанта иштта жоп делира:
– Сийлахь паччахь, ас вайн махкахь мел волчунна йоза Iамор дара, кхечу мехкашка, цхьа инзаре йуьйцу пачхьалкхашка кегий нах хьовсора бара –  цигара Iилма Iамадайта, тIаккха и Iилман тIехь вайн пачхьалкхан кхетам айъан а, цунах пайдаоьцуш вайн мехкан дахар хаздан а, цуьнца цхьаьна  вайн дахар атта дан а хьожур вара.
Дукха Iийра паччахь шолгIачу кIанта диначу дехачу къамело ойланашка а ваьккхина. Къена паччахь ша а вацара Iилма-йозанна  хийра. Кхо ша а, цхьалха висча, цкъаццIа  шен ойланаш йозане йоьхкура, могIанийн чаккхенаш цхьанаэшаре а нисйеш.
КхоалгIа кIант тIекхайкхира дас. Шатайпа вара кхуьнан кхоалгIа кIант: даима ойланашкахь, цкъа дIахьаьжча, дешан говзанчашца хуьлура иза, жимма хан йаьлча, уггаре каде тIемалошца хьуьнарш къуьйсуш каравора, каравора кхийрапхьераца поппар керчош, амма дукхахйолу хан цо Iеламнахана йукъахь йоккхура.
Цуьнга а хаьттира паччахьо вукху шинга хаьттинарг:
– КIант, хIара пачхьалкх ас хьайга дIайелча, ахь сол тIаьхьа кху махкахь дийр долчунна сурт хотто лаьара суна.
– Дада, хьан дахар дахдойла  Везачу Дала, товша ца хета суна хьоьга, хьан бIаьргаш чохь догуш хьекхале нур гуш, со пачхьалкхан да волуш санна сурт хьалхахIитто, цул сов, воккхах шина вешина тIехула а иккхина пачхьалла дича, ас-айса сой лорур а вацара, наха муххале а.
–Ахь дуьйцу и нур Iожалло дIадайъале воллу со, сайл тIаьхьа хьакъ волу паччахь вита, ас дукха къахьегна вайн мехкан дIасадаьржина тайпанаш вовшахдетташ, цунах ша-тайпа къам хуьлийла дог дохуш.
Со де-дийне мел волу гIеллуш лаьтта, сан дегIан ницкъ дIабаьлла, Дала ша суна йеллачу дахаран оьмаран кийсакана кестта хIуттур йолчу заманчохь зайл тухур бу, ас са халадоьIу, соьга дукха а ца бохуьйтуш схьаала, хIун дийр дара ахь, хьой паччахь хаьржича, вайн мехкан дуьхьа.
– Къизалла хIоттор йара, – доцца жоп делира кхоалгIачу кIанта.
Ца кхийтира паччахь
 –ТIера дIа ца йоккхуш къизалла латтора йара ас, сийлахь паччахь , вайн къоман  тIехь.
Кеста бакъдуьнен чу дIавахара сийлахь паччахь. Цуьнан весетаца массара дуй биира  тешаме хила керлачу паччахьна – кхоалгIачу кIантана.
Къена паччахь дIакхелхина тезет дIа а дерзале, керла хIоьттинчу паччахьо гуттар шен дагахь хилла лаамаш кхочуш беш,  инзаре  хийцамаш болийра. Уггар хьалха рибаъхой махках бехира, цара нах дакъазбохуш, гулбина харц-бахам цаьргара дIа а боккхуш. Цу кеппара дихкира кхидолу а сихха бахам гулбо а, йа хьал-дахар дакъаздоккху  гIуллакхаш а, белхаш а.
Цул тIаьхьа ханна кхиъна волчу кIанте, цхьана муьрана шен эскарехь гIуллакх дойтура,  мискачу нехан йа хьалдолчеран варий ца къестош, цхьана могIарехь. РогIера омра дара – пачхьалкхан доза дехкар, цхьа а стаг махка а ца вуьтуш, йа чуьра ара а ца волуьйтуш. Цига дIахьажийнера, кIезиг йолчу заманчохь алсамдаьллачу эскарийн цхьа дакъа. Шен эскарийн кхин цхьа дакъа махкахь баьржинчу зуламхойн  дебба гIеранаш хIаллакйан хьажийра. Махкара массо а стаг а, зуда а, жима-воккха а, миска-хьолада а – пачхьалкхан белхашка араваьккхира . Бакъду, мах охьабиллича, мискачу нахаца цхьаьна дIа а хIоьттина болх бан жерга хета хьолахой цхьана муьрана балхех хьалхаволуьйтура. Делахь а церан бахам, къаьсттина сонта кура волчун, сихха кхачабелира.
Цхьа а ца вуьтура мукъа. Берашна а карадора дан гIуллакх, эскаре ваха хан тIекхаччалц, цхьацца говзанчин корматалла караерзо йезара цара – лаахь а, ца лаахь а.
ЧIапломаца, уггар тIулг асламболчохь шерачу аренгара Iаьржа латта кхоьхьуьйтуш бошмаш йоьхкуьйтура,. Ткъа шерачу аренашца, къаьсттина дозанашца, лекха а, нуьцкъала а гIепаш йохкуьйтура. Йуькъа хьаннаш хьоькхуьйтуш, керла некъаш дохкуьйтура, даккхий хин татолаш дохуьйтура, йаккхий уьшалш йакъа а йой, цигахь а бошмаш кхиайора. Массо болх а, гIуллакх а чекхдаьлла а хетачу хенахь цхьана а къепехь доцуш, керла инзаре хIума дагадогIура паччахьна – кхин шен махкахошка дайта гIуллакх ца дисича, охьадоьду хи хьаладаладе олий омра дора.
Нах мозий сана лера, цу ницкъ ца кхочучу инзаре белхашкахь. Хьалдолу нах цу махкахь бисна а бацара, хIунда аьлча цара болх ца бан паччахьан хазни чу йасакх лора, ткъа  болх барна луш са  йацара. Луш дерг ца валлал даа рицкъ а бен дацара. Шен гIуллакх дан луш дерг баттахь цхьаъ йа ши де бен дацара. Цу мукъа деношкахь цхьана а кепара шен гIуллакх дан ца ларавора. Цундела наха цхьа барт а бой, вовшийн белхех эха болабелира. Баккхийчу наха лучу мах боцучу хьекъална , уьш дуьненан механ лорура. Божарийн даима пачхьалкхан белхаш беш хиларана, ша долу цIеран гIуллакх зударша дIакхоьхьура: беже а, же а уьш гIора, дечиг лахьо а, даккха хьуьнах уьш гIора, шаьш гулйина кIалд йа даьтта, йа йина а, тегна а хIума йохка йа хийца кхечу шахьаре уьш боьлхура. Цундела церан сийнна тIекхевдинарг вен кхачийнера наха. Цу мехкан нахана йукъахь эхь, бехк, йахь, ларам кхиа болабелира. Амма адам гIелделла лаьттара, даима ладуьйгIура цара, хIинца хIун дагадеана-теша вайн къизачу паччахьна бохуш.
Кхин-м дан дисина хIумма а дац аьлла, хетачу хенахь паччахьан керла омра кхечира. Цу мехкан адам гуллучу майдана йуххьехь, цхьана нуьцкъалчу куьйго стиглара ластийна охьакхоьссина санна йолчу, махо бIеннаш шерашкахь шарйинчу тархана  хьалакхаччалц терхеш йен аьлла.
– Тархана хьалакхаччалц терхеш йаьхна, сийлахь паччахь, – аьлла, хаам бира паччахьан хьадалчаша.
– ХIинца цу тархана тIехь боккхачу Iомана кIаг баккха, –  аьлла, керла омра дира къизачу паччахьо.
Цхьа хан-зама йаьлча, хьадалчаша хаам бира:
– Iомана кIаг баьккхина а баьлла, – аьлла.
– И кIаг шуьрех буза, – аьлла, йуха а кIоршаме омра дира паччахьо, иштта хала доллучу шен къомана йасакх тIе а йожош.
 – Iам шуьрех буьзна а баьлла-кх, сийлахь паччахь, – аьлла, кхаъ баьккхира йуха хьадалчаша.
– ДIакхайкхаде нахе сан керла омра, цу майдане массаьрга дIагулло ала.
Шен халкъ дерриге тарх тIехь лаьттачу майдане дIагулделча, паччахь лекхачу тарха тIе велира, йагар а ца йаллал дукха йолчу терхаш тIе байн ког боккхуш. Тарха тIехь баьккхинчу шуьрех буьзначу боккхачу Iомана йуххехула а ваьлла тархана йисте дIа а хIоьттина, майдане гулделла шен халкъ гича, паччахь вайн велакъежира, бIаьргех хин тIадамаш Iийдалуш.
Массо а стаг, гола а вахана, стигала  куьйгаш а кховдийна Iара, Деле доьхуш. Доьхург массара цхьаъ дара: «Йа Везан Дела, бехьа тхох къинхетам, гечдехьа тхан къиношна, тхо дохкодевлла-кх оха мел  лелийнчу харцошна, тхо къера ду-кх тхайн Iесаллина а, дIаайъахьа тхуна тIера хIара бала, кIадйехьа тхан паччахьан амал!»
Къиза паччахь кхийтира шен къам цхьаъ хилла дIахIоьттиний, иза иймане а деъна хиларх а, Далла муьтIахь хиларх а. Шен ден лаам кхочушхиллий гуш вара иза – шен къомо шатайпана амал схьа а эцна, цхьаъ хилла дIахIоттар. Цо ша а дукха сатийсина де а дара хIара. Цунна шена а ша Iуьналла до къам шен сил дукхадезара, амма ша паччахь хIоттале хьалха кхеттера иза, шен халкъ ийман а долуш, цхьа барт а болуш оьздачу гIиллакхехь къам хилла дIахIуттур доцийла, цкъа хьалха хало ца Iоьвшича.
2007


Рецензии