Динн а, 1илма а деган ши кийсак йу

Вайн берашка а, берийн берашка а, и шта цера т1аьхьиене а вай 1илма ца 1амадайтахь, Нохчийн къоманна  кхание хира йац.
Гай-т1инг-м хьайбано а дуза до, амма и хьайба гондхьачара шайна ма лиъаниехь ахчанах дохка а духка, йа хаспа а до.
Адамийн мотт-м къиго а, попугайо а  буьйцу, ам цу къийган а, цу попугай-н а  шай тобанаш  йу-кх, кхи д1а йолу къийгаш а, попугайш а.
Тхан даса даимман ча1деш олура тхоьга: «Дешийша. Дела а доьхьа дешийша. Асса мел дешначу къор1ана, нохчий 1илман т1и цаг1ертаро дукха зулам ма дина вайн къоман. Дешийша».  Изза къамел цо х1ора а дийнахь дора тхоьга.
Ма дарра дийцича,  сан вежарий а, йижарий а, ишта со а диешаран т1иера а дера дара, амма тхан Даса  х1ора дийнахь тхуна керла-м докхура  къомехь 1илма  хила  иэшар.


Рецензии