ВАЙ ДЕХА
Дуьнено ле ца во,
Iехаво…
ОьгIазе цунна ма хила,
Хиллачун къера а хила…
Кхоьллинчо, терзанца
Дустуш,
Кхоьллина, дерриге а,
Куц луш…
Хиндолчун сайтуьйсуш
Веха…
Тоьуьшшехь
Цуьнан эханан эхе…
Сатийсамца
Са а ма деха,
Ма вайта
Хьуо дуьнене Iеха.
ХIара зама,
ХIара чехка зама –
Тоьшалла,
Луучун Iама…
Тахана дерг
Хир дац-кха кхана,
КхидIа дерг –
Хууш дац цхьанна…
ТIкъа тахана-м
Вай мухха а деха,
И зама а
Вайца цхьаьна йеха…
Вай деха
Дикане дог дОхуш,
ДIадахнарг –
«Ма хаза дара», бохуш…
Вай деха
Цкъа хилларш дуьйцуш,
Кхолламан
Хьелаша тусуш...,
Де-буьйсе
РогIанца луьстуш,
Iалашо
Ойланех йуцуш...
Свидетельство о публикации №225122301598