Гергалло - синтеман ч1аг1уо

Ма хиллахь нахаца хьо  къиза-къаьхьа
Гергалло  даггара леладе царца
Цкъа мацца а схьакардо царгара саха
Нагахь-санн хьо царца цахилахь харца

Йахначу заманаш вайна схьагойту
Т1емаша човхийна, вай нохчий  къам
Дукхачу къаьмнаша шайн дикал гейти
Сихонца кховдабеш машаран т1ам

Ма хиллахь нахаца хьо  къиза-къаьхьа
Кхоьссина ма дита гергалло  ахь
 Шие хеннахь ца динарг, хуьл хьуна т1аьхьа
Даггара доцурга хуьлу  сов  къаьхь


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →