Хьа боху, Дурда ледар сварщик ву?

ХЬА БОХУ, "ДУРДА ЛЕДАР СВАРЩИК ВУ"?

Дурдас дуьйцура:

– Цкъа мацах хьенех веънера со волчу, шен машенна соьга кIеззиг сварка Iоттийта.

Салам, могуш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, цуо боху:
– Кхуьнан оцу глушиталах* Iуьрг а даьлла, цуо чIогIа гIовгIа йо-кха... И гIовгIа дIайаккхалур йацара хьоьга?

Ас цуьнан хаттарна дуьхьала:
– Хьажахь... Оцу хьалларчу зингато нох доккхуш хезий хьуна?

Хьенехо:
– Вай!, суна мичара хезар ду цуо нох доккхуш?

Ас кхидIа, цуьнга:
– Со и "сварка Iоьттина" ваьлча хьожур-кха хьо, ас цуьнан и гIовгIа дIа муха йуькъина! Цкъа со тIеверзийтахь цунна!
________________   

* Глушитал/глушитель – машенна чухула кIур дIабоьду биргIа.


Рецензии