БиргIан хIоз

     БИРГIАН ХIОЗ

     Эвларчу нахана дика вевзаш вара Дурда. Ша иза тIах аьлла а, куьйган тайп-тайпана говзалш йолуш стаг вуйла а, ала доггIучахь, кIуо-муьста – цакъестош, ма-дарра дерг эра а долуш, харц-бакъ цхьа киртиг тIехIоьттича – вухур а воцуш стаг вуйла а хууш. Доцца аьлча, Дурда, хила ма-йеззара, мокхазан тIулгах йаьккхина цхьа гIайракх хилла-кх – вуьззина Мартанхо, эвлана лакхахьарчу агIор, татолах дехьа-сехьа кхо некъ къаьсттичахь Iаш-вехаш а волуш.
 
     Дурдин куьйга говзаллаш дукха йара. Иза дика дечиган пхьар а, говра-вордан гIирс бан а, тобан а хууш, кхин масане дара уьш… Схьахетарехь, цуьнга а кхочуш мангалхо а хир вацара хIокху лахенца Iохкучу йарташкахь. Иштта, сварщикан говзалла а йара цуьнгахь.

     Оцу хьокъехь, цкъа мацаха хилларг дуьйцур вай.

     Арахь – рагIун кIелахь – хIоттийна лаьттачу газ-пешана тIе газ йалайайта йезаш меттиг нисйелла хилла цхьана хьенехан, оццу эвлахь вехаш волчу.

     ХIинцалерачу наха санна, Дурдас а лелош хилла-кха телепон. Нахана цуьнан оцу телепонан лоьмар а йевзаш хилла дика. Мухха а, оцу хьенехан Дурдига телепон тоха дезна-кха, шен гIуллакх дийца.

     Шега телепонан хаам дIакхаьччи, Дурда дуьхьала вист хуьлу:
     – ЛадугIуш ву…

     – Ассаламу Iалайкум! Дурда, хьо вуй хIара?

     – ВаIалайкум Ассалам. Ву, дера-кха… Соьга йетташ вац хьо?

     – Кхийти. Ву, хьоьга йетташ ву. Могуш дуй шу?

     – Дика Iаш ду, Далла хастам беш ду. Дийцал, стенна йеттар ахь телепон?

     – Деллахь, Дурда, со волчу кертахь, тIехьарачу рагIун кIелахь лаьттачу газ-пешана тIе газ таса йезаш хьал дар-кха... Иза оцу хьайн сваркица дIатосур йарий ахь, хьайн мах а олуш?

     – Мехах дерг цигга – хьо волччахь, дуьйцур ду вай. Вуьшта, дан дезарг дийра дукха...

     – Дурда, кхузахь долчу хьолах дерг хаийта ас хьуна, доцца – ша аьллачун кхин а тIетухуш элира хьенехо.

     – Хьенех, газ тIе а йалийна, иза оцу шун пешах дIатесчахьани ца даьлла иза?

     – Дала-м, даьллера иза… ТIаккха а, ладогIахь…

     – Дийцахь тIаккха.

     – Цунна и газ тIейалош, аьчкан биргIа, гуола тухуьйтуш, шозза-кхуза, саттош йахийта-м йезар йу цигахь.

     ТIаккха Дурдас хIара жоп ло-кха хьенехан:
     – Хьенех, ахь иштта са хIунда гаттадо цунна?! Цкъа со цига дIакхачийтахь(!)… Ас пуржен йийра йу-кха оцу биргIанах!


Рецензии