Дурдас хьеше баийтина кхача

     ДУРДАС ХЬЕШЕ БАИЙТИНА КХАЧА

     Цкъа мацаха, цхьаьна генарчу Оьрсийчоьнан провинцера вахархо веана хилла нохчий болчу хьошалгIа. Иза хиллера некъахо*, Нохчийчоь йовза а, нохчийн къоман Iер-дахар ган а, Iадаташ довза а лерина хилла волу. Мухха а, ломан лахенехь Iуьллуча Март-эвлара, Дурдин доьзал болчу хIусаме кхаьчна хилла иза, хьошаллица. Зударша шайн хьешана кхача а кечбина, пхьорна иза ховшкана тIе хIотто буьйлабелча, «некъахочо» нохчийн ламастан кхачане шен болу лаам гайтина хилла. ТIаккха цунна хьалха, кхечу даарца цхьаьна, хIоттийна хилла морз-бераммий, сискаллий.

     Кхузахь мехала ду йешархочунна билгалдаккхар, дуьххьара оцу даарх (морз-берам, сискал) кхеташ верг, гIехьчулла, цецваккха тарлуш хилар цуьнан дуьра-мустачу чомо а, цхьана-шина дене йаьллачу хьаьжкин ахьарх йеттинчу сискалан чагIалло а. Хьешо, шен бага оцу морз-бераман дуралло Iовжинехь а, гIиллакхна сатухуш, Дурдига доьхнарг хIумма а цаэлира, и кхача хастор бен.

     Цулла тIаьхьа, ша арабаьккхина некъ дIа а бирзина и некъахо ша вехачу Россин провинце цIа вирзина хилла. Дуккха а нах (гергарнаш, лулахой, и. дI. кх.) баьхкина хилла и волчу, цуо баьхьана хиллачу некъах дерг хетта лууш – цунна гинарг, цо йиънарг, цIа йеанарг, и.дI.кх.а.

     «Некъахочо» ша хьошаллица Нохчийчохь вехаш хиллачу Дурдин доьзале кхачар а дийцира кхин долчу дийцаршца цхьаьна. Иштта цуо дийцира ша хьошалгIахь волуш морз-берам а, сискал а йаарх лаьцна а.

     ЛадогIа баьхкинчара хоьттура: «Дийцахь, тIаккха… Муха бара и кхача, муха чам болуш бара иза?» «Некъахочо» иштта жоп делла хиллера: «Мочило-то ещё – ничего… А вот точило… Ух!» (Морз-берам-ма лалур болуш бара, амма сикаллий (хьешана сискалах экъан гIайрах тарйелла хиллачух тера ду) – ма-йийцалаш!)», олуш.

_________________
*Кхузахь «некъахо» – оьрс. маттахь «путешественник» бохучу маьIнехь.


Рецензии