Нохчий къоман буьрса герза

Цхьан хена чохь дукха  берийн-кегирхойна кхиетош-кхиоран а, 1илман а проекташ  лелайора асс Т1иехьа-Март ( Ачхой-Мартан) к1оштан ишкола диешархошна йукъехь.
Ишта "Нохчийн зудчан де" ( День чеченской женщины) аьлла, лаьр йолчу проектехь, хатар кхолдели сан берашка: "Алийша бераш, нохчийн къоман йуккъехь массо а заманашкахь  леллачараг1а уггарелла ч1ог1а герза муьлха ду". 
Берийн жоьпаш  хаийтара, церан, герзах лаьцца болу кхиетам к1оргера хилар. Дукха ширчу хенара, керла заманчу кхаччалца хилла герзан ц1ерш йехийра бераш.
Шаьша деллачу жоьпашна,  со реза ца хилар тидаме лаьцна 1аш волчу жимчу  сага хаьттийра соьга: "Схьагарехь оха кхачам болуш жоп ца деллачух тера хиета сауна. Ваша ахь йакхахь  нохчийн къам йуккъехь уггарел ницкъ болчу герзан ц1е".
Сайн жоьпа кхиетам т1аьхь бийра болуш, асса доцца жоп дели цу жимчу саган: " и герза Дера ду, Нохчийн йоь1а коьртара йовлакх".
Зал чухалла шие тайпана берийн кулл йола йелира: "Йовлакх. Йовлакх. Йовлакх".
Жимма хан а йоьлийти кегирхойша, цхьание схьала а г1овтий,  цхьантерра т1араш детта доладийра. Массо к1ентий б1аьргаш деладелла дара, ткъа маьхкарийн б1аьргаш йаьхьан,  хих дуьззина дара.


Рецензии