Сатийсам
Бохамаш, эрчонаш,
Къизаллаш, халонаш…
Йамартхойн хIилланаш,
СабIаьрза хиламаш…
Къаьхьа къурд,
ХIиллан сурт,
РогIаллехь хийцалуш,
Замано йорт йетта,
Дика вуонца кегалуш,
Уьш иэсехь диц а луш…
Масане боларца
Уьдучу шерашкахь
Дикане, хаддаза,
Сатуьйсу вай…
Аганахь вай техкош,
Иштта сатийсина,
Эхарте бирзина
Вайн Наной, Дай…
Свидетельство о публикации №226010200698