Хьаша вогIу
Беркат долуш хIусам хилар
Доьзна лаьрра даиман –
Хьанал вахар, гIиллакх хилар,
Бертахь йаьккхар – йоккху хан.
Делан совгIат лоруш хилла
Хьаша воссар хIусаме,
Хьан кхерчане марзо йилла,
Герго чIагIъян хIусаман деца.
Маршаллица иза вогIу,
Маршаллица воьду и,
Иман-Беркат цIен тIе догIу,
Вайн гIиллакхан айдеш сий.
* * *
КIеззигчу дахаран муьран
Вай дерриш ду дуьненан хьеший,
КIелсовца мостагIчуьн туьран –
Кхоьллина дац, стогалла иэшийна.
Свидетельство о публикации №226010301145