Ма вуьсийла

МА ВУЬСИЙЛА

Кхерч бохийна хьуо висича,
ЦIе йайина хьуо висича,
Дог ма дилла, хьуо дийна хилча,
Хьан лазам гуш Дела хилча.

ТIеман куьрлахь Ваша воьжчи,
Цуьнца цхьаьна ДоттагI воьжчи,
Воьхна-бIаьрза хьо ма хьовза,
Ондда собар хьуна довза…

Ма вуьсийла къомах хаьдда,
Нохчийн маттаца уьйра хаьдда,
Ма вуьсийла иэсах ваьлла,
Харцон кIелахь, къурт а аьлла.


Рецензии