Орам
"Ахь вуон болх ца бина аьлча, теша тхо, амма дика болх ца бина бохучух кхетац," - аьлла хилла цуьнга цхьаммо.
"Цхьана а стагана дика болх ца бина ас, цхьана а стагана вуон болх ца бина ас, айса бина болу дика болх а, вуон болх а сайна бина ас," - къамел дерзош, аьлла оцу дикачу стага.
"Дешна стаг волчохь, вистхила ца веза, бага хи эцча санна, 1ан веза" - аьлла доллушехь, Iеламстаг волчохь и дийцар довзийтира ас, IадIан а ца хиъна.
"Сийлахьчу Къуръана чохь билгалдина, дика а, вуон а стага шен дегIана деш хилар," - аларца, оцу дерригенан орам бовзийтира Iеламстага.
Свидетельство о публикации №226010300588