И ца дийца йиш яц
Х1окху вайн чолхечу заманах лаьцна дукха яздина. Т1амах а, цо дечу зу-ламах лаьцна а яздина. Цхьаццаболчара олу х1инца мукъне а тоьар дацар-те вочу х1умнех лаьцна яздан. Дог ойбуш долчу, хазчу х1умнех лаьцна х1унда ца яздо? Дера мегар дара. Ткъа тахна бакъдолчух муха дуьйцур дац? И бакъдерг инзаре ирча хилча муххале а. Т1амах лаьцна вайна дийца а кордийна хилча, цу т1еман к1уьрлара бовлазчара х1ун дан деза? Дахарехь кест-кеста юхаметтах1отторан цхьацца билгалонаш гучуйийлахь а, тахна а цхьана а кепара тешам а, синтем а болуш дац хьал.
Дукка хан-зама ца яьлла Ригхой-юьртахь пхиъ беррий, церан наний, кемано бомбанаш а тоьхна, байина. Иштта ирча бохам хилла х1окху деношкахь Сиржа-эвлахь а.
Дуьххьара (1994-г1а шарахь) т1ом баьлча ламанца 1уьллучу оцу юьртахь дагоза дисна ткъех ц1а бен дацара. Хала а, атта а х1ораммо шайн-шайн хусам шайн тароне хьаьжжина, тойина, баха хевшира сиржа-эвлахой. Амма шолг1а беанчу 1амо шайн долчух бехира юьртахой. Маь1-маь1ехь шайна х1усмаш а лехна, хене бовлуш 1аш бара и нах.
Иштта оцу бахьнина кхечира Мутусхановг1еран ц1ийнах болу Кагерманов Лоьмин доьзал (и ша а, цуьнан х1усамнана Рашан а, ши йо1 - Джамиля а, Хеда а) Назране.
Деа шарахь сов Галг1айчохь, Назранехь, бехира уьш. Цигара ишкол кху деношкахь кхиамца чекхъяьккхира шина йишас. Девашас Лечас (ша воккхахверг хиларе терра) дош деллера шина йо1ана, институте деша йохуьйтур ю аьлла.
Аьхка, йовха йоллушехь, чохь 1ан меттиг кечйир ю аьлла, ц1а баьхкина хилла Лемаг1ар. Цул сов. Г1алг1айн махкахь кхин д1а 1ан тешаме ца хетарна, вешина Лечина а лаьара уьш ц1абахка.
Чтог1а хазхеташ, самукъадаьлла яра ши йиша ц1айог1уш. Кху юьртахь бина, кхиина, бераллехь доттаг1ашца кхузахь левзина, кхеран хьоме юрт яра Сиржа-Эвла. Х1инца дуьйна кхин кхузара цхьанхьа д1а ца баха, кхузахь бехаш 1ан ц1абеанера Лоьмин доьзал,
П1ераскан дийнахь, 25-чу июнехь 2004-чу шарахь, шайн керта схьа а кхаьчна, гергарнаш а баьхкина, луьйш-олуш, самукъне хан яьккхина церан доьзало. Лоьмин нанас Марема ша йолчохь д1адийша аьлча а, раг1у к1ел дабийшина х1орш. Де ч1ог1а довха хиларна, буьйса а хилла тов д1аялаза.
1уьйранна диъ сахьт долуш САУ олучу йоккхачу тоьпан ши х1оъ кхетта нийсса х1ара диъ адам дижина 1уьллучу метте...
Сапарг1ат шайн кертахь д1абийшина болу х1орш, мерзачу набарх кхин сама бовла яздина ца хилла...
Стенах дина хила деза адмийн дегнаш и санна йолу къизалла лан? Муха йиса еза нана кхетамчохь иштта вон шега деъча?
Я цхьаъ, я шиъ воцуш, дийнна цхьа доьзал - 4 адам беа барам т1ехь кертах даьккхина кешнашка д1ахьош - муха хьажа еза нана, йиша царна т1аьхьа?! Муха лан деза вашас уллера шен деган накъост хьоме ваша воцуш, ша байлахь висар? Мохь-орца мичара кхача деза?
Йиш яцара, боху нанас, адмаш дацахьара. Доккха г1о леци цара т1едеъна вон лан. Мехкан тезетахь санна, дукха гулделлачу адмаша хаийтира Кагер-мановг1еран доьзална хиллачунна шайна а доккха дакъа кхочуш дуйла, оцу йоккхачу тоьпан х1оьънийн даьндаргаш массеран дагах кхеттийла.
Т1аккха муха дуьйцур дац ишттачу бохамах лаьцна?
Вай довлий ца дийцича? Вайн массеран а лазам бац иза?
Дала гечдойла кхелхинчарна. Дала ийманца собар лойла и боккха бохам керта беанчарна а, халхетаран дакъа мел кхаьчначарна а.
Теша лаьа, хьокъалла йолчу 1едалан органаша оцу хиламан мах хадориг хиларх а, бехкениш жоьпе озориг хиларх а
Свидетельство о публикации №226010402035