ХЬО МИЛА ВУ

ХЬО МИЛА ВУ

Хьо мила ву, хьан бух – хIун бу,
Мичара ваьлла, мичара веъна,
Хьо хьанах ву, хьан Да мила ву…?
Иштта хаттарш хIуьттуш деъна…

Нохчи ву со, Делан лай ву,
Кавказ хилла нохчийн бух…
Иза, сеццина, долуш дерг ду,
Дай схьабевлла оьздачу хIух.

ХIу схьадаьлла Шеман арахь,
Некъ а бина къийсамехь,
Хууш – эгна, эшна, къарлахь –
Эшна хир ду дахарехь.

Даймохк безаш, гIарол латтош,
Йахь а кхиош амалехь,
БIо тIебеъча, орца гIаттош,
Баьхна нохчий къийсамехь.

Бакъо-нийсо цIийца йолуш
Хене бийлла оьзда дай...
Аьллачунна – жоп а долуш,
Йоьхь ларйина цара шайн.

Маршо йезаш, са а маьрша,
Хилла нохчий даиман…
Са-кIезганиг – дагчохь хьаьшна,
Лууш сий дерг – сийлахь дан.


Рецензии