Ткъа хIунда

ТКЪА ХIУНДА...

Йоьду зама дахар хуттуш,
Хилларг, хиндерг къестадеш…
Ла ца-моггу хьелаш хIуттуш,
Йукъара уьйраш хедайеш…

Чами буьззина хи дуттуш,
ЦIацкъа йоьду зама хьо,
ТIулгах ломахь бIаьвнаш йуттуш,
Бохош мостагIчуьнан бIо.

ЦIацкъа – мАса сихло дахар,
Доьрзу къурд бина валале,
Аьрна дуьсуш латта ахар,
Ойланан са малхе далале…

Ваха везнарг – ваьхна ваьлла,
Гуш нисделларг – гина даьлла,
Бакъо-харцо – къевсина йаьлла,
Некъ сецина, олург – аьлла?

Иштта хаттарш хIутту хьалха,
Дагчу гIайгIа йоссайеш…
Гуш а доцуш синан хьал а,
Ойлан серло чахчайеш…

Синан-Ойла, синан-ГIала,
Синан-Баьрче, синан-Лам…(!)
Цхьаннен бIаьсте, вукхунна – бала,
Даха гIерта нохчийн Къам…

Цу кеппара, виснарг а ваьхна,
Ваьхна а ваьлла, дикка хьалха…
ХIинца-м, тIаккха, стенна ду вахар,
ХIунда йу-ткъа ойла цхьалха?

Тешам берриг – воьжна-вирзина,
ДоттагI-накъост – кхелхина,
Деган пардо даьлла зирзина,
Йоьлху Нана – йелхийна…

Ткъа дан дезарг хIун ду-техьа,
Муха йаккха йисина хан…(?)
Зил а къаьстина дехьенна-сехьенна,
Дагчу доссош дIаьвше ан…

Делахь а, хIун дер (?). Собар, собар…
Делера собар доьху вай,
Дика ойла йу вай кхобар,
Дагалоьцуш сийлахьа дай…

Стенца йоьзна хила йеза
Йисина зама, дерзош вахар?
Къасто деза – къаьхьа-мерза,
Терзане дуьллуш дуьне-дахар!


Рецензии