Дурдас дов къастор

     ДУРДАС ДОВ КЪАСТОР

     Махкахбаьханчара нохчий цIабирзинчу хенахь Мартанхошна шайн эвлахь дика бевзаш болуш, молуш болчахь – мера а долуш, дов долчахь – йуьстаха а Iийра боцуш, олуш долу дош ира а, Iоттаме а, забаре а долуш масийтта стаг вара, шайца Дурда а цхьаьна. Наха церан цIераш ма-йарра а ца йоккхура, Штабс-капитан, Махьовза, Жора, Iадмад, Угрюмый, ишт. дI. кх. а, олуш бен.  Царах, кад баьккхина волчу хенахь, уггаре девне а, хала амал йолуш вара Штабс-капитан а, Жора а. Амма царалла тIаьхьа вусуш-ма Угрюмый а вацара.

     ХIинца уьш массо а боцуш бу, Дала царна геч дойла! Мухха делахь а, синкъераме нах бара уьш. Жори цхьа куьг чолакха дара, Штабс-капитан цхьа ког а, цхьа бIаьрг а боцуш вара, Махьовза ший а ког дика дIалелаш боцуш вара… Шайца, церан амалш а йевзаш, лордтIехьа йукъаметтиг лелийчахьана, нахана зуламе а бацара уьш. Шаьш маларх кхетна болуш, вовшенца дов-къовсам, къаьсттина, Штабс-капитана а, Жори а нислуш хиларий терра, уьш бевзаш болчу наха, шайн самукъадалийта, муьхха а бахьан хьовзадой, уьш цхьананислуш, вовшахкхетийта гIуртуш хуьлура, уьш вовшен кочабахийта. Шайна цара дуьйцург-къуьйсург хезаш доцу кеп а хIиттош, леррина церан къамелашка ла а дугIура.

     Иштта…, цхьаьна дийнахь а нисвелла уьш ший а доьхь-доьхьула. Кхин cалам, воьду-вогIу, могуш-паргIат а доцуш, церан къамел, долалушшехь, девне хилира.
Цхьаммо:
     - ХIета ахь хIоттийна хилла йолу кеп йицъелла Iаш вац-хьуна со! ХIара санна йолу меттиг нисйаларе хьоьжуш Iаш вара. Ткъа хIинца-м ца вохуьйту хьуна ас хьо, сайнарг чу ца дахьаш!

     Вукхо (доьхьала):
     -  Айхьа леринарг охьа ма-дуьллийла ахь! Со а вара хьо лохуш! Дала тIе а кхачий-кха со хьуна!

     Кхин тIаьхьа тIе мел олуш дерг – кхин а доьххнарг а долуш, гена хан йалале, вовшенна коча тасавелла ший а.

     Жори могуш а, болх беш а долу куьг чIогIа нуьцкъала дара, цкъа шен кара йеанарг, тIера пот ца йоккхуш, дIа ца хеца таро а йолуш. Штабс-капитанин кач-барч а лоцуш, нехан йуьйцинчу кертах иза дIа а таIош, легаш Iовда кайаьлла Жорин.

     Шен цхьаъ бен боцучу куоган тIехь дикка нис а велла, кедара баллала чIогIа къарзийна и шен цхьаъ бен боцу баьрг а болуш, ша самалделла воллушехь, Штабс-капитанас аьлла:
     - ХIа-хIа!, схьа-м лаьцнера ахь со, ткъа тоха – хIу тоха воллу хьо суна?!

     ДIа дог даьттIачу Жорас, шен чолакхчу куьйге мохь тоьхна:
     - ХIей, да виса цуьнан!... ХIинцца, кхуззахь, дIатоха а, схьалаца а хьо ца хилча, хIун дора хьохь!

     Иштта уьш бохкуш а болуш, царна тIекхаьчна Дурда. Царна шиннан а тIе а чевхина, уьш ший а вовшех а ваьккхина, Дурдас олу:
- Шу ший а лата гIерташ вац, латаран кеп лелош ву. Шу шиннан а дика хаьа, шаьш вовшенна зе а деш латалур воцийла! Жора, хьо, хIинцачулла тIаьхьа, хьайн санна цхьаъ бен куьг доцучух лата веза… Ткъа хьо (Штабс-капитане), хьайн санна, цхьа баьрг, цхьа ког болчух лата веза! ТIаккха хир ду иза хила ма-деззара, нийсо а йолуш латар а, дов а. ХIинца дIавала ший а, шайх нах а ма белабе!


Рецензии