Тхан эвлахь Iуьйре

ТХАН ЭВЛАХЬ IУЬЙРЕ

Iаьржачу буьйсенна тийналла хьостуш,
Стигларчу седарчийн лепара къагош,
Цаьпцалган цIар-цIар а цхьана ханна тиедеш…
Ширачу вайн эвлахь азан ду хезаш.

Iуьйренан ламазан жамаIат хIоттош,
Саламца, вовшенга маршалла хоттуш,
Бисмилца, дикане, некъ ара боккхуш,
Доггаха хIора а къинтIера воккхуш…

Аьхкенан хIара Iуьйре, муьлхха а санна,
Буьйсенан бода серлорнца хуьйцуш,
ТIекхечи йуха а, цхьана йоццучу ханна,
Тхан корах маьлхана ганмазгарш туьйсуш.

20.06.2019


Рецензии