ДагтIера моьнаш
Йаханчу, генарчу заманахь дуьйна,
Иэс кхиош, схьадогIу дахаран некъаш…
Сеццина бакъ долуш, олу ас дуйна,
Ларийнарг дуьсуш ду, беркатца дехаш.
Ларамза дитинарг, мало йеш дицдинарг,
Иэсера дIадолу, хам боцуш, сихха…
Хадавеш шен баххех, валанза висинарг,
Дитта а ма дакъало, ша хердича хихха.
Воккхалла ца кхочу – воккханиг хоьржуш,
ХIоранна шен делла рицкъа а, вахар а…
Дахаран муьлхха а хилам а боьрзу,
Аьллачух буха дуьсу «Хьенеха бахар».
Тахана-м вай цхьаьна ду,
хирий-те кхана а иштта,
Дайх йисина лараш а
лаьттаха дIахуду догIанна хишца,
Ойла йеш, ша шеца,
цхьаьаллехь хIора а висича,
Кхета вай – вайн карахь ца хилар
цкъа хилларг хийцар.
Шен мотт а бицбина, гIиллакх а дIатесича,
Маршоне боьду некъ мостагIчун битича,
ХIун кхане лоьху вай, йохьазца дисича,
Ойла йе, хIоранненга а жоп хоттура хилча.
Аларца ларийнарг – тIаьхьенна дуьсу,
Орамах дIахаьддарг – цхьаьаллехь вуьсу.
17.05.2019 ш.
Свидетельство о публикации №226011600676