Хьан доьхьа
Собарца йерзош
къийсаман чевнаш,
хиллариг а, диснариг а
йаханчу заманахь…
Эзарнаш – эгнараш,
харцонаш,
бохамаш,
йагаран къовкъаршлахь
бисинчу Даймахкахь…
Къонахийн, сий ларош,
Эхарте бирзинчу,
бакъоне кхийдаш
дуьненан кIуркIманехь,
РицIкъана
хастам беш,
шайна Дала деллачу,
цабоьхна Нохчаллех
бIешерийн некъашкахь!
Дайшкара,
дас – кIанте,
дитинчу весетана
йийсаре дIаделла
синкхетам, дегI!
Маршоне, нийсоне
волуш сатесна –
Хьан доьхьа, НОХЧИЙЧОЬ,
дахаран некъ!
Свидетельство о публикации №226011701063