Йахалахь, Нохчийчоь
Малхбалера,
Вайн Даймохк
Серла а боккхуш,
Малх
Моссаза а
Iуьркъенна сахиларца гIотту...
Шен рожехь,
Малхбузехь...,
Эла-барзан бохь
Шен зIаьнаршца хьоьстуш,
Иза чу моссаза бузу...
Лаьмнашкахь,
Зевнечу мукъамашца,
Шовданаш буха мел дуьйлу...
Вайн Сийлахьчу
Къанойн
Iуналлин ка а мел лаьтта...
Оьздачу ЙоIа
Шен Сий а мел лардо...
Жимачу Къонахчо
Шаьлтанан мукъ
Шен буйнахь мел къуьйлу...
Кавказан лаьмнийн
Анайист аьрзоно
Тергонехь мел латтайо...
Йахь,
ГIиллакх,
Нохчийн мотт,
Сий... кхобуш даиман дехар ду...
Нохчийн къам...
Хьан доьхьа,
Нохчийнчоь!
1999-чу шарахь.
Свидетельство о публикации №226011801274