НАНА
Нана…
Хьан кIеда куьйгаш ,
Хьан деган йовхо…
Терзанца оза барам а боцуш,
Берриге а лазам шена чулоцуш…
Хаддаза само йолу къинхетам!
Нана…
Аьрна ма ца аьлла
Йалсамане…
Хьан когашкахь йу бохург!
Хьо къинтIера йалахь,
Дала а гечдийра ду бохург!
Дуьненан мехха ма дара-кха
БIаьргашлахь синтем а болуш,
Хьан йелар ирсе а долуш,
Барт баьккхина, хьо мара къовлуш…
Оцу йукъанна хьо йуха а гара…
ХIара дуьне а ас цунах лур дара!
Нана…
Шен доьзалхочух,
Муьлхха а шен герггара волчух
Цхьа сингаттаме киртиг тIехIоьттича…,
Бацахь а, и сингаттам бу моьттича…
Кхерам, ларъялар дицдой…
Бакъо а къевсина…
Ша ца кхоош...,
Йала а кийча
Дуьззина дIалуш шен мерза СА…,
Цкъа а, шозза а, уьттаза а…
ДIахIутту и экаме Адам… (!)
Нана…
Дерриг а дуьненна ойланаш...
Хьаналчу зовкхонна беркаташ…
Йистйоцучу хIорданах терра,
Ломара шовданах терра,...
Йахьаллех, доьналлех,
Собарах... буьйцина,
ЦIена а, оьзда а безам...
2017 шо
Свидетельство о публикации №226011901367