КIентан хаттар

КIЕНТАН ХАТТАР

КIанта шиен Дега
Цкъа хаттар дира:
«Мел бу-техьа собаран а,
Лараман а барам?»…
Ойла йина…, Дас кIанте
ХIара къамел дира:
– ГIиллакхе хьаьжжина,
Ду собар а, ларам а…

«Сихалло садаьккхина,
Собаро лам баьккхина» –
Олура хьекъале Дайша;
«Аьлла дош ларорг бен…
Стаг ма вац!» –
Олура Йахь йолчу Дайша;
«Шен вешина ваша воцург –
ДоттагI вац!» –
Олура Оьздачу Дайша;
«Нохчо вац
Ненан мотт дIатеснарг!» –
Олура Къонахчу Дайша…

Цхьаволчо лоруш ду
ХIора а шай…
Бен доцуш, цакъестош
«Iаьржа», я «кIайн».
Ма-хета Дайх диснарг
Механна дорах,
Хьуо велахь оьздачу
Дайн цIийнан горах!

Са сема хилийта,
Лера хьайн Дай…
Шуьнехь стаг гучувоккхург
Ду хьуна гай!
Ма-гIерта йухадерзон
Цкъа аьлла дош…
ТIаьхьенна дуьсундерг
Хила кхиош!

Йезаниг аййан –
Хилийта зарзакъ…
Стагах стаг вийриг
Дац хьуна барзакъ!
Могшал-ницкъ хиларах,
Ма-кхийдаде дов…
Лулахь стаг велча,
Схьаделла хьайн ков!

Ша дуьйцург сацийна,
Мелла а Iийна…
Масех дош къамелан
ТIетуьйхира Дас…
Тидаме хилийта,
Айдеш шен аз: –
Собаран барам –
Бу хьуна ГIиллакх,
Лараман барам а –
Йуха а ГIиллакх!

10.06.2019 ш.


Рецензии