Хила сема
Нохчий верг –
Нохчаллехь чIагIлуш,
«Вац» бохург –
Нохчаллех хедаш…
Иштта йу тIейеина зама,
Хьо сема хилалахь,
Нохчи!
Ваша, ша ву бахарх,
Ца хуьлу…,
Шеха санна, хьох а…
Дог лозуш вацахь,
ХIоьттинчу киртигехь
Тешаме вацахь,
Дайх диснарг лардарехь
Накъост а вацахь,
Даймахкан эшначохь,
ДIахIотта,
Йахь йолуш вацахь!
Ша дуьйцург,
ХIораза, хуьйцуш,
КIел-дIахула,
Хьан сакхташ дуьйцуш,
Шена доттагI –
Хьан мостагI луьйцуш,
Лаамаш –
ХIилланех бу’цуш…
Йуьллуш вайн пхенашка ача,
Къахь а беш беркате кхача.
Воьттина иза хиларах дашох,
Вац хьуна, иштта верг, Ваша!
29.12.2018 ш.
Свидетельство о публикации №226012101554