КIанта шен йезаре
Буьйсанна вуьжуш а,
Iуьйранна гIоттуш а,
Хьо дагатуьйсуш,
ДIайоьду хан…
Цхьаъ дан со воьлча,
Долийнарг дицло…
ХIусаме вирзича,
Ойлано со гIелво…
Ас къайлаха йазйина
Безаман байташ,
Лаьтташ йу йерзанза,
Хьоьгара гIо оьшуш...
Дагчохь ас кхоьллина
Безаман доккха сурт,
ХIинца а, къаганза,
Ду хьоьга хьоьжуш.
Сан къена Да-Нана,
Хьан дикачу нахаца,
Шуьне а ва хуьйшуш,
Гергара хир бац-те?
Тесина лаьттачу,
Арарчу ирзехь
Вай цхьаьна къахоьгуш,
Хьесаш ца хьекъар-те?
1981 ш.
Свидетельство о публикации №226012300806