Агньучанзе

Тоххар т1е буц йаьлларш
Г1евттира иэсехь,
Мацах сан са даьхьна
"Къу" доьхьал кхетча...
Хиллачул хазйелла,
Хиллачул тайна,
Йайначу вайн ларах,
Хьо йог1у йайча:
Хьан хьажар, сан дагна,
Йуха а тайра...
Вицвелларг маццаха
Вевзин те, вайча?-
И хаттар, жоп доцуш
Т1ехдолуш дайча:
Са лоцуш кхийтира,
Ахь тоьхна б1аьрг...


Рецензии