Дохийна 1уьйре

Гуо лаьцна, къестош йу гергарчийн уьйраш.
Эшадеш, доруш ду дайшкара шунаш.
Кхаъ хилла, декъаза дуьйлучу кхаьжнех,
Хьог1ан дог оьхуш ду дерзинчу аьрцнех.

Доьхкарийн къовларшца т1ебоьсси бала.
Т1ебоьсси, хьалха ма- боссара дайшна...
Х1оран са, г1оттушехь, некъана дулуш,
Ц1евзина чилла а пханаршка йуьйли.

1уьйранна малхах схьа буто ша кхийти.
И шийла, къиза сурт гина ду хийла.
-Кхана ас, кхана вай,- йиттина чоьташ,
Маржа-йа1, ца хили-кх цхьанне а чоьта.

Цу балин айраша дайн лараш хьоьшуш,
Дайн кхерчийн кийрара дорцан к1ур боху.
Хьо вагош, хьо кхалхош, хийрачу махка,
Х1ай, нохчо, Къемат-де лан дийзи ахьа.

Герз долуш, мохь болуш, борз, ж1аьла уг1уш,
Цхьа беркъа тобанаш б1анекъа лоьхку.
Шийла мохь, шалонан, кийрара болу,
Эхь- бехках йоьттина, махкаха йолуш.

Де долош, де дерзош, ца хьийза уьйт1а
Даккхийра, кегийра, дарзала куйнаш.
Нана-Мохк, д1асеци, хьан техка ага,
Стигланаш т1ейоьлхуш, йассалуш лайха.


Рецензии