Де-Нене болу биезам

САН ДА А, САН НАНА А, СО ВОЦЧУЬНА, КХИЕЧЕРА ЦХЬАННИЕ А БАЦ

Х1ора а беран моьтту, кху дуьнен чохь шиен Дена а, Нанна а ша воцург( йа ша йоцург) кхинаг виеза а  ца виеза аьлла.
И моттархша берашна лаьтта шие Да-Нана дийна мел ду.
Иза бакъ ду, сен аьлча суна а моьттура дийна болчу ханна сан Даса а, Нанас а сан вежарийни, йижарийни суначулла совнах   тидам буора аьлла, уьшша сайла дукха царна биезара аьлла.
Угратталха, шие бераш схьалкхиъча а, Дена а, Нанна а, шиеко хуьлу ваййа, вукха вежарийшка а, йижарийшка а   уоза-биезам цара бо моьттуш.
Цхьан аг1ора иза дика а ду, сен аьлча шие Да-Нана диезара билгало йу иза, амма Да-Нана дуьненчуьра д1адоьйлача иза бакъйоца ойла коьртера д1ахьоду, сен аьлча хьан шааболу безам  хьайн  веше а, йише боьрзу.
Иза  шадериг дага деъча саца цалуш велар дуссу суна, амма  ма дарра дийцича ойланаш г1айг1ане а воккху со.               
  Дала шиен барам боцчу Иман-чохь  нисдойла-кх вай.

Со Нахчо ву
Сан Да а цу къомах вара
Дешца а воцуш – шен дег1 а дуьззина
Цуо буьйцу Ненан мот сел хаза бара
Хабар а доцуш – оьздангалх буьззина
Со Нахчо ву
Сан Нана  цу къоман йо1 йу
Дешца а йоцуш- шен дег1 а дуьззина
Сан доьзал цу шинне ораман т1аьхье йу
Цараха дисанчу   г1иллакхех  буьззина


Рецензии