***

Резванова Айза.
Шиъ цхьана...
(Къоман тидамашкара)

Ши доттаг1 хилла тхов тилла воьдуш. Цхьаъ партала хилла.Ч1ог1а дог ца дог1уш.
Балхана мало йеш волчу доттаг1чо бахьанийна  дийцина:
- Х1окху шарахь, б1аьстенан йуьххьехь, дуьххьара пхьид гина суна. Пхьид гича карах ца долуш, ка ца йолуш хуьлу боху г1уллакха т1ехь, аьлла.
Уллехь волчу доттаг1чо велалуш, аьлла:
- Т1е дог1учу шарахь шиъ гур йу хьуна. Шо моссаза дели стамлуш г1ур йу хьуна цу пхьидийн тоба, вайн шераш а санна. Делахь а болх ца бича вер вац вайша. Хьалавала хьо тховт1е. Цу пхьидех долу беркат гучу доккхур ду вайшим кху шарахь, аьлла.
;;;;;


Резванова Айза:

Х1ун деш ю?- бахий ахь, - ойла йо стенна?
Дера ю рог1ехь 1аш, эхартан денна.
Цкъа мацах тхан денда-денана а санна,
Уьш бара тахане йовзитнарш суна.

Цу шинна сибаташ бераллехь тайна,
Даьхкина, марзонца хьехамаш бала.
Х1инца санна еънера и б1аьсте хаза,
Малхаца даьстнера б1аьстено заза.

Уьйт1арчу кхуора т1ехь, шакаршка дуьйлуш,
Олхазарш дийцинарг, тхан дендас къуьйлуш.
Хьистинчу къайлене кхаьчна - кх со, х1инца,
Ма ч1ог1а хьегнер - кха,  х1етахь и йовза.
2023

Со шуьца, шу соьца бералле кхочу,
Х1орамма олу дош дарбане лоруш.
Вайн мерза бералла йу самайуьйлуш,
Дегнашкара йовхо вовшашка кхийдош.
*****

Хьан мог1наш
Доьшу ас Айза...
Цу дешнех
Къурдаш до ас.
Ду уьзуш
Цхьа чомехь
Мерза,
Хозуьйтуш
Хьан деган аз!
Вайн "меттан марзо"
Ахь гойту,
Аз ийна
Шовданах хьан.
Дайн кхерчан
Йовхо ца йойтуш,
Схьа гойту
Д1а йахна хан!...
Бекарца
Ненан мотт говза,
Туьйране - бераллехь го...
Ойланаш
Йойту ахь мерза,
Заманна тосуьйтуш гуо!
          
          В.Айза.


Резванова Айза

Самукъне йара со дуьненан 1аламо хьоьстуш,
Суо ирсе хетара лаамийн серлоне йуьйлуш.
Ткъа ирс сан бакъ долу хиллера  бодануо къуьйлуш,
Дегак1оргехь къор1анан йозанаш довза сатуьйсуш.

Буолата хиларх а хийцало эчиган кеп а,
Ломан тарх хиларх а, г1амарах атало т1улг а.
Мел майра хиларх а, замануо иэшадо дог а,
Цхьа Делан Къор1ан ду - кх, олаллех ца духуш цкъа а!

Алхьамдулиллах1!
Аллах1у - Акбар !;

***
Сайн дуьне дара сан, ас сайна кхоьллина,
Ирсана мел оьшург шена чу гулдина.
Дахаран некъ а сайн лааме берзийна,
Ас сайна ша - г1ала хиллера йоьттина.

Дуьненан ни1маташ,
Хьал - бахам ца хилла.
Дахаран хьесап дан
Со ох1ла ца хилла.
Къуор1анан хьехам бен,
Нийса некъ ца хилла.
Аллах1е безам бен
Тешаме ца хилла.

Вежарий, Йижарий,
Сан диехар ду шуьга!
Кхетабеш, хьехалаш
Ирсе некъ доьзална.
Дуьненахь, эхартахь
Декъал некъ хилла.
Вайн Делан Къор1анца,
Гергарло хилар.;;
***
Резванова Айза
(Жималлехь сайца цхьана дешначу дешархошка.)

Синт1емаш даьржи сан,
сакъераделла,
Жималлийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш!
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.

Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со – м 1ара, дагйала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш!
Шух х1ора ирсе гар, суна кхаъ бу.

Шу марша дог1ийла, сан деган баьрчче!
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш!
Аш йиги йуха а жималле со.
*****

Резванова Айза.

Шийла, шийла луо т1ехь ловзуш,
Месала, жима к1еза ду.
Иза шелдаларна кхоьруш,
Жима Мохьмад - 1ела ву.

Мохьмад - 1ела т1аьхьа уьду,
К1еза лаца г1ерташ схьа,
Иза кхуьнца ловза дуьйлуш,
Хьийзаш, керча луойуккъе.

Эхх1ар а схьа лаьцна к1еза,
К1анта къевли шен мара.
Девне дуьйлуш и д1а доьхуш,
Кхечи нана - ж1аьла схьа.

Мохьмад - 1елас уохьа таь1на,
Дели к1еза нене д1а.
Амма к1еза дац - кха реза,
Буьне даг1а ненаца.

К1айчу лайла керча к1еза,
Мохьмад - 1ела воьхуш д1а.
К1ант а вели цуьнца ловза,
Вовшиэ карий цу шинна.
*****
******
Хьо марша йог1ийла,
Х1ай Делан цамгар!
Сан дег1ах хьаьрчи хьо,
Ца деш цхьа а хаттар.
,,Хьо шайна йоьхуш и,
Эвлийааш белхарах"
Дуьйцуш со хезна йара,
Са хьегна - м йацара.

Ткъа соьга кхечи хьо,
Зийарт дан санна.
Беркате хуьлда хьо,
Совг1ат Делан.
Соьца 1ен хьо йеънехь,
Хан йоккхар вай цхьана.
Тукарш ахь ирдинехь,
Некъа йаьр вайша гена.
Йала кийча ца хиларх,
Алхьамдулиллах1!
Вайн некъан сацар а,
Хуьлда - кх йалсаманахь!

Дала Шен къинхетам бойла вайх!

Иштта а йаздо вай, кхераделча.

Со шуьца жимйели,
Къаналлийн кхоллар д1а йуьллуш.
,,Йог1учу заманахь кхуьур йу и лелон" бохуш.
Тохаралерачу бераллийн сифате йоьрзуш,
Сан ойла аййелла - кх,
Бераллийн марзонех хьерчаш.
***

Резванова Айза
Даймохк - Нана.

Даймохк, х1ун  ду  хьуна  ганза?
Я  баккхаза  ахьа  чам?
Я  бу техь  хьо, х1умма  ланза?
Бан ца  хууш  х1уман  хам?!

Хийла  геналлехь  сатуьйсуш,
Бу  хьан  доьзалаш  хьо  ган.
Хьан  аз  хезча  кхача  лууш,
Масне  хуьйди  лаьтто  д1а.

Буьйсанна  хьо  дага  лоьцуш,
Ас  набарна  хьаббо  б1аьрг.
Со  санна  шен  махках  хьоьгуш,
Хир  ву  генахь  хийла  стаг.

Хьан  марзонах  ойла  хьерчаш,
Кийра  кхехкош  доьлху  дог.
Сайн  генара  рицкъаш  лехьош,
Ас  собарца  боккху  ког.

Сийлахь  Даймохк!  Хьоме  Нана!
Суна  хиъна  шуьшин  хам.
Дависа, олхазар хилла,
Шуьшин т1оьхул хеца т1ам.

1985ш,

Мацахлера ойланаш)
Резванова Айза

Биезамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан мур.
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цуо дагчохь къагадо нур.

Жималлийн хьерашка  вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог.
Ницкъ иэшош,  доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког.

Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цуо.
Ша шиега хаьттарш деш, духий,
Бехк лоьцуш,  къовлало дог.

Безаман йац цхьа а зама,
Безаман дац цкъа а къан.
Безаман ду дериг дахар,
Дег берччехь ду цуьнан таж.
****
Резванова Айза
Забарийн'а йазйелла байт.

Воьд'уш д1а воккхастаг хьох а хили,
Замано йоккхастаг сох а ма йи.
Ткъа дуьненан 1алам дисина къуона,
Ца йуьтуш къаналлийн ойланаш кхуола.

Ца ихи шераш д1а, вайн ца беш хам,
Зама вай а ца йитира доцуш пусар.
Йаханчу заманах ца иэцчи пайда,
Къаналла т1е кхаьчча ма хуьлу ,,х1айда".

Дала ду, дита ду т1аьхьенна  вайн,
Къахьиегаро цаво цхьаннах а лай.
Къахьегначо йузу дешийха кхаба,
Ца вуьсу къуоналлех дош доцуш ала.

Дийца ду, ала ду заманах вай - м,
Т1аьхьенна дитина вай - м дийца вайх.
Йахнехь а зама д1а, къан ца делла,
Ца къарлуш, лаьттах д1'а уьйр ду - кх, делла. ;
*****

10 ,,Б" - 1981

Жималле йоьду со, ойланаш серла а йовлий,
Самукъа шух долий, синмерза, Йижарий - Вежрий.
Са айлой, доьду сан ишколе, шерех чекхдолий,
Бераллийн сифаташ дагалоьцуш, ойлане йолий.

Шух х1ора ваш - йиша сан сина дара сов хьоме,
Дара шу седарчий, къагийнарш сан деган 1арш.
Шу дара синкхача латтийнарш, дагна сов томехь,
Ма гойла шу цкъа а кхолламо кхуолийна  б1аьргаш.

Ца бицло хьехархой, вайн шолг1а да - нана хилларш,
Ца кхоош, кхийдийнарш вайга шайн 1илманан - серло.
Шардинарш вайн буолар, ца дуьтуш вай некъах тила,
Вайца шайн ирс  декънарш, лууш вай декъала хила.

1ожалло д1а бигнарш, хедийна дахаран некъаш,
Беха уьш вайн иэсехь, синчиркхаш диканца сегош.
Цкъа мацца а вай цхьана хиндолчу махьшарийн дийнахь,
Аллах1ан къинхетамца хуьлда - кх, вайх х1ора а сийлахь!!!!!

Иштта - м ду.

Дала декъалде хьо Нохчийн къам! Ма зийна - кх хьо, мостаг1аша; хьох х1ун доллу а, х1ун долу а хьожуш.
Дала 1алаш дойла вай!


Рецензии