Дависа... , ницкъ белар

ДАВИСА..., НИЦКЪ БЕЛАР

Дависа, ницкъ белар, тIома а ваьлла,
Де-буьйсе цIахь йаккха, аьтто хилийта…
Набахтан лахьтера, цIахь самавала,
Сайн гIенах-набарах дерг, луучуьнца иэта…

Дависа, хIай дахар!, ма чIогIа лаьар-кха
Сайн хьомечу эвлана тIоьхула гуо баккха…
Дависа, хIай дахар!, ма дог-ойла хьаьгна-кха
КIеззиг а, Даймахкахь, са маьрша даккха…

Дена хIоттийначу чуьртана тIе куьг хьаькхина,
ДоIанца, доьхура дара вайн Деле аса…,
Декъал вай, гечдехьа массо а къинна…,
Массарна а гечдехьа… Хьуна бу хастам!

Корахчу, меллаша, сибате хьоьжур вара,
Iуьйренна ламазехь лаьттачу сайн Ненан…
Маршалла хоттур дара, къовлуш иза мара…
ХIинцца долу ирча хьал дIатоттуш гена.

Берзанчу когашца, бецан тхи делхош,
Вайн уьйтIахь, ша Iуьйре а сама а йоккхуш,
Дас боьгIна къена кхор, барт баьккхина, къагош,
Олхазарш декар а зевне а доккхуш…

Ткъа доьзал… (?)  ХIан-хIа…
Ца хIутту со цунах дерг дийца…
Ойланаш ца къахкош, буьту иза баха…
БIаьра хьажа, бала ган… кийча вац хIинца…

Цу лаьмнийн баххьашкара анайист хьоьстуш,
Мархашлахь, уьш цоьстуш, аьрзоно санна…,
Даймахках дог Iабош, марзо а оьцуш,
ХIаваэ гIоттур вара, ца лоьруш хан…

ДIайазйина 2007 ш.


Рецензии