Жима къонах Адам
1. 1абдул-Вахьид – Адаман де-да.
2. Мохьмад – воккха стаг
3. Рамзан – Адаман да.
4. 1умар – Адаман де-ваша.
5. Мовсар –Мохьмадан к1ант.
6. Хьалимат - Адаман нана.
7. Ийман – Адаман йиша.
8. Адам - жима к1ант (11-12 шо).
Буьйса т1ейеъчи – седарчи гучу довлу, хало т1е йеъчи – къонахи гучу бовлу, олуш, цхьа кица ду вайн къоман. Кица доца делахь а, чулацам ша-башха шуьйра бу цуьнан. Оцу кицанан масаллийн цхьа кеп ю вай тахана шуна гайта лерина.
Сцена 1
Адам (11-12 шо) ишколе воьдуш ву. Некъаца д1а-схьа лелаш адамаш ду. Оцу некъан йистехь лаьтташ воккха стаг ву: карахь 1аса йолуш, б1аьргехь доьхкина 1аржа куьзганаш долуш.
Адам– 1уьйре дика хуьлийла хьан, Ваша! Ара ваьлла хьо?– олуш т1ех волу.
Мохьмад д1а-схьа хьожу, цхьаъ лохуш санна.
Мохьмад – Диканца дукха вехийла хьо а… Дера, х1оккхахь лаьтта-кх со а…
Жимма дехьа ваьлчи, Адам цуьнга юха а хьожи, соцу.
Адам (ша шега) – Х1ара некъаца чехка лелаш йолу машенаш а, оцу некъа йисттехь лаьтта и воккха стаг... Х1ун ду хаъац, тамашийна хета суна…
Адам воккхачу стагана т1е вог1у.
Адам – Ваша!
Мохьмад – Вай-й! Х1ун боху ахьа?
Иза Адам цагуш санна аг1ора хьоьжу.
Адам – Хьуна х1умма оьши? Хьо лаъа лаьтташ вуй х1оккхехь?
Мохьмад – Лаьттара со-м, иштта-д1а… Схьа т1е волахь сунна, жима къонах. Схьа веан хьо?
Адам – Х1аъ, хьоккахь ву со.
Мохьмад – Ву? Дика ду.
Адам – Ваша! Некъа йистера сехьа вала. Машенаш ю чехка лелаш.
Мохьмад – Иштта некъа йистехь ву со?
Адам – Дера ву-кха! Хьуна гуш яц уьзуш?
Мохьмад – Машенаш хьовха, суна-м, жима къонах, хьо вац гуш...
Адам – Ваша! Х1оккхе сехьа воли хьо? Хьайн куьг схьа лацийта соьга.
Адама куьг лоци, сехьа воккху воккха стаг.
Мохьмад – Баркал, жима къонах! Хьан ц1е х1ун ю?
Адам – Адам ву со.
Мохьмад – Адам, Дала дукха вахавойла хьо! Хьо цхьанхьа воьдуш хира ву…
Адам – Ишколе воьдуш ву со.
Мохьмад – Ву? Массолг1а классехь доьшуш ву хьо?
Адам - Ворх1олг1а классехь ву со.
Мохьмад – Стенгара ву хьо, Адам, де-да вуй хьан?
Адам – 1абдул-Вахьид ву сан де-да. Тхо ц1ера Куршлой к1оштара ду. Кхузахь высоткашна чохь 1аш ду тхо. Ибрагимов ю тхан фамили.
Мохьмад - Дика хира ду. Адам, х1инца хьан дешарна т1аьхьа цавуьсуш, д1а кхача хьажа хьо.
Адам – Х1а-х1а! Ваша, хьо 1адвитина со цхьанхьа цавоьду.
Мохьмад – Т1аьхьа-м вуьсура вац-те ишколе?
Адам – Иза-м д1анислура дара... Аса ц1а вуьгу хьо, Ваша. Хьо стенгахь 1аш ву, дага дог1и хьуна?
Мохьмад – Ц1а вига цаоьшу, Адам. Таксеш хуьтту меттиг хаьъи хьуна?
Адам – Хаьъа. Кхузара жимма дехьа ю иза.
Мохьмад – Вайшиъ цига вахийта ахьа т1аккха.
Адам – Мегш ду.
Адама куьг лоци, д1а вуьгу воккха стаг.
Мохьмад – Дера, Адам, б1аьра-са долчу хенахь, со дукха лелла некъаш-м ду хьуна х1орш, да-м... Чохь болчаьрга х1умма цаолуш, цхьа молха эцна схьа вог1у-кх аьлла, ара ваьллера со 1уьйренца… Амма, со тилвелла лелар вуй цахаъара…
Адам воккха стаг таксийна т1е вуьги, и машенахь д1авахалц сабур а дой, шен деша воьду.
Сцена 2
Адам а, цуьнан йиша Ийман а, церан нана, Хьалимат а.
Хьалимат цхьацца г1уллакх деш лелаш ю чохь. Чоьхьа йолу Ийман. Цуьнгахь ю телефон. Мачаш а, т1оьхлара бедар а, д1а йоккхуш, телефон шена т1е ерзийна, хабарш дуьйцу ю иза.
Ийман – Йо1ри, со чу кхечи. Мегш хир т1акх, д1а-1е шайна. (Не1рехула сехьа хьажаеллачу цунна го шен нана. Тега-магарш деш хиъна 1аш йолу). Цкъа сабур делаш! Аса цхьа хаза х1ума гайти шуна! Х1инца хьовсал, х1ара дика зуда - сан нана ю! Гуттара г1улкхаш деш ю! (Шен нана мара къовлу Ийманас)
Хьалимат – Ийман! И х1ун ду ахьа дийриг? Со телефон т1е йоккхуш ю хьо? Чехка д1а яккха иза!
Ийман – Вай-й, нана, соьци доьшуш болу йо1ри болу тоба ма ю х1ара!
Хьалимат – Цкъа хьалха соьга хатта деза, меги аьлла!
Ийман – Нана, хоьга хоттура ду бохуш яр-кха со, блог лело мегар дуй аьлла…
Хьалимат – Иза-м, мокъалла дага деан х1ума хета суна…
Ийман - Вай заманчохь массо ма ву блогер!
Хьалимт – Блогерш бу бес-бесара…
Ийман – Суна блог муха лелон лаъара али аса?
Хьалимат – Ахьа х1ун до хуъуш дац х1инци! Шун дега хоттура ду вай, цкъа хьалха!
Ийман - Нохчи маттахь лело лаьъа суна блог. Вай къоман хазачу г1илкхех, шира 1адатех лаьцна йан лаьъа суна иза. Т1аккха муха хета хьуна?
Хьалимат – Иза-м вуо х1ума дац... Делахь а, цкъа шун дас олучуьнга хьоьвсура ду вай.
Ийман – Ахьа санна нохчийн метта хьехархо дешар дешнехь дика дара аса… Амма, Дада дукха везарна, со лоьралла 1амо яхна! (хьасталой, нана мара къовлу) Забар йо хьуна! Тхайниг санна дика нана юй-те цхьанне а!
Хьалимат (забарца) – Ийман, д1а яла, цхьанна гахь, эхь хоьтйьйту ахьа…
Ийман – Вай-й, нана, гуттара эхь хеташ ю-кха хьо!
Хьалимат - Х1инца чохь г1улкхе д1а-схьа хьажал хьайн!
Адам чоьхьа волу.
Адам – Нана, со ц1а веъна.
Хьалимат – Адам, цкъа схьа вола суна т1е! Хьо стенгаш лела, хаъа мегар дари? Аса хьайн дега д1а дуьйцура дац моьттуш вуй хьо?
Адам – Со ишколеран ц1а ма веан… Цхьанхьа вахна ма вац…
Хьлимат – Т1акх, хьан классан куьгалхо доцург дуьйцуш ю? Цуо хьо эха со1тан т1аьхьа висна ма боху, дуьхьарлера урокан! Соьга з1е етташ ма яра иза!
Адам – Х1а-а! (Адам жимма вухи, д1а-схьа хьойзу).
Хьалимат – Дера «х1а»! Дийцал хьо стенгашхула лела, ишколе цаваха!
Адам – Нана! Цхьа воккха стаг гинера суна, некъа йистехь лаьтташ. Са цагуш хиллера иза. Молха эца ара ваьлчи, некъа т1ера, тилвелла хиллера. Аса иза таксешна т1е вигир-кха… Т1аккха т1аьхьа висира со урокана.
Хьалимат – Хьан хьехархо ма яра, цхьа кино чохь санна х1ума дуьйцуш вара бохуш! Хьовсура ду вай хьан дас х1ун олу…
Адам – Нана, хьо соьха цатеша?
Хьалимат – Бакъ дериг аьлчи – баш тешаш яц… Цкъа х1ун ду-дац хьожура ю со… Хьехархочуо бохург ду лара дезаш!
Ийман – Со-м теша! Адам, схьа вола соьци. Аса хьайна д1айиллина х1ун ю хьажа!
Адам – Сникерс хира ю, юй?
Ийман вешийн куьг лоци, дехьа чу йолу
Хьалимат (шен берашна т1аьхьа хьожи) – Шиммо шайн леларна ойла елаш!
Ийман сехь йолу.
Ийман - Нана, Адамас соьги, из бакъ ду бохура хьуна. Дика дац иза жима волушехь иштта къинхетаме хилчи, т1аккха? И воккха стаг 1ийна хира вара цигахь, шена т1аьхьа орца далац…
Хьалимат - Дика-м ду дера! Кхечу кепара хилан йиш яц! Амма, х1инци цкъа х1ун-мила ду хаъац... Адаман хьехархо яра са гаттадеш...
Рамзан балхара ц1а вог1у.
Рамзан - Къа-ам, шу х1у деш ду? (Цуо забарца шен доьзалах олу «къам»)
Ийман – Дада, хьо ц1а веъа! (Ийманас шен дегара ларча схьа оьцу).
Хьалимат – Хьо ц1а кхечи? Х1н дара балхахь?
Рамзан – Болх бу-кха балхахь... Ма дукха адам ду-кха вайна б1ара-са телхаш...
Хьалимат - Ма дош даци иза да-м...
Рамзан - Сихха йуъург кечйе суна… Тахана делкъе йанза ву со.
Хьалимат – Мокъа хан цаеара хьуна?
Рамзан – Маситта операци яра. Цамогуш долу адам латтош, йуъчуьнга ладег1ар нийса дац.
Хьалимат – Дика ду. Схьайолуш йоллу яъа-х1ума.
Рамзан - Ийман, х1у ду университетехь, сесси чекхелин хьа?
Ийман - Дада, дика д1аелла аса сесси.
Рамзан - Иза дика ду, Ийман! Дешаре терра хуьлу говзалла а!
Хьалимат - Ийман, пеша т1ера яй бохбелли хьажа...
Ийман дехьа чу йолу. Рамзане телефон туху.
Рамзан – Дада! Со ладуг1уш ву хьуна! Ву… Ц1ахь ву со… 1умарс валош вуй хьо? Дика ду, Дада, схьа кхача т1акх. Дала некъ нисбойла!
Хьалимат ладуг1уш ю лерина
Хьалимат – Х1ун хилла боху Дадас?
Рамзан - Вайга бог1ш хийра хьеши бу боху Дадас. Сихха хьешашна йуъург-мерг кечйе.
Хьалимат – Х1ун хилла? Мила ву вог1уш?
Рамзан – Хаъац суна-м… Адаман хуъучух тера ду, Дадас дийцарехь.
Хьалимт – Суна хаъара цуо бакъ дерг цадуьйци! Цуьна хьехархо яра, х1ара урок чекх йолуш чувеъна бохуш! Сагатделла 1аш яр со, хьо ц1а вог1у ларвеш… Хьарца берех кхетта-те Адам? Цуьнан хена чохь, цхьа-долу бераш аьрха ма довлу…
Рамзан – Дадс дийцарехь, ишт дац иза. Мухле, Адам хестош ву Дада-м.
Не1 туху. Адаман де-да, де-ваша чоьхьа волу.
Рамзан – Дада, схьа кхечин шуьшиъ? Некъ муха бара?
1абдул-Вахьид – Алхьамдулиллах! Некъ маьрша бара.
Хьалимат – Дада, Хаз-к1ант, марша дог1ийла! Шуьшиъ ма дика вог1у!
1абдул-Вахьид – Делера салам-маршал хуьлда! Хьалимат, х1ун ду вайгахь?
Хьалимат – Дика 1аш ду, Дада! Дада, хьо муха ву?
1абдул-Вахьид – Дала дика кхобу вай, Хьалимат, хастам бу Цунна!
Хьалимат – Дада, сехьа-чу довлиша! Йовха охьа йилна йаъа-х1ума ю.
1абдул-Вахьид – Дала 1алашйе хьо, дади йо1! Жимма сабур дийра ду вай кхачанца. Хьеши бу вайга бог1уш.
Хьалимат - Дика ду, Дада! Со йуъчуьнга хьожу, т1аккха.
Хьалимат дехьа чу йолу. Не1 туху.
Рамзан – Схьа кхечи уьш, Дада.
Адаман де-вашас не1 схьа йоллу. Чоьхьа волу воккха стаг а, цуьнан пхьарс лаьцна вог1у жима стаг.
Мохьмад – Ассаламу 1алайкум! Делера дика дог1ийла х1окху х1усаме!
1абдул-Вахьид – Ва1алайкум ассалам! Марша дог1ийла, хьеши!
Уьзуш салам-маршал лой, могуш-парг1ат хотти, охьа ховшу.
1абдул-Вахьид – Мохьмад! Со хоьттуш, лоьхуш цхьаъ ву аьлчи, х1ун хилла-те, аьлла, са гаттадира аса тахана.... Амма, хьал-де хиъчи, 1аламат парг1ато хилира суна! Ткъа, хьоьгара хьал-де хиъчи-м, юрта вог1уш некъ цабайта, хьо кхоъийна веан со г1ала схьа.
Мохьмад – 1абдул-Вахьид! Аса-м хьо Адам бахьнех лехнера. Х1окху къанта д1а-схьа з1е тоьхча, т1аьхьа кхиъира тхо Адам хьенах ву. Амма, вайшина генарачу Сибрехара гергарло тахана карла цадели, х1ара бахьан хоьттина!
1абдул-Вахьид – Х1етахь дуьйна, дера яхна дукха хан-зама д1а… Кхузткъа шо мухле даьлла… Амма суна дицделла дац хьан дас-нанас со шайн доьзалхо волуш санна, сайн долу дар Киргизехь. Да-нана, йиш-ваша делла, уллехь цхьаъа гергара, йа тайпана, йа юртара адам доцуш со висинчу хенахь, суна да-нана дага дан меттиг цабитира цаьршима. Хьо соьлла жима велахь, вайшиъ цхьана дукха хьерчар.
Мохьмад – Ши-кхо шо даьлчи карийри гергачу нахана хьо?
1абдул-Вахьид – Дера, иза иштта ма дара... Со оцу Г1ум-Азе д1а вигира де-шичас. Боккхачу доьзалах со цхьаъ мукъне дийна караварех воккха веш…
Мохьмад - Дага дог1у суна, цуо хьо д1а вуьгуш, сайн велхар… Х1етахь дуьйна хаьдда лаьтташ долу вайшина герарло, тахана юха д1а теси Адама. И жима къонах, иштта оьзда, тидаме, г1иллакх долуш кхиорна, шуна баркал ала лиъна веъна ву со, 1абдул-Вахьид! Ц1ахь вуй, т1акх, Адам?
1абдул-Вахьид – 1умар! Адам схьа кхайкха!
Адам – Ваша, Дада! Марша дог1ийла!
1абдул-Вахьид – Адам! Х1инца хьо ву боху Мохьмада тахана шена г1о динарг. Вуй хьо?
Адам (бехк хеттарца, охьа та1на)– Аса-м цадина доккха х1умма…
Мохьмад – Адам! Суна-м доккха хазахетар дира ахьа! Да-виса, хьо ган цк1а схьа дог1ура делира х1ара б1аьра-са… Вайн т1е-кхуьу ч1ор хьо санна делахь, вайн къоман кханенан сагаттадан цаоьшу! Оьздачу ц1ийнах схьа ваьлла, дика к1ант хиларан белгало яра ахьа лелинарг. 1абдул-Вахьид! Суна доккха баркалла ала лаьъа хьуна а, х1окху къонахчуьнан дений-нанний а, иштта дика к1ант кхиорна!
1абдул-Вахьид – Мохьмад! Адам цахиллехь а, милла хира-м вара хьуна орцах вала тахана…
Мохьад – Дера, 1абдул-Вахьид, со цигахь лаьтта дикка хан ма яра. Адамийн д1а-схьа лелан когийн лараш хазара суна, машен г1овг1анаш хазара. Амма лаьтташ вара вехха, сайна некъ карорга са туьйсуш… Адам т1е цакхечнехь, кхи-д1а латта там бара…
1абдул-Вахьид - Адам, иштта яккхийта еза шен ц1е! Гой хьуна, тхуна массарна юхь-к1ам хили хьо бахьнехь.
Мохьмад – Х1окху вайн к1анта Адамана цхьа совг1ат деъна. Суна хаза хетар ду Адама иза схьа эцчи.
1абдул-Вахьид – Мохьмад! Аса леладойтура дацар хьоьги совг1аташ дар…
Адам – Оьшуш ма яцара суна х1умма…
Мохьмад – Вуонза лела йойла ахьа иза Адам!
Мовсар (Адам шена т1е озавой, хьости) – Адам, ахьа Дади долу дарна мах хадийна вера вац со! Сан жима ваша ву хьо х1окхула т1аьхьа, Даламукълахь!
Адам – Дала саг1а йойла, Ваша!
Рамзан – Ваша! Хаттар дан меги аса хьоьга?
Мохьмад – Хьо мила вара? Хаттахь…
1умар – Адаман да ву х1ара, Ваша.
Рамзан - Дукха хан юй хьо б1аьрза волу, х1у хилла хаьъи?
Мохьмад – Масех шо ду х1ара болх суна хилла. Х1окху к1анта дуьйцура ду хьуна ма-дарра. Лоьраша операци ян еза олу. Амма, шаьш жопп цало боху. Тоьъура ду суна х1окху дуьненна чохь гинариг, бохуш, 1аш ву-кха.
Рамзан – Ваша! Сох тешам хьан белахь, вай хьовсура ду хьуна дарба дан, эшахь операция ян.
1умар – Ваша, Рамзан б1аргашна операцеш еш хирург ву. Х1ара тешаме ву хьуна.
Мохьмад – Э-х1.. Хастам бу хьуна, Дели!
1абдул-Вахьид – Мохьмад! Гой хьуна? Массо х1ума цхьана бахьанца нисдеш ду вайна Дала! Даламукълахь, хьайн дарабанан т1е кхаьчна хира ву хьо!
Мовсар – Ма доккха совг1ат хира дара массарна Дадина г1оли хиларах. Дуьненан чам байна 1аш ду тхо массо, х1етахь дуьйна...
Рамзан – Мовсар, кхана Вашийн кехаташ дохьуш суна т1едуьйла. Мегира дуй Ваша?
Мохьмад – Адаман де кара ваха-м рези ву со, шеко йоцуш!
Рамзан – Иза дийцина дели… Кхи-д1а дерг, шуьнехь, юъчух-молчух кхеташ, дуьйцура ду вай.
1умар – Ваша, соьга лацийта хьайн куьг. Дехьа довлу вай.
Уьзуш дехьа бовлу.
Сцена 3
Рамзан а, Хьалимат а, Ийман а, Адам а. Адам урокаш еш ву. Ийман сехьа йолу.
Ийман – Адам! Кхаъ баькхчи х1ун ло ахьа?
Адам – Х1ун кхаъ бу иза? Са-м яц хьуна яла х1умма…
Ийман – Дера ю-кх хьам керла планшет!
Адам – Вашас елла планшет муха лура ю? Иза цало аса!
Ийман – Х1у кхаъ бу хиъчи-м лура яра хьуна ахьа!
Адам – Ала и х1ун ду?
Ийман - Кхана Ваши б1аьргаш д1а бостуш ма бу!
Адам хаза хетарца хьала г1отту
Адам – 1алее! Бокъалла ала? Гура дуй-те цунна са? Ма ч1ог1а лаъи суна Ваша ган
Адам дехьа воли, сихха юха вог1у
Адам – Ийман, схьа эца! (хьалха планшет охьа йьллу Адама)
Ийман – Вай, Адам! Аса забар ма йора! Хьо хьийзош ма яра со! (Адам мара къовлу Ийманас) Дала дог дика де хьан! Ма дика к1ант ву-кха сан ваша!
Рамзан, сехьа волу, балха вахан кечам беш.
Рамзан – Адам! Хьай доттаг1, Ваша га лаьъи хьуна?
Адам – Лаьъа дера-кха!
Рамзан – Со тховса балхахь хила везаш ву. Даламукълахь, 1уьйрина киса д1а доккхур ду Ваши б1аьргашна т1ера. Кхана даьлкъе хуьлуш, Дадица вола дарбан ц1ине.
Адам – Дика ду, Дада.
Рамзан - Хези хьуна?
Хьалимат сехьа йолу
Хьалимат – Д1а йог1уш ю! Хьуна балха хьуш ериг кечйеш яра со.
Рамзан – Кхана 1уьйрина Дадар бу хьуна г1ала бог1уш. Кечам хилийталахь.
Хьалимат – Дика ду, са ма гаттаде ахьа.
Рамзан – Ийман, хьай веши дешаре хьожуш юй хьо?
Ийман – Хьожуш ю хьуна со, Дада. Дешарца дика схьа вог1уш ву Адам.
Рамзан – Тидам беш хила. Ледира хила йиш яц! Со вахара т1аккха.
Ийманас а, Адама а, шайн де 1адика йо.
Сцена 4
Дарбанан ц1инахь. Палати чохь: Мохьмад а, цуьнан к1ант Мовсар а. Рамзан палати чоьхьа волу. Мохьмад хьала г1отту, цуьнан сий деш.
Рамзан – Ваша! Юха а, хьуна т1е вог1у со… Ваша, Дели дуьхьи, ма г1итта хьала! Суна бехк хуьтуьйту ахьа…
Мохьмад – Рамзан, хьо гичи, кхаъ хуьлу х1окху сан дагна! (дагна т1е куьг дуьллуш)
Рамзан - Х1инца муха хета хьуна, жимма воьлли хьо х1окх серлонах? (шен пхьаьрсара са1ат т1е а хьожи) Ши са1ат дели, вай киса д1а даьккхина… Б1аргаш лаза-м цабо?
Мохьмад – Далла хастам бу! Х1инца дика ву!
Мовсар – Рамзан! Дадина кхи цкъан-цкъа са гура дац аьлла дисина дара хьуна тхо-м… Дала диканца бекхам бойла хьуна!
Мохьмад – Суна хетарехь, жимачохь санна б1ара-са схьа деъна сан! Хастам бу хьуна Дели! Рамзан, ма йоккха говзалла йиллина Дала хьан куьйгашка!
Не1 туху
1абдул-вахьид - Чоьхьа довла меги?
Рамзан – Дада, схьа кхечи шу?
1абдул-Вахьид – Ассаламу 1алайкум, Мохьмад!
Мохьмад хьала г1отти, дуьхьала волало. Рамзана цуьнан пхьарс лоцу сихха
Мохьмад - Ва1алайкум Ассалам! Велахь-вацахь, сан доттаг1, 1абдул-Вахьид ву-кха вог1уш!
(1абдул-Вахьид а, Мохьмад а, марзонца мара кхета. Жимма вовшешка хьожуш, соцу) Гора дуьне йа1! Ма хьийзина-хьирчина ду хьан некъаш… 1абдул-Вахьид, хьо ган воьг1на хилла суна…
1абдул-Вахьид – Делера салам-маршал хуьлда хьуна, Мохьмад! Эх1-х1… Хастам бу хьуна, Везан Дели! Ма боккха кхаъ бу х1ара массарна!
Мохьмад - Аса-м дог дилнера хьуна кхи-д1а йолчу ханна х1ара дуьне гарах!
1абдул-Вахьид – Мохьмад! Доккха хаза хетар хили масарна хьан операци дика чекх яьлла аьлчи! Массо х1ума вай Кхоьллинчуьнан карахь ду! Муха ву хьо?
Мохьмад – Далла хастам бу! Х1инца дика ву! 1ели ву-кха х1окху балхана бехке!
1абдул-Вахьид (забаре)– Шуна х1ун хета хаъац, суна-м массо х1уманна Адам хета бехке!
Мохьмад – Вай-й, са доттаг1, Адам, стенгахь ву, т1акх? Иза ган луъуш вар-кха со!
1абдул-Вахьид – Рамзан, схьа-чу кхайкха Адам.
1умар а, Адам а, чоьхьа волу. Мохьмад хьала г1отту Адама сий деш. Адам сихха Мохьмадана мара кхета.
Адам – Ваша!
Мохьмад – Адам! Э-э, Дала 1алашве хьо, жима-воккха къонах!
Адам – Ваша! Хьуна бокъалла са гуш ду, дуй?! Ма ч1ог1а хаза хетта суна иза!
(Адам шен мара къовлу Мохьмада)
Мохьмад – Дера го суна, хьо хьайн де-дех мелла тера ву-ам! (Адам шена йуьххе охьа хаъаво) Гой хьуна, Адам? Хьох беркат даьлла, б1аьра-са схьа деъи сан! Сайн бераллийн доттаг1 карий!
Адам – Ваша, ма дика ду хьуна г1оли хилла! Х1окхулла т1ьхьа со вог1ура ву хьуна хьоци аптеке а, хьуна луъче а!
Мовсар (Адаман коьртах куьг хьокуш, йуххе охьалахло) – Адам, со вера вац хьуна баркалла аьлла цкъаъа а!
1абдул-Вахьид – Дера, Мохьмад, дукха ойла йора аса, Сибрех вайшина хилла марзоне са туьйсуш... Дахаро д1а-схьа кхийсина, хаьдда лаьтта гергарлонаш, тахана юха д1а теси Адама. Даламукълахь, кхи-д1а, хаза 1ийра ду вай! Ткъа х1инци, тхо д1а довлу, хьо парг1ат вуьтуш. Хьуна Дала маршал дойла, т1аьхье беркате хуьлда!
Чеккхене дош:
Мохьмад шен дарба хилла даьлчи дарбан ц1инера ц1а веъара. 1абдул-Вахьидас а, Мохьмада а, церан доьзалша а, мерза гергарло лелийра. Иштта доккха беркат долу оьздачу дений-нанний хьалха кхиъначу доьзалех. Вайна иза гира х1окху суьрта т1ехь.
Доьналла шайн сица долуш, г1илкх а, къинхетам а, ларам а, х1ора боккхучу когаца лардеш баккхийраниш болчехь, церах терра кегийрхой кхуьъу. Х1унда аьлчи, диканиг а, вуониг а, массалийца кхуьъуш ду.
Воккханит, иза вац хьалха дуьненчу ваьлларг. Воккханиг иза ву шен белашна т1ехь холкъан сий а, духун доцу доьналла а, д1ахьош верг! Ц1е йовш яц товхахь суй белахь. Доьналла долчу дайн - къаман сий лардеш т1аьхье кхуьъу, аьлла.
Свидетельство о публикации №226021101150