Пьеса Малика
Малика – 30 шо долуш, жима зуда.
1абдул-Къедир – Маликийн да.
Деши – Маликийн нана.
Халид – Маликийн х1усам-да.
Идрис – Маликийн мар-да.
Хеди – Маликийн мар-нана.
Иброх1им – (11-12 шо) Маликийн к1ант.
Дагмара – (7 шо) Маликийн йо1.
Т1ах1ир – йуьртата жима стаг.
Барза – воккха стаг.
Деци – йоккха стаг.
Асят - Малики вешийн йо1( 18 шо долуш).
Малика базархула лелаш ю, цхьацца х1уманан мах хоттуш. Уллехь соцу йоккха стаг. Иза берийн бедаршка хьоьжуш ю. Маликина бертаза хезаш ду цуо мах беш йолчу йо1е хоттуш дерг.
Деци – Хьажахь, йо1, х1окхерах сан мелла ахча дера ду?
Йо1 – Пхийтта туьма долу церах. Езаш юй хьо, Деци? Т1оьрмиг чу яхки аса хьуна уьзуш ?
Деци – 1адйита ахьа… Юха цхьаъ дийра ду аса…
Йоккха стаг жимма дехьа йоли, охьа ехкина бес-бесара бедаршка хьоьжуш соцу. Юххехь лаьтташ и хабар хезна йолчу Маликас, йоккха стаг дехьа яьлчи, бедарш йухкуш йолчуьнга олу:
Малика – Йо1, сихха, и Деци хьажна йолу бедарш т1оьрмиг чу яхкахь. Х1ара пасаташ т1е яхка царна. Мелла ахча дог1у соьгара?
Йо1 – Пхийтта туьма дог1у.
Ахча д1а а лой, Малика йоккхачу стагана т1е йоду.
Малика – Деци, хьажахь, схьаэца х1ара.
Деци – Х1ара х1ун ю?
Малика - Д1огера цхьана зудчо хьоьги д1ало бохура х1ара т1оьрмиг.
Деци – Х1ун ю х1окху чохь?
Малика –Хаъац суна-м оцу чохь х1ун ю… Иза д1а яхара, хьоьга х1ара т1оьрмиг д1а кховдабе аьлла. Саг1ина-мелина лелачух тера дара иза…
Йоккха стаг шега кховдийначу т1оьрмиган чу хьожу
Деци – Со хьаьжна берийн х1уманаш ма ю х1оруш... Йо1, иза мила яра, хаьъи хьуна?
Малика – Хаъац, Деци… Суна-м цайойзу иза...
Деци - Х1инца суна муха карора яра-те иза? Сайгахь сом-ком к1езиг хеташехь, хазъелла, мах хаьтнера хьуна аса х1окхеран… Д1а муха г1ура ю х1оруш цуьнга саг1а ца йеш?!
Йокха стаг йоьхна, д1а-схьа хьойзу
Малика - Деци, иза д1анехьа яхар...
Деци - Х1ун ду хаъац, цхьа тамашийна, кийрахь, бехк хийти-кха суна х1окху т1оьрмиг чохь х1ун ю хихчи... Ахьмад а, Лайлаъ а, дара ишколе лелон йовха бедарш, мачаш езаш…
Малика – Деци, вуонза лелайойла уьзуш цара!
Деци – Иза милла елахь а, Дала цуьнан саг1а йойла х1оруш.
Малика - Деци, хьуна х1умма оьши?
Деци - Дели рези хуьлийла хьуна а, х1оруш суна схьа еана йолчу! Жимма базарахь д1а-схьа хьойзина, ц1а г1ура ю со, делахь...
Малика - 1адика йойла, Деци!
Деци - 1адика Дала йойла хьан а!
И шиъ д1а-схьа къаьста.
Сцена 2
Малика, Идрис, Деши.
Малика шен де-ц1а йог1у.
Малика - Дада, де дика хуьлийла хьан! Хьо муха ву, х1ун деш ву хьо?
(Идрис чохь, маьнган йистехь, хиъна 1аш ву. Иза когаш цалелаш, меттахь висна ву. Малика, юххе охьалахлой, мара кхета шен дена)
Идрис - Марша йог1ийла, Малика, хьо а! Дика ву со. Хьо стенгара йог1уш ю?
Малика - Базар яхнера со, Дада. Цигара йог1ушехь, шуьшиъ ганза т1ех цаялаелли со... Дада! Далла хастам бу, схьагуш-м дика ву хьо! Вайгахь ма тийна ма ду! Нана ц1ахь яц?
Идрис - Шу нана яхар-кха базара. Хьелура яц хьуна иза. 1абдул –Къедир муха вара? Ламазан чу-ара волуш вуй иза?
Малика – Дика вара Воккха-дада.
Идрис – Ма дика ду иза! Малика, хьо шелъелла хира ю базарахь, сихха чай мала хьажа. Суна хуъуш, д1огера ишкап чохь воз-хьавла, ц1азам-пиряндик ю хьуна, пеша т1ера ей чохь йовха чорпа хила декхар ду.
Малика - Ц1ахь мила ву вайн?
Идрис – Асят дахна кертахь хира ю. Иза ю хьуна йуъур яанза.
Дехьара сехьа йолу Асят, Маликийн вешийн йо1.
Асят – Деци, диканца йог1ийла хьо! Ма дика кхечи хьо!
Малика – Асят, деци дика йо1, хьо ц1ахь ю? ( Маликас хьости мара къовлу иза).
Асят - Бераш цадалийна ахьа?
Малика – Со базарара йог1уш ма-ю… Аса оцу г1анта т1е охьа йиллина хьуна цхьа х1ума. Хьажал хьо рези юй?
Асят – (иза схьа оьци) – Деци, Дала саг1а йойла. Аса х1ицца юург охьа йуьллу вайна. (Хазахетарца, сихха шен де-йиша мара къовли, дехьа йолу).
Малика – Дада! Нана цъакхочура йу, т1аккха цхьана мера ду вай чай. Аса пес а, суьлхьанаш а, деъна хьуна. Мегш юй хьажи вай?
Маликас дена хьалха охьа йохку ша еъна х1уманаш
Идрис - Хьажал хьайна! Пяс хаза ю!
Малика - Д1атилла! Баса т1ехь йог1уш, товш ю хьоьгахь иза! Вонза лелайойла ахьа иза, Дада!
Идрис - Малика! Аса ахча дохкуьйтура дацара хьоьги...
Малика - Дада... Доккха ахча дац иза... Со т1ех-м цаялало, б1аьрг т1е хоьтчи, иэцан луъуш...
Идрис - Малика! Дала саг1а йойла массо х1ума!
Деши ( ц1а кхочу. Чоьхьа йолушехь) - Вайгахь ма хаза ду! Малика яц иза?!
Малика - Нана ц1а кхечи! (Маликас дуьхьала йоьди, нанна мара къовлу) Нана! Хьо а, яра базарахь? Са б1арг ма цакхийтира хьоьх...
Деши - Яхнера-кха со, цхьацца, жижиг-х1ума оьцуш, аьлла... Берийн г1овг1а ма яц хезаш? Стенгахь бу уьзуш?
Малика – Нана, базарара ц1а йог1ушехь, чу кхетта со. Вай цхьана чай мали?!
Деши - Мегар ду... Аса, жимма когашка са до1уьйту, т1аккха. Хедара х1ун деш бу?
Малика – Могуш, дика 1аш бу, сингаттаме х1умма дацар цигахь.
(Дешина маьнганан т1ехь Маликас еъна х1уманаш го)
Деши - Х1орш х1ун ю? Ахьа еъна хира ю, Малика, юй?
Идрис - Дера ю! Маликас еъна ю.
Малика - Нана, довха йовлакх а, т1ерг1а пасаташ ю... Хьажа, хьайна муха хета...
Деши - Малика, х1орш х1унда еъна ахьа?
(Маликас нанна т1е туьллу йовлакх)
Малика - Нана, вонза леладойла йовлакх! Хаза хета хьоьгахь иза!
Деши - Хаза ду х1ара-м... Дала саг1а дойла, Малика! Делахь а, аса дукха аьлла хоьга, х1оруза ма леладе тхойшина и соьмаш дохкар!
Малика - Дика ду... Нана, аса Воккха-Дадина, Йокх-нанина ма эцна шуьшина эцнарг...
Деши - Делахь а, вайшиъ йист хира ю, парг1атехь...
Асят - Дада! Нана! Деци! Чай молу вай!
Уьзуш шуьне ховшу
Сцена 3
Малика а, Халид а, Иброх1им, Дагмара.
Малика базарара ц1акхочи, чохь г1улкхана д1а-схьа хьийзаш ю. Ишколера йиша ц1аяло вахана волу Иброх1им вог1у ц1а. Дагмара а, Иброх1им а, чоьхьа долу.
Малика – Иброх1им, Схьакхечи шуьшиъ?
Ши бера не1рехь лаьтта, вошешка хьоьжуш, шабар-шибар деш.
Малика – Шуьшиъ лаъа дуй? Сехьа довла, когара мачаш а, т1ера курткаш а, д1а йохуш.
Амма и шиъ лаьтташ ду. Маликас г1улкхашна т1ера тидам, берашна т1е бохуьту.
Малика – Шуьшиъ лаъа лаьтти? Дийца, х1ун хилла, Иброх1им! Дагмара, ахьа дуьйци? Иброх1им, х1ун ю ахьа букъан т1ехьа лачкъийнарг?
К1анта цициган к1орни гуча йоккху
Малика – Х1а-а! Хьажахь, ма ч1ог1а ю щуьшина къайле!
Маликас цициган къорни схьа оьцу. Бераш самукъа доли, делало.
Дагмара – Нана, ахьа ара йоккхура яци иза? Арахь ма шийла ю хаъи хьуна!? Иза мацйелла, шелйелла йолхуш яра хьуна! Алахь, Иброх1им!
Иброх1им – Вайна уллера туькан хьалха, егош 1аш яра иза, нана! Вайга кхабита иза!
Малика – Дера хаъац, суна-м, х1окху хенахь ара муха йоккхура йу са долу х1ума, кийрахь дог долчуо… Сехьа довла, х1ети… Дера ю вай х1окхунна шура юттура…
Мадикас дехьара шура а, жима пиела а, схьа дохьу. Цуо шура йутту. Дагмара йуххе охьа лахйелла, цициг хьоьстуш ю.
Малика – Ц1е х1ун туьллура яра-те вай х1окхунна?
Иброх1им – Дагмара, хьуна х1ун ц1е тилла лаьъа цунна?
Дагмара - Тишка али вай цунах?
Малика – Дера, да-ам ду, цхьа Тишка! Йа Тишакуй ала мегира ду!
Берийн самукъа долу. Чоьхьа волу берийн да.
Халид - Вайгахь хьаша ма ду!
Дагмара – Дада, хьажахь Тишка ма ду!
Иброх1им (самукъенца) - Дада, нанас Тишакуй ду боху иза!
Халид - Хьажахь, тери ма ду!
Малика (елалой) - Дадега марша вог1ийла али вай, цициг-м деан даьллера вайга!
Дагмара - Дада, со хьуна сагатлуш яра!
Дагмара шен де когах хьаьрча. Дас йо1ана коьртах куьг хьокху.
Малика - Хьо х1умма хилла 1аш-м вацар?
Халид - Некъ шарбелла суьрйренца... Парг1ат веара со.
Малика - Адам хьевелла тахана. Машен галялла 1аш-м вац-те?
Халид - Самагаттаде, ц1а кхочура ву иза!
Малика - Даламукълахь! Аса йуъург охьа йилли?
Халид - Хьецалуш, Дадаьрга г1ура ду вай тховса. Лахьан кхобуш йолчу тарг1ане хьажа вола бохуш вара иза.
Малика - Ма дика ду иза! Чорпан ей хьура бара. Цхацца х1ума яра сан Воккха-дадина а, Йоккх-нанина базарара еъна.
Иброх1им - Дагмара, вайшим Тишка дуьги Воккха-дадийна гайта?
Дагмара - Иза д1а дадахь х1ун дийра ду вайшима?
Иброх1им - Аса чета дуьллура ду, т1аккха цхьанхьа г1ура дац.
Малика - Иброх1им, Дагмара! Сабанца куьйгаш дила шиммо. Йуъург д1а ерзийна, охьа г1ура ду вай.
Дагмара - Дика ду, Нана!
Иброх1им - Схьа йола, Дагмара. Аса г1о до хьуна.
Бераш дехьа довлу.
Сцена 4.
1абдул-Къедир а, Т1ах1ир а, Халид а, Малика а, Иброх1им а, Дагмара а, Хеди а.
Халид хьалха чоьхьа волу. Цунна т1аьхье чоьхьа бовлу Малика а, бераш а.
Халид - Буьйса дика хуьлийла, Дада! Нана, хьо х1ун деш ю?
1абдул-Къедир - Вай-й, дади бераш дац уьзуш!? Малика, шу дог1уш ду?
Малика - Воккха-дада, Йоккха-нана, муха 1аш ду шуьшиъ?
Хеди - Халид, Малика, дог1уш дуй шу? Иброх1им, Дагмара! Шуьца-м цициг ма ду!
Иброх1им – Воккха-дада, Йоккха-нана, иза вай ма ду х1инци!
Малика а, бераш баккхийрачарна мара кхета.
Малика - Воккха-дада, цхьа дика чорпа еъан аса. Охьа йилли?
1абдул-Къедир – Дера, Дади йо1а кечбина кхача дика-м хуьлу... Малика, йиллахь иза охьа. Нисса, суьйренна пхьор даъанза вара со.
Хеди - Схьа дуьйла, Иброх1им, Дагмара. Сан шуьшина д1айиллна х1ун ю хьовси вай?
Дагмара - Со хьалхара ю хьуна, Иброх1им!
Малика а, бераш а, церан де-нана а, дехьа бовлу.
Арахь мохь туху - 1абдул-Къедир!
Халид - Вай! (не1 схьа йоьллу Халидас) Т1ахьир! Схьа чоьхьа вала.
Т1ах1ир - Дика мелл дерг дог1ийла, Ваша! 1аш дуй шу?
1абдул-Къедир - Марша вог1ийла, Т1ах1ир! Сехьа вали, охьа хаъал хьайна...
Т1ах1ир - Х1а-х1а, Ваша, со 1ан йиш йолуш вац.
1абдул-Къедир - Хьо сиха волчух тера ду, т1аккха... Дийцал хьой дохьуш веънарг!
Т1ах1ир - Ваша! Со Халидаьрги вахана, не1 къойлина хилчи, кхуза схьавеъи. Сингаттаме хаъам бу сан.
1абдул-Къедир - Дийца ахьа, Т1ах1ир, х1ун ду хилларг! Массо х1ума, шеко йоцуш, Делера ду!
Т1ах1ир - Адами машен некъахь шершина, саца цайелла, хаьрцина.
1абдул-Къедир - Эх1-х1... Валар-висар-м цахилла?
Т1ах1ир - Адам жимма аьрташ лазийна висина... Амма, некъаца вог1учу стеган валар нисделла...
Халид корта та1ийна 1аш ву.
1абдул-Къедир - Я, Везан Дели! Хьан карахь ду-кха массо х1ума! Хьо рези волу сабур лолахь! Хьо рези волу Масла1ат делахь! Хастам бу Хьуна, тхо кхоьллина, тхан Дели! Хьуна гуш ду-кха тхо!
Тезет хоьттира 1абдул-К1едаран кертахь а... Ла ма-торру хало йуьжира Халидан белашна т1е... Шайна т1ехьаьрчина ч1ир, йа цуьнан т1аьхье гуш яцара царна... Уггаре доккха дара нахана хиллачу бохаман дозалла... Малики дени-нанни кхечира бохаман доккха дакъа… Масла1атана юкъа баьхна баккхийра нах бара… Тезет д1адирзича, шайн захалошкара пурба даьккхина, шеца церах цхьаъ вуьгуш, шайна бехке нахе вистхила вахара Маликийн да, Идрис.
Сцена 5.
Барза а, Идрис а. Идрис заь1апхочуьнан каляски т1ехь ву.
Барза – Идрис! Хьо ган со д1а вог1ура ма-вара… Суна бехк хетийти ахьа…
Идрис – Барза! Хьуна ма-хаъара, со тезеташкахула лелалуш воцу масех шо ду. Делахь, хьо волче со вог1ура волуш вара, текхаш веъна… Барза, х1ун дийра ду? Иштта дуьне ду-кха х1ара! Харцийча, х1ара сан куьг санна хийцалуш ду дуьненан х1ума а… Вайн х1ун гура ду хуъуш дац-кха вай… Массо х1ума Делера ду-кха…
Барза – Дера ду…
Идрис - Вай дойзуш ду, цхьана юртара дацахь а, юххера гергарлонаш юкъахь дацахь а. Со тахана хьоьга вистхила веъна, хьо сайх кхетаре са туьйсуш. Аса сайн оьмарехь лелларг дуьйцу хьуна, т1аккха хьайн даго бохург дер ахьа.
Дукха зама хьалха дац вайн къам шена т1е еъана хало 1аьвшина, шена чуьра са д1а цадала г1ерташ, тийсаделла. Киргизехь дара тхо х1етахь. Со вара цхьаъ доьзалхо волуш, жима стаг. Вайна ма-хаъара, адам мацалла леш хан яра иза. Сан делира да-нана а, йиш-ваша а. Иштта 1аш долу, тхуна хезира, къайлаха нохчошка хаъам бина, тховса к1а эцна йоьдуш йолу машен ю хаьрцира йолуш, аьлла. Эццехь хаьрцира ю, аьлла, меттиг билгал йинера. Оцу буса, кегийрхоша, шайга далучулла ялта деара. И ялта бахьнехь мацалла цалеш дисира дуккха адам. Амма, кхана, машен харцийнарг мила хилла-те, бохуш ла доьг1уш 1аш долчу тхуна хезира, тхо санна махках баьхна болчерах цхаъ хилла аьлла машенахь верг. Церан чохь мелл верг, 1едало д1а вигни хиъира тхуна. Церан х1усам, г1арол хоттийна, ларъеш яра. Оцу х1усаман чохь висна кхи цхьаъа вуй-те бохуш, ла доьг1уш д1а яхара шиъ-кхоъ буьйса. 1а дара, 1аламат шийла яра. Буьйса мелла 1аржайелла хан ларйина, со вахара хьажа. Не1рехь цхьа вацара. Чоьхьа ваьлчи, гуш х1умма дацара. Айса х1ун ала деза ца хуъуш: «Цхьа вуй чохь, кто здесь?» - аьлла кхайкхира аса. Г1ийла узам хезира суна. Лерина хьаьжчи, маьнгана т1ехь меттах йолуш х1ума гира суна. Охьа таь1на, аса кара ийцира пхи-ялх шо хира долуш к1ант. Г1елалла чекх са гуш волуш санна вара иза. Иза кара эцна, со не1ре волавелчи, цуо куьг кховдийра юха. «Ахьа х1ун боху? Х1ун хилла хьуна?» - аьлчи, цуо п1елг хьажийра. Со юха вирзичи, тховх хьала оьллина гаьгали чохь хьарчина жима бер гира суна. Оцу к1ента йиша хиллера иза. И шиъе бера, шаршон йукъа хьарчийна, сайн мара къойлина, со леч1къаш чу вахара. Оцу буса дуьйна, кхоъ доьзалхо хилира сан. К1ант, вай ц1а даьхкиначулла т1аьхьа, воккха хиллачулла т1аьхьа, хи чу вахна, д1а кхелхира. Барза, оцу йо1а к1ант ву тахана х1ара болх карахь лелларг. Хьуна бакъ дерг ала лаъахь, х1окху дуьненна чохь оцу йо1алла къинхетаме а, мерзи а, дени-нанни доьзалхо хира вац… Далла гуш ду, Барза, и к1ант сай велхьари, со хьуна т1е веъна хира вацари. Хьайн даго къобал дахь – т1е эца аса дийцинарг. Иза хьуна хьайна дика хуъура ду. Аса, хьан кхеле дилли кхи-д1а дерг!
Барза – Идрис! Кхи х1ума цахилчи, суна т1е валавайтина ахьа хьо – иза шен лакхара мах болуш ду… Шозлог1а дерг – оцу халачу заманчохь, хьан дага чохь оццула къинхетам хилла хилчи, тахана аса муха диийра дацара оцуьнан пусар?! Дала шен дуьхьа дойла! Тахана со къинт1ера ваьлла-кх оцу къантана, Дела Шен дуьхьа а, хьан хазачу г1иллакхан сий дина а!
Свидетельство о публикации №226021101618