Пьесан дакъа Шиъ к1айн кхокха

Декъашхой:
1. Адам.
2. Хьалимат – Адаман нана.
3. Са1ид – Адаман доттаг1.
4. Асят – Адаман езар.
5. Деши - Асетан хьаша.
6. Докку – Асетан да.
7. Рукият  - Асетан нана.
8. Ваша - юьртан имам.


Шовданан йистехь лаьтташ шиъ къонах ву. Самукъе йоцуш д1а-схьа хийзаш ву. Гучу йолу Асят а, цьунца йолу накъост а.
Кепп 1
Са1ид: Шу марша дог1ийла Деши, Асят!
Деши: Делера Салам-маршал хуьлийла. Бехк мабиллалаш, тхойшиъ жимма
 хьеяларна. Шен дена гуш, шовдане ян ара цайолура Асят.
Асят: Марша вог1ийла шуьшиъ!
Са1ид: Тхуна-м, хаза ма-хета Асетан г1иллакхаш! Нийса бохи аса, Адам? Бехк-м мухле цабиллара цунна!
Адам: Деши, муха ду хьал-де? Могуш дуй?
Деши: Могуш ду. Делан къинхетам бу, Адам! Дика 1аш дут тхо. Вайгахь х1ун ду, нана муха йу?
Адам: Дала дика кхобу, кхин сингаттаме х1ума дац. Нана дика йу. Дала 1алашдеш схьадог1уш ду-кха вай…
Деши: Вайна гуттара оьшург дар-кха: машар, парг1ато, вайн боьвзарш-безарш могуш хилар.
Адам: Деши,  ахьа пурба делчи, Асете вистхира вара со.
Деши: Мегш хира ду. Дистхила шайна.
(Адам а, Асят а, ши-кхо г1урч сехьа долу)
Адам: Асят! Со вара х1ара таханлера де оцу малхо къагийна аьлла хеташ. Амма, хьо схьайог1уш гичи хиъира суна оцунна бехке хьо йуйла. Йист хилахь Асят!
(Асят эхь хетарца д1айоьрзу)
Асят: Адам, нана х1ун деш йу, муха йу иза? Дадина ч1ог1а йоккха парг1ато хуьлу цуо кечдинчу дарбанах. Дели рези хуьлийла цунна!
Адам: Дика ю нана… Шегара хьал-м хьулдора цуо… Да-м гуттара цуо лайнарг дар иза, делахь а, х1окху т1аьхьарчу хенахь, т1ехоьттинарг къонахчо санна ловш 1аш ю-кха иза, вай массо санна…
Асят: Дера ю-кха, чойнаш ерзош, цамогушчарна дарбанаш деш… Дала г1о дойла-кха вайна!
Адам: Асят, хьо жимма ойлане йолуш санна хета суна-м…
Асят: Дог 1ийжаш, цхьа тамашийна сингаттам бу-кха соьгахь…
Адам: Асят, сан ду хьоьга ала дезаш цхьа х1ума…
Асят: Алахь, со ладуг1уш йу хьуна…
Адам: Асят, со ахьа тешаман делла йовлакх схьа дохьуш веъна…
Асят: Адам, иза х1ун ду ахьа дуьйцург?! Соьгара х1ун даьллера?
Адам: Цкъа ладог1ахь соьга, Асят…
Асят: Бехк ма-биллалахь… Доцца ала хьайна луъург. Со сиха ю…
Адам: Асят! Хьуна гуш ду вайн махкана а, къомана а, т1е хоьттина долу хьал… Къонахи вовшах бетлуш бу… Герзаш дуьйлина ду… Сан дин кийча бу…
Асят: Вай, иза х1ун ду ахьа дуьйцург…? Адам…
Адам: Кхин некъ гац суна!
Асят: Т1аккха, нана хьаьнца йуьту ахьа? Цуо х1ун дийра ду?
Адам: Иза ларора ю. Аса пурба дехчи, цуо соьги х1ун элира хаьъи хьуна?
Асят: Х1ун элира-те, оцу пекъаро хьоьга?
Адам: Дера элира, ша уггаре ирс доцуш нана хира яра, даймехкан эшначохь шен д1ахотта во1 цахиллехь, аьлла!
Асят: Вай, пекъар яла х1ара… Ма-атта аьлла дац цуо иза, ма-хаьъа суна…
Адам: Доьналла ду коьртниг. Иза сан ненехь долуш ду. Хоьга иза деха сан йиш яц.
Асят: Адам, тхойшиъ цхьана 1ан мегира дуй?  Пурба лой ахьа суна?
Адам: Дера мегира дац!
Асят: Х1унда?
Адам: Хьуна х1инци дахаран ирс ган йиш ю… Хьо…
Асят: Суна оьшуш дац хоьци доцу ирс! ( Асят бехк хете д1а йоьрзу)
Адам: Сан йиш яц хьо дакъаза йаккха… ( Аз лахдина олу Адама)
Асят: Сан йовлакх хьайгахь дита ахьа, Адам! До1анашца Деле хьо воьхуш 1ийра ю со.
Адам: Асят! Со-м, хьо парг1ат йита ойла йолуш веан вара тахана… Ахьа дог хьаьсти сан... Дала 1алашйойла хьо! Ткъа х1инци, ахьа схьа эцна долчу шовданах кийра 1абора бара аса. Кховда дехьа суна шийлачу шовданан хи, Асят!
(Асета хи кховдадо Дешига,  кхийра зоканан чохь сха оьци. Дешис иза Адаме д1ало. Адама шегара зока кховдайо Са1идега. Са1идас куьг дагна т1е дилларца баркал олу. Хи цамолу цуо. Адамас охьа лахлой хи молу. Зока д1а кховда йо Дешига)
Адам: Ма-мерза дара и хи, да-м, х1ай! Деши, Асят! 1адика йойла!  Дала яздина делахь, кхин а, гура ду вай.
Деши: Дала 1алашдойла шу! Дала могуш ц1а дерзадойла!
Асят: Амин, Везан Дели!
Кепп 2
(Асят шен чохь д1атойжина 1аш ю. Нана чу йолу. Асят охьа хуъу)
 Рукият: Асят, х1ара ши-кха де ду-кха суна хьо цхьа тамашийна, беса хеташ йолу… Йа йуъчух кхеташ яц хьо… Корта лозу хьан, йа х1ун ду?
Асят: Нана! Корта лазар дац соьци… Кхи лараз ду …
Рукият: Дийцахьа, Асят, соьга!
Асят: Суна бехк хета хьоьга ала…
Рукият:  Хьан йиша, йа нус яц дагара дийца. Жимма къада мукъне дехьа. Со кхетара ю хьуна.
Асят: Нана! Цхьа бутт хьалха, тешаман йовлакх деллера аса, вайн дарбанаш кечдеш йолчу Хьалиматан к1анте.
Рукият:  Адам вуьйци ахьа?
Асят: Вуь1цу.
Рукият:  Иза-м дика к1ант ву, шеко йоцуш! Стомура сарахь сайна гинарг иза ву бохуш ю-кха со, т1емлой тобанца йуьртах волуш! Айдамарер Са1ид вара шен динахь цаьрци.
Асят: Хилла хира ву и шиъ цхьана…
Рукият: Дала 1алашдойла шу, бохуш, йолхуш т1аьхьа хьйжира со царна.
Асят: Нана! Цуо со шовдане кхйкира йовлакх схьадалан. Со парг1ат йита. Аса схьа цаийцира иза. Нана, къит1ера йалалахь суна!
Рукият: Рукият:   Пекъар йала хьо, Асят… Х1умма дац, цуьнан дог кхоийна-кх ахьа… Хьалиматас х1ун дер те-ша…
Асят: Нана, суна хаъац х1окху дагна айса х1ун дие… Х1ара дат1а герга ду сан…
Рукият:  Сан жима Асят! Ма хьалхе дара хьо оцу лазаро хьийзо… Аса х1ун дан лаьъа хьуна? Сан карахь х1умма ма дац…
Асят: Нана! Суна бехк хета хьоьга ала…
Рукият: Алахьа, Асят!
Асят: Со Адами ненци, цаьргахь 1ан мегара дацар? Цуьнан кхи цхьа ма вац… Иза цхаъ-ша ма-ю…
Рукият:  Ахьа х1ун дуьйцу, Асят? Иштта муха хира ду? Сабур делахь цкъа… Хьан да ву тезетара ц1а вог1уш.
(Асят дехьа йолу)
Кепп 3
(Асетан да чоьхьа воли, 1асанан т1е тойжи, охьа хуъу)
 Докку: Эх1-х1ей… Исма1ал, ма къонах вар-кха хьо! Хьо дуккха ваха везаш ма вара… Кхианза болчу доьзалах а, къеначу дех-ненах а, къа хета-кх…
Рукият:  Дала сабур лолда царна! Дала яздинарг лелора ду-кха бисинчара…
Докку: Йуъург вовшах тохалахь. Исма1алийн доьзална чу кховдо еза хьуна иза, нах д1атийча.
Рукият:  Дика ду. Кечйира ю хьуна аса. Со яр хоьга цхьа х1ума алан дезаш…
(Докку хьала г1отти, чухула волало)
Докку: Со вац хьуна цхьанге ладег1а дог дог1уш! Цхьа х1ума ала хан карийна хьуна-м …  Ма доккха х1ума ду-кха г1ора эшна висара! Хьалхалера ницкъ белхьара х1окху дег1ехь… Дависа кху дуьненан! Дависа кхуьнан!
Рукият:  Делера сабур доьхура ду вай! Цуо Шена т1е тойжинчунна жопп ло…
Докку: Иза хуъуш, дера ву со-м… И сабур доьхуш 1аш ву со а, х1ара мохк а!
Рукият:  Со хоьга хьахор бохуш 1ара. Дарбанаш деш йолу Хьалимати к1ант т1емлошци д1аваха.
Докку: Дера вара хьуна цуьнан да Берса-ам майраллех а, доьналлех а, вуьзна к1ант! Къонах, аьлла, йоккху ц1е йоккхучарна йукъахь хила хьакъ волуш вара… Хьалхе г1азотехь кхелхи-кх… Цуьнах йисна Хьалимат ю оьзда зуда! Жималлехь йисна и к1ант кхобуш 1и. Массо цамогушчунна дарба деш, шегара накъостал доцург, кхин сингаттам цагайти цхьаннена. Харц доцуш  кица ду вайн дай: «Йиса еза зуда», - олуш.
Рукият:  Дера, иза иштта ма ду… Цхьа бутт хьалха, Асетас тешаман йовлакх делла хилла Хьалимати к1анте. Селхана т1аме д1а ваха иза, шен накъосташца.
Докку: Маржа дуьне йа1… Дала 1алашбойла уьзуш! Могуш-маьрша ц1а боьрзийла!
Рукият:  Амин, Везан Дели! Асят ю йолхуш…
Докку: Йоьлхуш ю боху ахьа? Х1ун дан деза аьлла хета хьуна?
Рукият:  Суна-м хаъац х1ун дичи нийса ду…
(Докку, ойлане вужи, охьа хуъу)
Докку: Суна хаьъа х1ун дан деза!
Рукият:  Дала диканиг таса хьан ойлане. Х1ун дан воллу хьо?
Докку: Оцу къонахчунан ц1ийнан хьалхара нахана т1е стаг вог1уьтура ву аса. Вайн йо1 там-мах бай д1айига аьлла. Суна доккха дозалла хетара ду оцу нахаца гергарло хилар. Эццехь, Хьалиматийци чохь 1ийра йу.  Диснарг, Дала дог1ийтнехь хира ду.
Рукият: Ниийса боху ахьа. Бохам а, хало а, т1е еанчохь, зудари а, хилан беза доьналлехь.
Докку: Кечам хилийта, хьецалуш.

Кепп 4
(Хьалимат йу г1айг1ане, товхахь йогучу ц1ерга хьоьжуш, хиъна 1аш. Ша к1антана лаькхна аганан йиш ю цуо локхуш. Не1 туху, мохь туху)
Имам: Хьалимат, чохь йуй хьо?
Хьалимат: Чохь йу со. Мила ву цигахь?
Имам: Со ву, Хьалимат.
Хьалимат: Марша вог1ийла, Ваша! Чоьхьа вала.
Имам: Хьан пурбанца, Хьалимат.
Хьалимат: Х1ун ду хилларг? Вайн берашкара хабар ду, йа лазарца цхьаъ ву?
Имам: Хьалимат Иза, йа важа дац хьуна. Со вайн тайпана хьалхара наха векал вина, ваийтина ву хьо йолчу. Хьан хьал вайна массарна хуъуш ду. Даламукълахь, Адам ц1а вог1ура ву. Тховса со хьоьга хазачу кхоаца веъна ву.
Хьалимат: Дера, х1ун кхаъ бу-те соьга баккха и цхьаъ боцург…
Имам: Хьуна йевзаш хилла хира йу вайн Адама а, Докки йо1а Асета а, йукъаметтиг!
Хьалимат: Дара, тешаман кара делла йовлакх дара… 
Имам: Тахана Доккас стаг ваийтина вайна т1е. Хиндерг цахуъуш, оцу йо1ах къа хеташ, оха дуьхьло йира. Амма, Доккийн сацам ч1ог1а бара. Там-мах бина, захало дина вай.
Хьалимат: Захало дина? Со цакхета…
Имам: Мехкари, чоьхьа довла!
(Не1арехула чоьхьа йолу Деши. Цуо куьг лаьцна ялош Асят йу. Хьалимата хазахетарца йоьлхуш, Асят мара къовлу)
Хьалимат: Ваша! Бехк ма-биллалахь, суна… Сацанза х1ара хаза хетеран б1ара-хиш!
Имам: Дера, Хьалимат, ма-кхеташ ву со хьоьха… Къанделла нах долушехь, тхо 1ийра хьуна вовшех б1аьра-хиш лечкъош, оцу Доккас динчух даккхи деш… Барам-йист йоцуш доккха адмалла а, доьналла а, ду цуо гайтинарг! Дас атта ден доцург ду! Дала сий дойла Асят кхиъийначу де-нений!
Хьалимат: Амин, Везан Дели! Оццула ирсе юй-теша со? Х1инца суна хала дац х1умма лан!
Имам: Даламукълахь и вайн т1емлой ц1а бог1ура бу. Вай дика 1ийра ду. Х1ара йо1 вайна беркате хира йу, аьлла, тешна ву со! Иштта доьналлехь мехкари болуш, цхьаъа кхерам хала бац вайна! Дала барт цхьаъ бойла!


Рецензии