Даймахке
Некъаца керчина, г1орза бен йацахь а,
Дайн аьзнаш хуьйдина, хьан лекха аьрцнаш а:
Уьш хилла-кх, сацкъаршлахь, суна хьо марзбинарг.
Дой тесча, до оьгу гоьзанан гонаш а,
Б1ов-кхерчан херцаршлахь: иккхина бога а,
Нохчалло, луьйтанахь г1аттийна бере а,
Уьш дерриг, дуцалуш, хоттало иэсах сан.
Мел дина сайн некъаш, хьуна т1е дина ас,
Ойланийн т1емаш а, хьох доьзна хилла сан.
Апареш хьан 1аннийн, сан дагт1е оьхуш ду,
Оьхуш ду сан дагт1е- ахь тесна орамаш.
Хьох тесна йу хьуна, аганан кохка а-
Сан ненан мукъамца, хьирчинарг соьха цкъа.
Бу хьуна, дас битна, къовлам а куьг кхочехь,
Хьан шу т1ехь йукъ йехка- кхачийнарг суна
цо.
Свидетельство о публикации №226022302029