По красивой девушке и улицу узнают

    Салахьаддин Яхьян
               
 
   
Бексултанов Мусан повестах
киносценарина лерина кечам


 
 
 
 
 
     ЙОl ХАЗА КХИЪЧА
                УРАМ А БЕВЗА
 
 
 
          
               
               
 
               
               
 


 
 
ЗТМ.
Йоза х1утту:
Нохчийчоь
Ткъолг1а б1ешеран ткъе уьтталг1а шераш
Ламанца йеха к1отар
Эвлайист
Кешнаш

Йехха планаш хир йу
 
Схьахеза къамел:
Кхуьнан мел волу стаг а кхузахь вара. Кхузахь бара цуьнан бала а, дагалецамаш а. Кхузахь Заза а яра. Иза кхуьнан ден - Алдаман - коша юххе д1айоьллина а яра, аьлча а: цуьнан дег1ах буха йисна даь1ахкаш яр-кх. Иза кхуьнан зуда яцара. Кхуьнан зуда ян а яцара. Иза кхузахь вехха лаьттара гуттар а. Цуьнан б1аьргех наггахь жимма хи а долура. Наггахь жим а лора х1ара кхузахь. Т1аккха дика а хуьлура, жимвелча, кхано юха, меттавеъча, хала хилахь а. Хала-м дерриг а дара. Уггар а хала дахар хиллера дахарехь. Хала дара, хьоьга ян дош а делла 1аш йолу йо1 кхечо шен ц1ар т1е яккхар. Гуттар а иза ларъян дезар а хиллера хала, нехан ц1ар т1ехь а йолуш. Хала дара цкъа а иза даг чуьра д1а цаялар а. Заза куьцехь йо1 а ма яра ч1ог1а, хьаьштиг санна, йогуш, чекх са гуш бос а болуш. Дег1 цхьа инзара тохалора кхуьнан х1оразза а, цунах б1аьрг кхаьтча, текхарг гича санна. Ма хала ловр кхо цуьнан кхийсарш: ваша вацара мисканна, цхьа къена да воцург. Сонта х1ума хиллера жималла, доза доцуш сонта. Дуьне хьайн дуьхьа кхоьллина ду моьттура х1етахь. Иштта моьттуш хиллера Зазина а.
 
Х1ара лаьттачу лахуо кешнаш дара. Кхунна дерриш а чарташ гуора цигара, г1айракх-т1улгах а, 1окъа-т1улгах а дина доьг1на долу. Ц1аьххьана коша чуьра цхьа адам хьалаг1отту: цо шен т1ера барзакъ хуьйцу. Иза т1аьхьо вевзар ву. И син г1аларт долалур ду кху ламанца. Иза наггахь хийца а лур ду, шен аматехь.
 
Шовдан йистехь. Кхузахь шортта адам хир ду. Хи йистехь кегий нах; новкъа воьдуш массех бере; г1улгех ловзуш шорта бераш; цхьанхьа пхьоьхане бевлла къаной; ц1енна, доккха дахар хир ду кхузахь кхехкаш, шен исбаьхьчу 1аламца. Назма олуш хир ву масех къонах. Кицанаш, 1иттарш. 
 
 
Элби.  Деллахь, Заза, динбекъа, кхо шо дуьзча, 1амош хуьлий хаий хьуна?               
Заза.  Хуьлу. Шех б1о булуш хила веза-кх, Элби, и бере. Меттигаш хала ю-кх вайн… Чутоьхча лазор ву-кх бекъано.
Элби.  Чу ца тохийта х1ун дан деза ткъа, ва Заза? - хаьттира кхуо, кортал аркъал а тосуш, цуьнан б1аьрг т1е б1аьрг а х1оттийна.
Заза.  Чу цакхетаволчуьнга бекъа а 1амайойтуш, ша гуотана алаша лело езар-кх, Элби, элира Зазас, цуьрриг шек а ца йолуш.
Элби.  Мерчешла хьерчадойла-кх хьан марг1ала дег1, 1отта-м ч1ог1а 1оьтти ахь суна… Алдаман во1а уллохь ваша воцу, къеначу Малакан йоь1ан некъ бохийна бохург ца хилча, ас дуьрста тосура яра цу хьан коьртах… Цу х1уманна некъ маьрша бу хьуна соьгахьара. Бакъ ду, Заза, иллешкахь санна, хьуьнар тоьллачунна яла хьо хьайн дас йиллина хилча, со воцчу к1ентан кирхьанна т1ехьа-м лечкъор дацара ахь хьайн и марг1ал дег1, ахь сох алашан бере винехь а, - кхуо аьлча: 
 Заза.  Иштта-м хир дарий-те, Элби, вайна ма моьттура! - олу Зазас, ша д1айолаялале, к1ега санна догу б1аьргаш кхуьнгахьа схьа а кхарстош. Цара вага а вора х1оразза а, дагах чим боцург, т1аьхьа х1ума а ца дуьтуш.
 
 
               
        Цкъа лахенгахь доссийна долу нускал ц1адало боьлхучу замошца вахара х1ара. Мехкаршца Заза а йолуш. Говрашка са а до1уьйтуш, ловзар х1оттийра кхара новкъахь, шаьш юхадог1уш. Циггахь: шина-кхаа йо1а: - Ва, Элби! Говра хьовзаехь цкъа, олий - доьху, юьртхоша т1е а та деш дехар.
       Зуьйза а вара лакхуо 1аш, кхуьнан ден доттаг1, лохачу г1анта а хиъна, циггара х1орш тергал а беш. Зуьйза воккха стаг вара.
 
Элби.  Кай, схьахилахь: тхан ден доттаг1 Зуьйза волчохь тамехь дац суна сайн дин хьовзор, ахь тасийтахь кхуьнга к1еж. Мел дика хьовзича а, шен хенахь Зуьйзас санна говр хьовзор яцара цхьана а къонахчо. Зуьйза цу х1уманна ц1е яххана ву кху ламанца.
      
      Кхуьнан дин хьовзийна баьлча, Зуьйза кхойкху: - Шен дега хьовзаяйтийша и говр, шен дега, - олий.
    
 Т1аккха кхуо шен говр ша хьовзийра. Шен ден санна хьовзар яцара говр. Иза хаьара Зуьйзина.
Пондар, вотий доладелча, кхена йо1 санна, синкъераме, яйн, б1аьрг хьостуш йолаелира Ч1амар. Эццехь Ч1амаро шен болх схьабо. Наха ч1ог1а ловцаш бира х1ара ваьлча. Говрана масийтта йовлакх а оьллира. Т1аккха, тхьамдо, цхьа шиъ халаха дала деза олий, Зуьйзина хьалха т1ехуьлу х1орш. И шиъ х1арий, Зазий хуьлу. Тхьамдина хаьара, кхуьнана Зазехь йолу ойла. Заза хелха а ма йолура хьуна, дуьне цецдаккха санна! Мел хелхвала ца хуург а 1емар вара цуьнца цкъа хелха ваьлча. Цо 1амавора-кх шен хелхарца, леларца, ког шаршорца, б1аьра хьажарца. Дуьне а ма дицлора, иза хелхайолуш гича! Иза ша дар-кх дуьне. Ерриг а дахаран къайле а - иза.
 
Элбиан ц1ахь, кертахь. 
 
Хеда.  Ахь х1у леладо, к1ант, минот моссаза ели х1ара говр хит1а кхуьйлуш… цкъа мелча тоьа хьуна говрана хи… хьо Малакан йо1аца хьоста къуьйсуш вацахь. (Ша кертахь деш долу дезарш саца а ца деш до къамел.) 
Элби.  Сох дерг-м хаац суна, Нана, цхьацца «нах» болу таро-м йу цу хьостане боьду сан некъ хадо дагахь (сихвелла шен кечвалар тодина, х1инца дин кечбеш ву, шен т1ехаа). 
Хеда.  Садесар, к1ант, хьо цхьаъ дагахь-м лела хьуна. Х1ума лаарх пайда бац хьуна, лаам кхочушбеш ца хилча. Хьал долуш ца хиларх, ирс долуш хила бакъо йолуш ву муьлхха а. (Нана, леррина хьоьжу кхуьнан кечаме.)
 
    Элби новкъа волу. Дехьо схьавог1у, кхуьнан ден доттаг1 Зуьйза.   
 
Зуьйза.  Цхьанна тиэбаш-м ю хьуна хьо борз… хьо ваха, хьан метта велахь, со а-м тебар вара. (Цхьа а тайпана 1оттар йоцуш, лераме.)
Элби (Г1иллакх х1оттадо: салам-маршалла.) 
Зуьйза.  Хьастаг1а, замошца хилла, хьоьца хелха йаьлла йо1 хьена яра, ва Элби, ма ц1ена зудабер дара иза? 
Элби.  Малакан йо1 ю иза.
Зуьйза.  Хаза зуда – дика стом бу хьуна, Элби. Малакана т1е нах бахийта вайшимма (велавелла).
Элби.  Ца оьшу.
Зуьйза.  Йо1 хаза кхиъча урам а бевза хьуна, Элби; нах а ма бац б1аьргаш а доцуш… Дика ду, хьажа хьайн г1улакхе, д1аваха пурба ду хьуна.               
 Элби.  Малакан йо1 ца яшшал ледара ву-те со (ша шега)?
 
                Яша-м ца ешира.
                Шовдан йистехь
 
Элби.  Ва Заза, и 1умхан во1 Къаьхьир ву ма боху кху к1отар х1уьттуш… Бакъ дуй иза?
Заза.  Хьуна ехна-м яц со, Элби? Я хьоьга кара х1ума елла ас? Масане вог1у суна т1ехьовза к1ант, сан да х1отта-м ца г1ерта хьо? – йелааьшна дина, корта аркъал а тосуш.
Элби.  Хьан да ма х1уттийла-кх сийна саьрмик а. Лаьхьа бу-кх хьо, лаьхьа, дег1ах чекхбуьйлуш болу.
 
 Заза йелайелира, хаза цергаш къагийна, б1аьргаш чохь ц1еран суйнаш а кхийсалуш.
 
Элби.  Иштта а, цхьа ондачу куьйга схьа а лаьцна, хаддаза буйнахь 1уьйдуш санна лазадоккху-кх ахь сан дог, и хьайн д1овш ахь ца 1енийча а. Ца хаьа суна-м, дуьне мел ду д1аваха…
Заза.  Тоьпан чакхми т1е юрт юьллур цигахь, шаьлтан диттаца некъ боккхур цига, 1аьржачу латтанах ц1а дуг1ур, сийначу стигланах тхов боккхур…
Элби.  «Ванах, сох яла йоллу-кх х1ара?»  - аьлла, дагатесира кхунна х1етахь дуьххьара, цхьа ира йуу 1оьттича санна. - Цкъа реч1ано леча санна, гур буг1уш, со схьа а лаьцна, юха 1а ч1аг1деллачу хенахь, борц лаха аьлла, со д1а а хецна… Мичара, йо1, г1уллакх хир дац цу беса-м, кур бергаш цхьана денна цкъа малхе ца яхча-м!  Юха д1аваха аьлла, ша говр т1е хиъча, т1ера охьа чу а хьаьжна: - Заза, мала хи луохьа суна, - олуш, хи доьху.   
Заза (Зазас, цхьа хаза охьатаь1на, буьззина схьа а эцна, хин чами кховдабо, генна ирхъойъуш): - Хьанал ду-кх хьуна, Элби, х1ара хи, - олуш.
Элби (Т1аккха кхо Зазин куьг схьалоцу, вела а велла). Х1инца-х юй хьо сан!   
               Заза тоха ца ели, я хин т1адам а ца 1аний чами чуьра. Заза кхунна б1аьра хьаьжира, бухара хьала, нийсса.
 
Заза.  Деллахь, Элби, ахь цхьа къонахчун къамелаш дуьйцуш, со-м хьох къахка а ца къаьхкара хьуна. Хьо-м башха ч1ог1а къонах а ца хилла хьуна, айхьа ма вуьйццура, х1инца сан куьг а д1ахеца, хьо ваьллехь…
 
  Ша Зазин куьг д1а муха хецна а-м ца хиира кхунна. Ца хиира, Заза д1а маца яхара а. Кхунна ша цхьаъ гира хийистехь, кхано, меттавеъча.
 
 
Элби. Йа Робби, сан Дела! Ас мича до1нашца х1ун деха деза Хьоьгара, са сих леттал карзахвуьйлуш, ойланах талххал схьагучух ца кхуьуш… Мича г1ор техьа, мичахь йовр оццул хилла б1аьстенаш, можа листина хилла гуьйре, эзар зовкх луш, эзар кхаъ луш хилла болу безам мича некъашца тилалур те… йиш юй те иштта д1адан, со кхуьуш соьца кхиъна, сан г1енашца карладийлина мерза хьегарш кхин доь доцуш…               
   
                Цул т1аьхьа шо сов зама яьлла д1а Элбиана Заза ца гуш.
 
Хеда.  Цуьнан нана кхелхина а ма даьлла цхьа шо. Х1ара шо-м даьккхи ахь, берашка дин хит1а а кхуьллуьйтуш, хьостана т1е боьду некъ хьайна биц а бина. Хьох-м алашан бере хилла ва к1ант, юьртарчу наха вийца а воккхуш… Зазина захалонаш т1екхоьхьучух тера ду схьадийцарехь. Делахь а, Зазас цхьаннан дош т1е ца дуьту-м боху. Х1етте а иза йолчу ваха, я цуьнга хит1а кхайкхийта ца х1утту хьо. Йо1,  нуьйр тиллаза йолу бекъа санна ма ю, цуьнан кхийсарш даг т1е латто ма ца оьшу… Я хьуна реза яц иза…            
Элби.  Заза сайн реза ца хиларх-м ца вухура со. Цо ечу кхийсарех а ца вогу. Заза суна долчунна елла. Ас айса йийна иза цкъа, собар а ца тоьъна. Со кхоьру, сайга х1етахь бухара хьалахьаьжна дассаделла хиллачу б1аьргех…   
Хеда.  Дукха 1ийр вуй хьо иштта? Зудберанна хьежа к1орда ца дахь а, вон-дикий ца къесторах бен ца хеташ стаг волу хьуна. И йо1 башха зудабер ду хьуна, цуьнан сий дан а, цуьнан мах хаа а, хьан-хьанна а хуур доцуш. Сан-м и ирс хир дацара, иштта оьзда а, хьекъале нус сайн керта хьийза. «Хьайнаг ледарчу ц1ент1е яхийта, айхьа схьаялош ц1енчуьра ялае», - олуш ду вайн кица. Неха ц1ент1е яхча бухахь ледара хьал хилахь, хьан доьзалхо д1атарлур ву атта, ткъа хьан х1усаме йог1ург ц1енчуьра хилча цо хаза г1иллакхаш дахьар ду шеца.
 
                Шолг1ачу шарахь дара, х1ара беречун духарца, шен динахь шовдан йисте вахча. Зазига хит1а кхайкха цхьа йо1 а йохуьйту кхо. Геннара дуьйна го кхунна, 1аьржачу духарца, корта  хьала а ца ойъуш, аьрру белшах к1удал а тесна, ша кхайкха яхийтинчу  йо1аца йог1у Заза.
 
Элби.  Суьйре дика хуьлда хьан, Заза. Хьох бехк ца хеташ-м ца веъна со тахана кхуза, я ван юьхь йолуш а ца веъна… Хьо сайна къинт1ера а яккха, наха вайх лаьцна дуьйцу хабарш кхачо а дагахь, схьавеънера… Хазалло са ирсах хьагадо-кх, Заза. Х1етте а тахана т1аьххьара хьоьга цхьа хаттар-м дара сан: хьо ца яша х1ун сакхт я х1ун эшам бара суний, сан дайшний т1ехь, наха п1елгаш хьежо бисина? Иза алахь соьга.
 
 Заза г1еххьа лаьттинчул т1аьхьа йистхилира, лаьттара хьала а ца хьожуш.
 
Заза.  Сан-м дац, Элби, хьуна а я хьан дайшна ала х1ума. Деца а, ненаца а хилча, къона а хилча, цхьа сонталла хуьлуш хиллера-кх даг т1ехь… Йо1ан кхин бахам а ма бац, шен хазалла йоцург. Цундела, цхьацца кхийсарш-м йора ас хьуна, къинт1ераваьллехь… Стагехь мел доьналла хилча а, г1иллакх доцург къонах вац, - олу дадас… Хьоьгахь доьналла хиларал совнаха, г1иллакх а ма ду, Элби, зудчо ца хадийнарг мах а ма бац къонахчун…
Элби.  Деллахь, Заза, цхьа х1ума а эшна, со стагана т1евахча, оцу стага хаза къамел долийча, и г1уллакх ца хуьлуш нисделла хьуна сан гуттар а. Сан г1илкхаш а дитий, ас деллачу хаттарна жоп дахьа суна.
Заза.  Айхьа бохучунна т1ера ца вели-кх хьо, Элби, цкъа а. Массо а х1ума цхьана аг1ор кхеташ хили-кх хьо… Со айхьа кхайкхича тахана кхуза йог1ур йоцийла ца хаьа хьуна, цхьа кхин х1ума дагахь хилча?
Элби.  Заза, ялташ чудерзийначул т1аьхьа хьо соьга йог1ур ю аьлла, дош дала деза ахь суна.
 
                Заза, бухара хьала хьожу кхуьнга, жоп дала сих ца ло. Элби, нийсса Зазин б1аьргашна чу хьоьжу. Зазин елар эккхаш санна балда меттахъхьов, х1ара цу балхо ч1ог1а вага а во. Лаьттина, Заза, д1а-схьа хьожий, корта а ластош, нийсса юьхь дуьхьал а хьожуш, йист хуьлу:
 
- Галин бертиг яьстачий бен ца хаьа цу чохь ерг, вай дахар къайле ю; йо1ан оьшург дукха а дац, шеца цо схьадеънарг бен кхин дахьа а дац цуьнан. Цхьалла бен-бен хуьлуш хиллера: синан а, дуьненан а - соьца ший а ю-кх… Со… реза ю-кх хьан ц1ийнан стаг хила, хьо дуьхьала вацахь?
 
Элби ч1ог1а реза хила кху къамелана, делахь а и шен г1адвахар лачкъо
г1ерта шен ницкъ ма кхоччу.
 Ялташ чу дерзийначул т1аьхьа Заза кхуьнга йог1ур йолуш, къаьстира х1ара шиъ цу сарахь, Гуьйренан т1аьххьарчу беттан хьалхара юьхь а хьахийна. 
Ялта а,  мангал а чекх а баьлла, х1инций-х1инций Зазига хан юьллуьйта-кх ша, бохуш, х1ара 1аш, Заза Къаьхьира ядийра, эсашна дуьхьал яханчуьра.            
              Кхузахь, Къаьхьира Заза ядош долу сурт хир ду.
 
Эпизод. Х1ара-м х1етахь ц1ахь а вацара. Лахенца охьавахана вара, хьошалг1а а воьдуш, шен ненавешин шичошка ша Заза ялош вуйла д1а а хоуьйтуш.
Синкъерамехь 1аш вар-кх х1ара, гоьл т1е ког а баьккхина, цхьана эвхьазчу жерочуьнца генаваьлла забарш а еш, Заза ядийна аьлла, Кай веъча.
Къаьхьиран ц1е яьккхича, пханарш юккъе топ кхетча санна хийтира кхунна, букъан т1ум а лоцуш.
Дан х1умма а ца хилира: Зазин дас, Малака, д1адерзийра дерриг а, там-мах а бина, Къаьхьир шен нуц а лоцуш.
Шен да велла вон кхин халох ца лайра кхуо. Да-м Делан 1ожаллах веллера, метта охьа а вижна, наха кадамца, дикачу дашца хьан дог а оьцуш. Кхузахь дацара цхьаннан а дан г1о, я кадамах болуш пайда а, оьг1азалла йоцург.
Муьлхха а бала а, г1ело а х1умма йоцург хилла-хиллера жимачу стагана, тахана-тховса хьоьга йог1у бохуш, сил дукхаезаш 1аш йолу йо1 цхьана кхечо стешхаллица д1а а йигна, хьо висарца дуьстича.  Цул хала г1ело лаьтта т1ехь цхьа а ца хиллера къонахчунна. Шен дас олуш хезнера кхунна: «Зударшна т1ехула хилла г1ело къонахчо шеца коша чу хьо» - олуш. Иза-м хьо коша чу вахча а т1аьхьа йусуш хиллера, т1аьхьено  т1аьхьенга а юьйцуш. Цхьа сатийсам ца хилча я синкъерам ца хилча, хала хиллера дахар, лан ца даллал хала.
               
        Кхо т1аккха Къаьхьир волчу стаг вохуьйту, шена дуьхьал кхетарх ларлолахь, аьлла.
 
           Кай.  Элбиа ваийтина со, хьоьга х1ара дош д1атоха, аьлла. Цо ларло боху хьоьга, шена дуьхьала кхетарх. Х1инца, хьо к1елхьара вер воцийла, хьуна д1ахаийтар т1едиллина цо суна.
Къаьхьир.  Ахь д1аала цуьнга: Делах деллачу шайт1ано санна, жоьжахати ловр йолуш ву со, - хьо а вийна, хьоьга со воьйтучул а, - алий. 
 
                Зуьйзас кхайкхина веъна Элби. Зуьйзин х1усам.               
 
          Элби.  Де дика долда хьан! Х1ун хьал ду, муха 1а шу?
Зуьйза.  Альхьамдулиллах1! Дика 1а, кху сохьта, Делан къинхетамца.
Элби.  Ахь, лаан кхойкхурий соьга?..
Зуьйза.   Лаа-м ма кхойкхура ас, ахь, сихавеллачохь доьхнарг дан ца лаьар-кх, хилларг ма дарра дийцахь; аьхь-бехк Дала лоьрийла.
Элби.  Г1уллакх иштта дара: ялташ чудерзийначул т1аьхьа Заза схьайог1ур йолуш, къаьстира тхойшиъ цхьана сарахь, гуьйренан т1аьххьарчу беттан хьалхара юьхь а хьахийна. Ялта а, мангал а чекх а баьлла, х1инций-х1инций Зазига буьйса юьллуьйта-кх айса, бохуш, со лелаш, лахенца охьаваханера со, сайн ненавешин шичошка Заза ялош вуйла д1а а хоуьйтуш. Ткъа Заза-м… Къаьхьира ядийра, эсашна дуьхьал яханчуьра.  Х1инца хьуна хууш ма хиллара Зазин дас, Малака, д1адерзийна дерриг а, там-мах а бина, Къаьхьир шен нуц а лоцуш. 
          Зуьйза.  Дика ладог1алахь сан къамеле! Хьан да а вац, Элби, я уллохь ваша а вац, кхеле диллича, цу девнан йоккха бакъо а яц хьан дуьненан 1адатехь, къонахчун 1адат кху махкахь д1а а ца доьду, хьуна гуонаха гуо ца хилча. Ахь стаг вахийтина аьлла соьга, Къаьхьирна т1е. Иза вон дина ахь ч1ог1а.
Элби.  Ва, иштта, «орца» аллала доккха х1ума а ма дац х1ара…   
Зуьйза.  Уьш дукха бу, хьо цхьаъ бен вац. Биъ ког болу говр а южу цкъацкъа. Шен доцу дов т1е ийзо ца деза стага, ша тоьр воцу дов муххале а. Стаг бакъонца ваха веза. Бакъдолчул маьрша мотт нанас а ца биллина. И массо а х1ума а дитий, хьайна зуда ялае, хьан ког кхерах кхетахь, х1у ма хеда шун ц1ийнан, вон ца девзарг бен вонах ца кхийрина хьуна.   
Къаьхьир 1ожалла х1ун ю ца хууш, дег1аца онда а волуш, доьналла долуш стаг ву, вочу х1уманах эхь хеташ а вац, букъ берзийна ваьлча.  Ши кога т1е ирах1оьттича дуьйна схьа къоладарца вехаш а ву иза. Масийтта дов а ду цунах доллуш. Нах оза а ло цунах, цхьа стеган пхьа а боллу цунах.
Элби.  Тхойша шоз-кхуза веттавелла дуьхьал. Цхьацца къовсамаш а хилла, дешнаш кегъдеш. Цкъа вовшашна шаьлтанаш а ехира оха шимма цхьана ловзаргахь, хьаша а къевсина. Х1етахь, юкъаг1оьртинчу наха вовшашна т1е ца кхачийтира тхойша.
Зуьйза. Дерза муха дирзира шу шинни и ткъа?
Элби.   Кхин хьала а ца айира и дов-м. Цул т1аьхьа цхьанхьа-м т1е нисвелча, Къаьхьира, ша хьалха соьга салам а делла, д1аделира, хила а ца хилча санна.
Зуьйза. Д1адаьлла-м ца хилла, дера ца хилла, д1адиллина хилла-кх, цхьана, Дела реза вацаре долчу ка-н.
 
            Цул т1аьхьа ши шо д1адаьлла. Элби масуьйттаза к1ел воьду Къаьхьирна. Цхьа а аьтто ца болуш лела. Цунна хаа а хаьа, кхуо шен к1елош йойла. Х1етте а кхуьнца тан-м ца г1оьртира иза цкъа а.   
           Кест-кеста Къаьхьирна к1елонна а воьдуш, хьалха санна, синкъерамашка а, ловзаршкахула а лела велла х1ара. Кай х1арий говрахь  вог1у.               
 
Кай.  Кхин цхьаннах а дог ца лет-кх хьан?
Элби.  Цхьацца хазахеташ мехкарий а бу ярташкахула. Делахь а Заза цхьаъ бен йина ца хиллера шен нанас. Дуьне х1етахь дуьйхира суна дуьххьара. Суна хиира х1етахь, дуьне муха духуш хилла. Дуьйхира суна мел хеттарг а, ас лийринарг а, цалийринарг а т1ехь - дерриг а. Айса Зазин куьг д1а муха хецна а-м ца хиира суна. Ца хиира, Заза д1а маца яхара а. Суна суо цхьаъ гира хийистехь, кхано, меттавеъча.
 
Кай.  Х1ун дийр ду т1аккха… Готий, мангал бен кхин болх а бац кху хенахь бан. Аьхке а, 1а а вайн, х1ети-вуьти а мукъа ду. Наггахь экхана топ а кхуссуш, д1алелар бу-кх вай, бовза-безаршка а оьхуш, мехкаршка дог а дохуш.
Элби.  Цхьацца йолу йо1 гар ца хуьлуш, шо а ма долу хьуна. Шайн чоь йоцург, кхин аре а ма яц мехкарийн.
Кай.  Х1ара, Мархета, Дала йитахь, наха ц1е йоккхуш йо1 ю хьуна, дашна говза а йолуш, наха ву олуш ц1е йоккхуш, да а волуш. И йолчу ч1ог1а кечлой а воьду хьуна, эпсар санна, шен ца хилча, нахера шаьлтий-доьхкий а доьхий, кхечахьара дин а нисбой, вукхуьнгара нахарш а оьций.
Элби.  Вайгахь долуш ду-кх уьзаш, Дала дитахь. Нахарш к1езга ю, я.
Кай.  Нахарш-м кхин оьшуш а ца хуьлур. Эцца некха т1ерачу кисана дуьллу, хьайгахь дуйла хоуьйтуш. Пайда боццу х1ума берана кара а кховдайо.
 
               Х1ара вайн ши хьаша Бикатуца ирахь 1ен веана ву, цхьана чохь ду х1ара сурт а.
 
Мархет.   Тхайна т1евоьссина хьаша ледара ца лело  яьхь тоьур ю тхоьгахь,  де-буьйса даккхахь а шу хьаштоне хьажа, сема тхан кегийнарш а хир бу, уьш ца ларабахь, баккхийнарш а бац яьхь д1алур йолуш. Ткъа, аш хьахийна долу захало-х дерг аьлча, со х1ума юьхь-дуьххьал долуш 1амийна тхан дас, со неха ц1ен т1е яха жима ю, шу мехе йилла ледара стаг а ю со. Сол тоьлла мехкарий шуна кхин шортта карор бу, х1окху тхан, цхьана юьртахь а т1ехь.
Кай.  1уьллучу т1улга к1ел хи а ца кхаьчна, г1айби к1елахь ирс а ца карийна. Б1аьста йийнарг гурахь кхиъна, аьхка малх а ца аьшна. Дешнийн саг1а кхузахь а ца оьшу, амма, х1ара ,1аддол долу сийна дуьне, малхана гонд1а хьийзаш дацахьара, цу маьлхан къегар а хир дара аьрна.  Шу марша 1ойла.
Мархет.  Шу марша а г1ойла.
 
 
 Шайн юрт а гуш,Ч1амар шен лаамехь йитина, меллаша схьавог1у  Элби. Зазин къамелаш лерехь декар гуттар а. Цуьнан куралла а лаьттара дуьхьал, цо сетто я1на, цкъа ларамза ястаелла, букъ буззуш охьахецаелла юькъа 1аьржа к1ажарш а. Ношбеллачу 1ожах яьгна беснеш, кхуьнан кхетам кхолош, геннара хьоьжуш хилла сийначу ц1арах даьгна б1аьргаш. Цара вижа а ца вуьтура, г1енах хийисте кхуьйлуш. Шен Ч1амаре хьежча а долура дерриг а карла. Даим шашах ийзавора, шаьшшиъ т1аьххьара Зуьйзина хьалхахь хелхадаьллачу уьйт1а. «Малакана т1е нах бахийта вайшимма?», - хезара кест-кеста, ша х1етахь реза ца хилар дага а оьхуш.
 Шен говро «хурр» дича го кхунна, ша тергал а веш, йоцца динан урх а лаьцна, нуьйрахь 1аш волу Къаьхьир. Къаьхьирна х1ара геннара дуьйна гуш вара. Кхунна Къаьхьир т1екхаьчча бен ца гира: Ч1амар ша сецира, кхо х1умма а ца аьллашшехьа.
 
Элби.  Къаьхьир, хьуна ма чекхсадайна сох. Сан юьрта юккъехула боцург, кхин некъ бац хьуна лекха а, лоха а.
Къаьхьир.  Шега ца далун долу х1ума, далур дац, ала деза хьуна, Элби.
Элби.  Массо а х1уманна ницкъ кхачийтар а, ницкъ ца кхачийтар а Делехь ду. Хьан лар кхин ца ловза мега кхузахула.
Къаьхьир.  Сайна луъучухула лела бакъо йолуш кхоьллина-кх со оцу Дала, - дина т1ера охьаваьлла, шаьлтана т1е  ка а хьош, - я тахана ахь сайн маршо йоьхкур ю аьлла ца хета.
Элби.  Кошо вазво, Къаьхьир, стаг, 1ожалло къонаха а во, - кхо аьлча:
Къаьхьир.  Вийр ву-кх вай хьох, х1ета, къонах тахна, - олуш,
 
       Къаьхьир юьстах эккха, цхьа ког басах г1ортабой, лаьхьа санна йолу шаьлта а йоккхуш. Ши говр хьовха, цхьа стаг д1ах1отта а гота йолчу, Б1аст-1инан лабана т1ехь, шаьлта шаьлтанах етталуш, когийн баххьаш тийсадала доьлча, Къаьхьир хьалхара ида волало, куй бадорах ловзуш долу юьртара бер-к1езий санна. Цкъа «т1ап» аьлла, иза д1а а вайна, «бердах ваха-кх иза» кхунна моттаделлачохь, говрана т1ехьа лечкъинчуьра, чук1елахула гучуоьккхуш, настарх шаьлта 1утту цо кхунна, пурх ерзийна, кан а хадош.
 
Элби.  Хьо стешха вуйла-м хаьара суна, - олуш Къаьхьиран букъ лоцуш, шаьлтанан дитт а дахдина, - цу т1е б1иж а хилла-кх хьо, - аьлла.
 
    Къаьхьир вайн д1акерча, гор кхеташ, д1а а хьаьвзин, юха аркъал вахлуш, шена дешийта вуьжуш санна (велчсанна).
 
Элби.  Дай-ваший лолда-кх хьан, хьаьрчи-кх хьо сох, -  шаьлта юьстах  кхуссу, - хьо вен лууш вацар-кх со. И ц1е ца оьшур-кх суна, я х1ара къа а ца дезар-кх суна, Далла хьалхахь, хьайц долчуьнца хьо харц хиллехь а.
 
    Оцу хенахь, охьалахвеллачу, Элбиана, куьйган дохала ирх а яхьна, мукъ а буйнахь, лаьттахь 1уьллу шаьлта, Къаьхьира циггара дуьйна схьаластийна, аьрру белшех туху, сихха бухара д1а а керчаш.
 
Элби.  Зудд я1 хьо, зудд! – мохь болу кхуьнга,  тешнабехках дукха т1аьхьа кхетта, б1аьрзе шен шаьлта а лохуш.
 
    Нах т1екхочу. Элби, Къаьхьирна  ятташ ву, наха иза цунна т1ера воккхуш я, аьлча а, д1акарчош – ирахь т1ом бан-м де а дац. Т1екхечнарш Элбиан нах бу, кхеран юьртара.
 
          Элби.  Ма, ма, со вита, цуьнга хьажа, - боху кхуо, аьрру белш а йохийна, настаран канн а бойна, ц1ех оьхуш ша 1уьллуш. – И стаг шуна маьрша ву шуна, сан мостаг1 велахь а, – аьлла.
 
 Чевнаш хилла Элби ц1ахь ву. Элби муха 1аш ву хьажа чу яана ю кхеран лулар зуда, Элби дехьа чохь веха. Юха, Зуьйза а кхочу кхаьрга.
 
          Зулай.  Эццехь, тоьхна-тоьхна ата везаш ма хиллера иза, иман сиз, йовсар я1, йовсар. Ладог1ахь кху балхе. Мел ч1ог1а сан даге ла цало. Оцу Зазех даьлла питан ма ду х1ара. Хьанна а хилча а кхунна хуьлуьйтур дацар-кх ас, кхетам бала т1аьхь да а воцуш, юххе х1отта, дов д1адахьа ваша а воцуш, я девешин шича а воцуш. Дала массо а вочунах лардойла вай.
Хеда.  Дела реза хуьлда, хаза дог ийца ахь. Алхьамдулиллах1, Дала юьхь1аьржонах лардина вай. Цара эццехь Къаьхьир вийнехь, мел сисазло яра иза. Къонахчун мостаг1 юьртана маьрша хила ма веза, нах боцучу нехан санна, пхьоьханна кара ч1ир ца йоьдуш. Дов кхуьнан ду, кхечунна диэкха бакъо йоцуш, мостаг1 а ву кхуьнан, х1ара воцчунна маьрша а волуш…
Зуьйза.  Х1ей нах, ц1ахь дуй шу!
Хеда.  Дера тхо ц1ахь ма ду, хьо марша а вог1ийла, ва хьалхара-К1ант. Ма дика ду хьо схьанехьа веана.
Зуьйза.  1аш дуй шу, барзана ка а тоьхна. Х1ума дац. Даиман берзан ка йолуш ца нисло г1уллакх. Х1ун дийр ду т1аккха, д1аделларг д1адижийта деза, керахь долчуьнан хама а беш, кхана дог1ун дерг хьанна хаьа.
 
  Лулара зуда а д1айодуш, цунна т1аьхьаяьлла Хеда а го вайна, сехьа чу волуш Элби а. Т1аккха шина стеган къамел ду тидмехь.  Элби, йинчу кхело ч1ог1а г1елвина ву. 
 
          Элби.  Х1окха наха со бехке ви, сан сайн тайпана наха. Малака а – Зазин дас –  ас шен йо1аца де къастош йиллина хан а, я кара д1асаелла х1ума а ма яц, я шена т1е, йо1 еха, нах а ма ца бахкийтин, аьлла. Кхиэлахоша м1айстойн кхиэл х1отти, стаг вер а, стагана вен чевнаш яр а цхьана дарже а лерина, сох пхи устий, дин а хьарчош. Ас уьш д1а а текхи-кх (цу т1аьххьарчу кхиэло ч1ог1а дог эшийна ву х1ара).
          Зуьйза.  Дуьненан 1адатехь хьо кхара толуьйтур а вац, Элби, къонахийн 1адат кху махкахь д1а а ца доьду, аьллера-кх ас хьоьга. Хьайн сих вала г1ерта-кх хьо, иза а х1ун толам бу-кх, вала а леш, боккхуш берг! Турпалхо хила ма г1ертахь, Элби. Турпалхо хила м1аьрго тоьа, къонах валлалц кхуьу. Къонах хила хьажахь, собарца волу къонах. Х1ара зама ч1ог1а хала зама а ю, 1едал хьайн кочадале, сацахьара хьо (Элбиан эшначу дагна т1е туьха а теси).
Элби.  Суо вовза ма лаьа суна, Зуьйза, со мила ву хаа лаьа суна. Ас лоьхург, харцонца лоруш долу бакъдерг, харц эшийна сайн бакъдерг: цхьана кхечу къонахчунна, хьо санна Дала кхоьллина волчу, хьо шел г1ийла хетта хилар, берахь дуйна ахь дог дехна йо1, хьох х1умма йоцург а еш, новкъахь карийна бехчалг санна, схьа а эцна, д1аяхьар, юьртан юкъара шайла некъахочо ма даххьара.
Зуьйза.  Къаьхьир ахь къовса къонах а вацара, цхьа тешнабехк боцург, лайн амалца болу тешнабехк. Лаьна дика а, вуон а ма дехьа: цуьнца дика довза доьнал а дац, мостаг1 хила мах а ца кхочу.
Элби.  Хьеделлачу декхарх къера дуй кхаьчна дена, сан бакъо ц1аерза еза, со вала ца лахь.
 
           Буьйса. Элбие хабар тухуш ву цхьаъ: - Къаьхьир Баца, къола дан вахна, - аьлла, - цигара юхавог1у некъ маьлхийн ч1аж а ду. Заза а хуьлу цуьнца, шен хьошалла дол-долчохь, цхьаццанхьа къайла йохуш, хьуна хаьа-кх х1унда.
           Элби. Ас лоьхург Заза яц, Заза суна х1инца оьшуш а яц, ас къайлах сатийсинарг Зазас дан а ца ди: Къаьхьиран ц1арт1ехь а йолуш, йадий сайга йола аьлча. Иза а ду суна ч1ог1а 1аьткъаш, важа дерриг а дицдан санна. Диц-м ца ло цхьа х1ума а я дагара а ма ца долу, «г1огг1ехь» нах буьйлуш хезча, х1ор а сайх кхаьрда а моьттуш. Нехан кхардам хала ма бу, цавезачийн ловр далар а.
 
 Эпизод.  Хьуо ас вийча, т1ехь дайъа дика хир ду хьуна ас текхна долу и даьхни, карара ма дахалахь, йа Къаьхьир! - олу кхо, ша цкъа ши к1ира доккхуш, м1айстошкахь йолчу хьуьнхахь, Маьлхайистехьа б1аьрг а бетташ.
Ши к1ира а ду ас и ларво, амма, цуьнан лелар йилбазан сурт ду, мохк а, тайпа а, тукхам а доцуш, де даьккхинчу буьйса ца йоккхуш, пхьор диначохь - 1уьйре а йоцуш. Иза, тешшийтана Сандакъахула юхавирзина, кху Маьлхистана аьттехьа а йоцчу. Мел беъна мотт харц хуьлу, воьду аьллачу д1а ца кхочу, воьрзу аьллачу юха ца воьрзу.
 
 Къаьхьир  (Вела а воьлуш): Кхо де ца дели хьуна, ас хьан ц1оканаш герзаца хуьйцуш. Хьайн 1ожалла айхьа йохки-кх ахь суна. - Герзах дайн куьг хьокху. - Хьан, хьайн наха а ийцира хьуна, соьгара и хьан  1аг1ар-бекъа. 
 
Адамаш ду тезета д1а-схьа лелаш. Вайн го, цхьана сонехь наха «Амин» олуш куьйгаш схьалалаьцна.  Хеда а ю зударшца кедда схьайог1уш, цунах б1аьрг кхетий Зуьйза т1евог1у. Уьшшиъ вукхарех схьакъаьста, дист хилархьама.
 
 Хеда.  Цул т1аьхьа шо зама сов д1аяьлла. Кхо некъаш гездо т1аккха, дийнахь даха ца кхиънарш, буса юьхьар а лоьцуш. Къаьхьиран дег1ах дакъа дина бен, ц1а ца верза ч1аг1о а йолуш.   
Зуьйза.  Х1ета, х1инца, кху деношкахь дуьххьара денц1а еана-кх Заза, шен да – Малак – д1аваьллачу кху тезета. Къаьхьир ша ца веъна, зуда яийтина. Ша гучу а ца волуш, х1ара кхиэло а, махко а бехке вича, кхуьнца дерг чекхдаьлла а лерина. Цул сов, да веллачу тезета еана йолу Заза кхуо сацор йоцийла а хаьа цунна шера,  я, нагахь, сацийча, Зазин сий дойла а. Хьо кхета-кх ас дуьйцучух!
 
    Оццу заманахь, Зазера, т1ехьар керташкахь лаьтташ ду Элби, Зазий. Жимма дехьа кхин ши зуда а, кхарна дистхила парг1ато ютуш.
   
Элби.  Ма дийцахьа, Заза, иштта-м хир дацара иза, бутт лаьцначу буса йича, декъаза х1унда хуьлуш ю хьо, вай дац кхузахь т1аккха, хьо декъала ян дагахь…
Заза.  Д1адевлларш – д1адевлла-кх, Элби, - сох х1ун кур, ц1окий даккха волу хьо х1инца?
Элби.  Д1адолуш ца хилча, х1ун дан деза?
              Заза меллаша схьахьежира, ши б1аьрг т1етт1а хабош, жимма елааьшна а дина.
 
Элби.  ХЬо хилларг ю-кх хьо Заза, к1еззиг а хийцаялаза.
 
         Заза, кхин йист цахуьлуш д1айоьду, цхьа тайпа шек йоцуш.
 
Элби.  Тахана ян х1унда 1ийра хьо, - кхоьссира кхо генна т1аьхьа, - ас ядий йола аьлла, хабар тоьхча а ца йог1уш?
Заза.  Со шайла ма дац, Элби, хабар тоьхна-тоьхначунна т1аьхьа ида. Шега йола аьлла, йигначо а ца йигира со, - хазадо кхунна т1аьххьара, схьа а ца хьожуш, цо аьлла долу.
Элби.  Со вала ца лахь, йисна йог1ур ю-кх хьо, - кхин цкъа а кхойкху х1ара цунна т1аьхьа, - вай бохург, Дала а бахахь!
 
    Заза йист а ца хуьлу. Цкъа соцу. Юха ехха схьахьожу, лаьттина-а д1а а йолалуш, цхьаъ-м кхуьнга ала лиъча санна. Ца олу. Д1айоду, цкъа а д1а ца яха санна.
 
 
          Кхузахь, эпизод: Цхьа «мерза», цхьа «чомехь» буьйсанаш кхуо яхьира-кх, Заза юьртара д1аяххалц, чуьра ара а ца волуш. Кхоъ мерз болчу пондарах аьрта м1араш а хьоькхуш, я лайлахь, валалай, Дайдахь, я дадай, - боху мукъам, сих а, дагах а чекх а буьйлуш. Цхьалла бен-бен хуьлуш хиллера: синан а, дуьненан а - кхуьнца ший а яра.
 
           Цу шарахь Къаьхьир ваха а сецира, юьрта йисттехь хьоькх а йина, уьстаг1-бежана вовшах а тухуш, пхьуьша хьекхийначу к1езанна санна, лула-кулара некъ д1а а хаьдда. Цхьа гуьйре яхара кхуьнан, остдаьлла 1а санна, Къаьхьиран цана юьртана уллохь нисъелла а хилла. 1уьйранна мангала ара а волуш, сарахь буьйса чохь а йоккхуш. Дийна делккъехь дов дича, юьрто атта волуьйтур вацара, цу юьртахь мел верг, аьлла, цхьана ц1ийнан нах а хилча. Х1ара юхавирзира т1аккха: - Сайн дов а ас юха йог1учу гуьйрене д1а ца теттача ца долу, цанаша юха кхаж тассалц. Цанаш ламанца кхаж тосуш йоькъуш яра (шен-шен долахь, д1алаьцна а йоцуш), цхьана шарахь вон меттиг кхаьчначунна, вукху шарахь дика меттиг кхачийта.
          
 
                Кхин цхьа шо зама ялча
 
           Говраца, буса, шен герз а, даа х1ума а Къаьхьир вехачу юьрта а даьхьна, ламана ч1ожахь соцу х1ара, хийисттерчу торха к1ел, генна охьахьаьжча юрт а гуш, дуьхьал 1охкуш цанаш а йолуш. Къаьхьиран цу гурахь кхаж харц баьллера, хьуьнца хьала йолчу асанца, б1аьрго б1аьрг лоцур болуш, тоьпан 1алажо а нислуш.
               Пхеа дийнахь ларвира кхуо Къаьхьир, цо х1ун до хьажа г1ерташ. Кхузахь денош дагардийр ду: Хьалхар де.. пхоьалг1а де…-  бохуш, х1ора денна шен-шен эпизод а йолуш. Царех, х1орш:  Ша мангал болабале, жима буц а тухий, топ цу к1ела д1а а юьллуш, кес даккха волало иза. Заза даим а уллохь яра, делкъанна ц1е к1ур дузуш, Къахьирна юург а кечъеш (Заза наггахь хьун йолчу аг1ор, нийсса, х1ара, Юсуп волчу аг1ора лоррий хьожуш хуьлу. Иза шек хуьлу: цхьана тебаш-м ю хьуна и борз, олий). Шолг1ачу дийнахь Къаьхьира олу Зазиг: - Кхузахь цхьанхьа тебна 1а хир ву иза. Амма иза 1овдал вац, цо цкъа дикка хьал толар ду, ша тохале, - олий. Кхоалг1ачу дийнахь, сархьо, цхьа жима стаг т1е а веъна, кхало ян х1оьттира уьш, хьуьнхара масех г1уркх а беъна, уьш баххьашца д1адоьхкуш, т1е алах х1ума а тесна. Доьалг1ачу дийнахь йол а гулйо, и жима стаг цхьаьна а волуш. Цу буса г1ан го кхунна, шен гаре сатесна йолу борз а йоцуш (г1енах борз гича, девнан ка йолу олуш хезнера кхунна), ц1ен мекара цхьогал а гуш. «Г1ан бен дац-кх хьо, - тидира кхуо, - х1илла оьшуш хила там бу-кх, доьналлел совнаха», - аьлла. Юха, буьйса йоьлча, буьйса юкъал т1ех яьлча, юьртана кочча (юьртан лакхахь) дехьа а ваьлла, хьуьнан коьллашца охьа а вахна, топ охьаюьллуш, тапчий, жима шаьлтий кхуо схьаоьцучу барамехь, шозза герз делира, Зазин мохь а эккхаш:
      
 
 Заза.  Ва-а, орца дала, вий шуна!..
Элби.  (И аз хезча, Зазин аз)  Да велла дуьсийла-кх х1ара дог, дог аьлча а х1ара зуд-к1еза, х1ара меан к1орни, ма хьаьгийкха ахь со Зазин озах а, некхан шуьрех бер санна.
 
    Шозз-кхузза г1улч йина, Элби цу девна т1енислуш, цхьа г1аларт т1ехъэккха, цунна т1аьхьа кхин цхьаъ а волуш. Кхозлаг1чо ластийна шаьлта, пхьарс лоцуш кхета Элбиан. Т1аккха, Элбиа а тапча йолайо, и г1аларт гор даххалц. Юьрта чуьра хьала герз хеза, дуьйлуш долу.
 
Элби.  Вала ца везарг лолда хьан, хьан лолда хьайн вала ца везарг! Берзан яхар ди-кх ахь суна, борз санна, х1ара йорт идош, муьшах тоьхна эса санна, т1аьхьара со д1а а ца хоьцуш… Заза! Ва, Заза…( Зазина т1е1оттало) Дадийталахь вайша, Заза, со Къаьхьир вац хьуна.
 
    Заза южу, «ах1» деш, деса гали ма-дожжара. Цхьа «хьухь» а ду бухара дохьуш: «Исмайл, во-о Исмайл!» - йишхаьллачу озаца.
 
Элби.  Х1инца кхийта со, сайн хиллачух, ведда ваьлларг Къаьхьир вуй а, ас вийнарг нехан кхин стаг вуй а… Заза, сахиллалц хьо кхузара меттах ма ялалахь. Сох, нехан ч1ир хьаьрча, - олуш, Заза цхьана боьра чу д1а а такхийна (нехан стаг а вийна, Заза юьгийла дацара), хала к1елхьараволу х1ара, ког к1елхьара т1улг моссаза хьоду, т1аьхьа кхуьссуш топ а йолуш.
 
                Хедех хабар д1атоха вахана ву Кай.
 
           Кай.  Къаьхьир вен к1ел веъначу шина вешех (шайн ч1ирана) цхьаъ  ву кхуо вийнарг – жимах волу Исмайл. Де-буьйса юкъа ца дулуьйтуш, хабар  д1атоьхха церан нахах, шун стаг Элбиан карах а велла, мила ву хууш а ца вийна, кхо цига баьхьана некъ ма барра д1а а буьйцуш. Х1инца дов хатта д1адоло кхиэл гулъелла: Маьлхистара – Ескин Шовхал, Хилдехьара – Тойн Пхьарий, Кейчуьра – Паскош, кхин цхьа стаг а волуш. Ескин Шовхала волчу вахна Элби, хьал ма дарра довзийта.
          Хеда.  Нана яла хьан, хьайн нана лойла хьан, ма дакъаза вели-кх хьо, маьршачу стеган ц1ий а хьаьрчина… Ескин Шовхал кхуьнан деца хьошалла хилла вара.
 
                Шовхал волчохь.
         
Элби.  Пхьара сан тайпана чоьхьара стаг ву, Шовхал, цо соьгахь узу аьлла хетар ду шуна, цундела ас хьоьга д1абоху: кхиэло Исмайл сох хьарчавойла я ма хьарчавойла, бакъду, Малакан йо1 Заза 1умхан Къаьхьиран зуда а юьсуш, дов доьрзур ду аьлча, харц ду шуна, суна чохь са мел ду.
Шовхал.  Кхиэлан сацам шуьга хаийта йиш яц, хьалха шу шина дас: ахьий, Къаьхьирий, кхиэлана реза хир волуш, Къуръанах дуй биъний бен. Оха баа аьлча, дуй баахь, Элби, шуна юкъахь масла1ат дан г1ерта-кх тхо.
Элби.  Ас дуй къарбан беза кхиэл ма кхайкхаелахь, Шовхал, со г1аларчу метишкано к1айн къаьркъа санна, жоьжахати ловр йолуш ву хьуна и дуй а къарбина, г1ело кхин ца ловш.
 
                Бацойн юрт – Маск.
 
          Бисана.  Уьстаг1 буьйш, х1ара парг1ат а воккхий, екъачу паднара т1е кетарх хьаьрчаш, д1а а т1аь1на: Сан да ваха, к1ант, бакъ ма веана хьо дагавала. Х1инца хьайн хуучух дийца.
Элби.  Дов хоттуш долу бутт д1абаьлла. Х1инца, кхиэлан сацам: Заза Къаьхьирца а юьсуш, суна даьхни а кхачош, дов дерзо дагахь бу аьлла, хиъна суна, тешамечу нахехула.
Бисана.  Са да ваха, Элби, са да ваха, ас цхьа дош дийца хьуна. Дуьне лоьручу стагах къонах ма ца кхуьу хьуна, «со да ву-кх» ала, стеган бахам а ма бац хьуна, шен коьртан сий доцург. Юха а къонах вевзар ма вац хьуна, 1ожаллин букъ т1ехь ког ловзучу ца нисвелча – шерачохь-м вир а лела, хотешкахь хьакха а ерста. Стагах къонах ван ма г1ерталахь цкъа а – ша воцчух ца хуьлу хьуна, хьол тола г1ертар бен, хьан некъаш а 1амадой, хьан уьйрашца мотт а лелош: х1у доцчохь стом ца кхуьу, стоьмах терра цхьа «х1ума» кхуьу, шуьнан баьрчехь къонхех а луьйш, г1о эшначохь, бахьанаш а дохуш: вир говрах ца терса цкъа а. Са да ваха, Элби, са ца дезаш йолу майралла – 1овдалалла ю хьуна, хьал ца лоруш йолу комаьршо нехан кхардам а болуш. И Къаьхьир, хьан дов тасаделла волу, цунах Къаьхьир а ахь ма вира, цкъа шаьлтанца ка юстуш, юха диэкха вахна, нехан стаг а вуьйш. Цхьа т1ара туху дов дар-кх иза, зудчунна санна. Кхиэлоша масла1ат лоху, Элби, хьой, изий нис ца во; цхьанна г1ело юьсуш бен, дов дирзина а дац – дов терзанца ца нисло, вас ца узу герканаша. Кхана хьой, Къаьхьир дуйна т1е х1оттавале, ас дош эр ду цигахь, т1аккха хуур вайшинна, цара йинчу кхиэлан мах а.
 
Шоллаг1чу дийнахь. Нах гулбелча (Элби, Къаьхьир а ву цаьрна юкъахь), чуьра схьа араволуш, уьйт1е кхайнан тхов болчу бедана т1е схьах1утту Шовхал, жимма хьевелла Пхьарий, Паскош а х1уттуш.
 
Шовхал.  Х1а-х1а, нах!
Бисана.  Во-о, Шовхал, ва Пхьара, Паскош! Ассаламу 1алайкум, - нахана юккъера д1акхойкху Бисан, - кхиэл нийса йина хир яй аш, дашна метта дош дуьллуш, даьхнийн метта ахча лоруш, патармаца молха узуш, чевна дуьхьал дарба карош. Шайн нийса кхиэл кхайкхейша тахана, дов ч1ире ца дерзош, шуьга ладог1а даьхкина-кх тхо, дехьа-сехьара вовшах а кхетта.
Шовхал.  Ва 1алайкуму салам! Моьсиган Бисана, хьо ву иза, марша а вог1ийла! Хьалавалахьа кхуза, кхиэл а Дала йиннарг ю-кх.
 
Вовшашна мара-мара кхаьтта, уьш цхьаьна къайлабовлу, бедана т1ера д1а чу а боьлхуш. 
 
         Шовхал.  Пхьара, схьачувалавел и ша да, дуй хьуна.
         Пхьара.  Схьачувола шу шиъ.
         Шовхал.  Пхьара, кхиэлан сацам бакъ бийр болуш дуй биъний кху шина дас? 
         Пхьара.  Кхуръана т1ехь ч1аг1о йина, х1окха неха тоьшал а долуш.
         Шовхал.  Байбетара, кхуьнан карах веллачу к1ентан дас, шен во1 Исмайл витина кхунна, стеган пхьа а хьарчош – кхузткъе кхоъ етт. Алхьамдулиллах1.  –  Массара а, Къаьхьир воцчара: «Алхьамдулиллах1.  Дала сий долда цуьнан. Аллах1ера лерам, беркат а хуьлда цунна»,  –  аьлла, шайн кхаъ хилар гучу доккху. -  Къаьхьиран некъ а «хадош», кхо цунна йинчу чевнашна  Элбиера баьккхина болу пхи уьстий, дин а юхаберзор бу Къаьхьира.
Элби.  И мустаелла ши-кхо шинарий, говран алаший схьа а ерзийна, Заза Къаьхьирца йита бохку-те х1орш, соьга Делан Каламах беза дуй а баийтина… кхаьрца-м д1а эг1ар вара, дуй а къарбина, Далла дуьхьал муха х1уттур-кх (халла хезаш, Бисанан лерехь)?
Бисан.  (Бисана, юха ца хьожуш) Деле собар деха хьайна.   
Шовхал.  Пхьара, д1ачекхдаккхал х1ара, - мерах ехха шок а тоьхна.
Пхьара.  Чекхдаьлла ду-кх х1ара, - Пхьара ша 1ачуьра хьаланисвелира, массарна а бохург санна, кхарна цкъа б1аьра а хьаьжна. – Тховса кху чохь, Къаьхьир, кху нехан тоьшалла, Малакан йо1 ахь ютийла. Малакан йо1а шо ц1ахь а доккхийла, шуьшиъ воцчуьнга, оцу шарахь, кхечуьнга яха бакъо а йолуш. Нагахь оцу шера чохь, марелла ца деш Заза йисахь, цул т1аьхьа шуна маршо а ю-кх, харжа бакъо Зазин а йолуш. Бакъ ду, ядиний, хьулйиний, ницкъ биний, юьгур ю бохург д1а а даьлла-кх – иза шуьшинна дихкина ду, Заза реза йиний бен, йига маршо а йоцуш… ц1е тассал, Къаьхьир, Малакан йо1ан, бисмиллах1 а алий…
 
  Къаьхьир корта идо х1утту, ши б1аьрг д1асакъерзош, сих-сиха синош а дохуш.
 
Бисан.  Элби, хьо д1а аравалал цкъа! – Бисанас кхуьнга куьг тосу, корта хьала а ца ойъуш.
 
 Кей – олу, Байбетар веха мохк. Цхьаьна б1е гергга стаг а волуш, Элби витаран хьокъехь, стеган пхьо эцна, дехаре баьхкина нах. Элбиан т1ехь лурвоьллачу стеган духур ду.
    
Изновр.  Элбиан ненахоша - никархоший, дененахоша - дишниший,   стеган пхьа вовшах а тоьхна, и даьхни схьадалош деана дукха халкъ ду оцу арахь, хьан даше ладоьг1уш.
Байбетар.  Цхьа бежана а ялош, т1едуьйла ала суна, ас к1ант даьхнех ца воьхкина, Делан Шен дуьхьа витина. Юха, кхин цхьаъ ду: тховса уьш массо а д1атарве, дика дола а деш, и бежана урс хьакхий, цу к1антана т1ера махийна, массо а саг1ех кхетийта, иштта, оьшшучул устий дайъа.
Изновр.  Кхочуш дийр ду дада, Даламукъалахь.
 
     Иштта, Элби, ч1ирах ваьлла, амма 1едалха ида везаш ву. Цу 1едалх а, моттбеттачу нахах а ларлуш, цхьаццанхьа буьсанаш а йохуш, ша лелаш, бевддачу нахах кхетта х1ара, цхьаь ваьлла лела к1орда а дина.
 
          Элби.  Шайн волчара вити суна, сан карах валар нисделла волу шайн стаг, амма 1едалх ида везаш хили-кх со.
          Иби.  Делора дезар дацар-кх вайн 1адаташца, дуй дашна, вешан законашца паччахьалкх йолуш вай 1а дуьтуш белхьарам, неха махка бахана бехаш вай а ца хилча, дуй дашна. Массо а къоман юкъахь нислуш х1ума ду вер-ваккхар. Д1а а ма дерзадо шайн 1адаташца, вайм ма ца боху цаьрга вайца нисло. Бохий ткъа жима къонах!
Байн Идрис.  Нехан мохк ма хьехабелахь, зовкх хьоьгуш бац хьуна, оьрсийн паччахьа вайн ц1ера баьхна, хонкара махка хьовсийнарш а, бухахь долу 1едал бусалба делахь а. Бакъ ду, нехан несалла хала ду, цул а хала 1едал а долуш. 1едалх ида а веза хьа, дийнах къехка борз санна, нах болчуьра къайла а вуьйлуш. Кхул, х1окху большевикин 1едалал хала дуьйцуш 1едал а ца хилла: дай белла дисарг ду, дайх хьегарг, тешнабехк бен, бакъо а йоцуш, тешнабехкаца т1е а деъна, саг1адоьхург хилла, ков-берте а х1оьттина, юха Дажал хилла, коьшкала а хууш.
         Иби.  Хьалха-Мартаний, Г1ойт1аний юккъехь, сацам бан ч1аг1о йича, дуй дашна, Орцин Тапа веънера. Цо шен къамелехь: «Ва-а нохчий, жуьктичо, муьжги 1еха а вина ерриге Россих ц1е йиллина шуна. Вай Дала лардойла-кх и алу вайн орамах хьакха яларна: дика къонах вуьтур вац шуна, дика дин буьтур бац шуна, зудчун санна, юкъ яьстина хир ву шуна боьрша саг; дех во1 вийр ву шуна, во1ах да а вийр ву шуна; харцонах бакъо йийр ю шуна, бакъонах харцо а еш; шен коьртан да волуш, цхьа а къонах хир вац шуна; дин доцуш бу шуна йоьрш, вийца да а, нана а йоцуш; чалахь бина а, кхиъна а бу шуна; меца бу шуна, бузур а боцуш, кхара дуьйцучух ма тешалаш… Г1алг1азкхий а, паччахьан ц1ийнан нах а ц1ен деши ду шуна, большекашца дуьстича: кхара дика къонах а, дика дин а, къонахчун герз а дуьтура; кхаьрца тешам а, лерам а бара, вай Дела а вуьтура кхара, вайн карахь мохк а буьтура… Г1алг1азкхишна т1е а тайна, цхьа барт а хилла, и большекаш лахкийта вайга кху махкара, и Дела воцу мунепакъ?!» - аьлча, нахе маьхьарий девллера: «Хьой, Орций Суьйра-Корта бууш 1илларх, тхо яа сискал а йоцуш, чуо букъах а летта, лела, охьавала цу буьххьера, большек схьава тхуна», - олуш. Тапас баьхнарг бакъ хили: хьан г1илкхаш а дехи д1а, дин а дохий, маьждигех хьаштаг1 а йи, Дала бохург харц а деш. Лай 1аь1и, дийби лай, лай мехкан дай а х1итти… цара вийнарг вуьсуш а ву, царна лиънарг – вайна а.  Барх1 ц1е-к1ур долчу к1оштахь, ах сов мотт тухуш а волуш… Хьо а царах ида везаш ву, царна гарх ларлуш: юрт а, пхьоьха а, нах а бицбина, марзонаш а, уьйраш а…
         Идрис.  Бакъдерг аьлча, вайна цхьаммо а, цкъа а г1о ца дина, вайн маршонехьа къуьйсу заманчохь, я бусалба ю аьлла ц1е лелош йолчу паччахьалкхаша а, я ингилса а, я цхьаммо а. Массара а, массо а заманахь а, вайн ц1ий сиха кортош, шайн 1алашонна, 1ожалла к1елтийсар доцург. Я х1унца а вай кхета дохкуш а ма  дац. Вайн къамелаш дукха дахделла, сада1а а мегар ду. (Элбие) Волало вайша, Элби.            
            
                Х1ара шиъ юьстах волу.
 
Идрис.  К1ант, молучунна – молуш верг веза хьуна, къуьнна – къу веза, тхуна – 1едалца ийг1инчу нахана – тхаьш санна волу, 1едалца дов дерг веза. Харцо йолчу 1едалехь стаг гуттар а ву бехке, кхин бахьана ца хилча а. Хьан карах стаг велла, иза хьуна вита а витина, 1едалца хьан дов а дац, цхьа машар бичахьана. Хьо тхоьца цхьанна д1агича, тхо санна, ведда стаг хир ву-кх хьох, х1ара 1едал мел лаьтта, кхин маьрша а ца волуш… тхан накъост а ца хуьлуш, кхин некъ лаха безара ахь, хьайн дов кхин дар а ца деш.
 
 Элби, готтачу чохь паднара т1ехь 1аш ву, Заза чу йог1у, шеца цхьа йо1 ялош. 1аьржа духарца д1акъовлаелла ю.
 
Элби.  Заза! Ва Заза!... Х1айт, маржа!  Х1окху ворх1 баттахь х1ора де шарал дахлуш… Сан дуьне хьо ма ду, дуьххьара еъна х1ара цхьа м1аьрго, азалла. Дуьне – иэс хетар-кх суна, 1еламстага жайна санна, зама листа йиш а йолуш, д1адаьлларг дуьхьал а х1уьттуш, т1ехиндерг – кхолла а луш. Кхолла йиш-м ца хиллера, т1екхаччалц – х1ума довза а.
 
 Заза 1адда лаьттар, т1ехьа лаьцначу шина пхьаьрсаца, халла хезаш ду логехь ден къора къурдаш, доцца синош доху, б1аьрганехарех 1ийдало хи.
 
Элби.  Ма елхахь, дукха яха хьо, хьо ялха х1ума дан а ма дац, кхин х1ун ду-кх вайшинна хила, хьан б1аьрхин меха х1ун ду-кх…
Заза.  Ва Элби,.. Юну-у-сс… (Зазас шен юьхь хьулйира, беро санна,
куьйгаш хьала юьхь т1е а дохкуш).
Элби.  Шо дукх-м дац, Заза… Шо иштта дукха ма дац… биснарг кхо бутт а ма бац…
Заза.  Дац, Элби, б1ешо а дац, цхьа  де т1аьхьахилчхьана…
 
                Не1 ц1евзира, серло а кхеташ, Заза д1аяйра.
                Боданехь д1адов.
            Цу буса, Заза ехачу юьртах а ваьлла, некъана кочча, хьуьна йистте дин бажа д1а а хецна, нийсса аркъал 1иллира х1ара, корта шина куьйга т1е буьллуш, стигал хьала хьажар а доьг1на. Буьйса тийнера, 1индаг1 санна, чарташ санна, лаьмнаш а дара, экханан к1омсарш санна, паналлехь баххьаш а гуш. Седарчий шовкъехь хьуьйра; беттасан серлронехь мархаш а яра, аса санна. юкъ-юкъара хиэда а луш, цхьана эшшара д1ашершаш. хица д1аоьху шийла шаш санна. Бетта са цкъацкъа д1алечкъара. Кхуьнан дуьне х1ара ма дара, кхуьнан х1усам, 1ожалла а, духхьара еъна х1ара цхьа буьйса, цхьа м1аьрго, азалла.
 
«Х1уйт, маржа! Вехаш-м ца воллура хьуна, шо дуззалц шо ца лоьруш. кхел къаношна къийса а йитина, кху буьйсанца - са даржале, Заза, к1айчу меттара сема хьайина, къерачу къуьнан къола санна, корехула ара ца эцча, Ч1амар нийса накъост а лаьцна, некъийн йорг1а ца идийча… х1етте а, маржа, кхел - кхел яр-кх, къонахийн дош  дош а дара, цкъа багара д1адаьлла хилча, дийна мел ву лардан а дезаш…»
 
                Къаьхьир лецна вуьгуш ву салташа.
                Коьртаха галий а хьарчийна, муьшаца дихкина ши куьг нуьйран                х1оьънах т1аьхьа а тесна, ша кхуьнан юьртах т1ехвоккхуш
 
Къьхьир.  Во-о, Элби, кхаьрга ца воьйтуш, айхьа вехьа со, сан ц1ий хьуна хьанал дар-кх, ма вигийтахь со кхаьрга, хьайн да ваха ве со! Хьо, цкъа а вошалла дийрдолуш велахь, цхьанна а - и де, х1ара де ду хьуна. Йожаехьа и мажар суна т1е… ишттачохь валар  а маршо хилла-кх! Во-о-о, Ю-ну-у-ус, тохахь суна, йожаехьа мажар хьайн… - мохь беттара, шех хиндерг ма дара хууш санна.
 
 Салташа т1ебоьрзий  тоьпийн макъаш  туху Къаьхьирна. «Ух, обезъяна, проснулся».
 
 
 
 
Кай.  Иштта, мохь биттина цо, цигахула ша т1ехвоккхуш, масех де хьалха.
Элби. (Г1агг1инехь воьлхуш ву Элби) Хьан ваша вар-кх муьлхха а, Дала кхоьллинчу лаьтта т1ехь, хьо бен кхин орца а доцуш, де эшна хьоьга кхойкхуш верг… Дай-воший лолда-кх хьан, хьан лолда-кх хьайн дай-воший, - комар санна мерза дуьне, стимал суна къахь а дина, сан бехк а эцна ваха-кх хьо, со бен кхин аг1о а боцуш. Ас хьаьнгара ваккха-кх хьо, мила велхуо-кх хьан ч1ирана… со кхийринарг ди-кх ахь сох, со сел ч1ог1а кхийринарг, харц йохьо яхье вохуш, со хьайна иштта вевзашехь, ас сайн тайпанца лелийна ч1ир ма-ярра гуш ма вара хьо: сан мехкан дегаюккъе – Хилдехьа схьа а баьхкина, - мостаг1аша вийначу Дерказан Адаман, Дун 1амин ши дакъа, говраш т1е бертал а дихкина, Хилдехьахула чекхдоккхуш, цу мостаг1ашна цхьа топ кхосса ца хилла волу цхьа къонах ма вара ас т1ехвиттинарг сайн тайпанчу нахана… иза ма дара цара хьоьца долчу доьвна со к1елвитар а: хьаъа вийна а, мухха велла а со велчхьана мегаш, со шайна гуш ца хилчхьана, шайн ма-ттов даха, сан кхардамах кхерам а боцуш, сан юьхьах лечкъар а… со кхийринарг ди-кх ахь сох, цаваьшнарг коча дуьллуш… мотт сецна хилла белар-кх хьан цу дийнахь, соьга ца кхайкха, я кхайкхича, хьан мохь хаза т1екхача со а хилла велар-кх… сан некъаш дихки-кх ахь, «со-ас» баха бакъо а йоцуш, дай-воший лолда-кх хьан, хьан лолда-кх хьайн мостаг1, ваша а хилла ваха-кх хьо, со вешех хьага а вина…
 
                Хеда чу йог1у. Х1ара шиъ дег1 ниссдеш хьалаг1отту.
 
  Хеда.  Шайн нана лойла-кх шу. Ма ели-кх и кху нана-Нохчичоьнан. Къаьхьирна т1аьхьа дукха лийци д1а, цхьа раж а я барам а боцуш, къонахийн х1у хадо санна, коьртта-коьртара нах д1а а кхуьлуш: Ражап а вий, 1арабан Дуба а, Корталин 1ела а, Мусин во1 Малцаг а вайъа т1епаза. Иштта, 1еламнах а х1аллакби, шен доьзалан да мел верг а; дин-бере а ца вуьту, беречун дин а ца буьту. Нах уьду, кара ца баха; во1 кхиар-м х1инца, долчу а ц1енна бала бу; ши сту берг а бехке ву, наха «къонах» ву аьлларг а. Кхеран мостаг1 къонах ву, берриг а т1ом цуьнца а болуш… Ша хилларг ду-кх дерриг а, цхьа а хийцам боцуш, муьлххачу а халкъана т1ехь мостаг1чо деш дерг: юкъа мостаг1алла дожош, ч1ираш, къам юха вовшашка х1аллакдайта, къам бехдан, даржо, дисинчу къоман ка йохо… Элби, хьо а   д1алаца а сахьт дац. Тешам болуш т1еваг1а меттиг бац, х1ара к1отар а г1ара яьлла. Делан карахь ду-кх шу.
 
 Хьаьхечохь. Гурахь. Зубайра, хьайбанна юуург луш ву, уьш д1а1алашдеш.  Чоьхьа волу  Элби. Х1ара гуттар а буьйса яккха соцуш хиллачу х1усамдас, цхьа ч1ог1а т1екере волуш хьошалла до кхунна.
 
Элби.  Ассалам 1алайкум, хьаша т1еоьцуш меттиг буй кхузахь. Деллахь, Зубайр, ма хьийзаво-кх хьо ас.
Зубайр.  Салам схьаоьций: Со-м х1у аьлла хьийзавора ахь, нах бу-кх хала, нехан меттанаш; дитт а, т1улг а, лам а тешаме бац-кх х1инца, - олуш, цхьа хаза дог оьцуш. Массанхьа а лерг ду, б1аьрг а бу кхеран.
 
              Х1ума а кхоллуш,  луьш-олуш 1а х1ара шиъ.
 
Элби.  Кхин вахан а, ван а, чувола х1усам йоцуш, цхьа хьоькх-м яра цхьана юьртахь, саца тешаме яцара-кх, даим иштта ваьлла лелар нисделла сан кху сохьта. Цхьанаметте сецна ца гойтуш, де буьйсанал г1оле хеташ, сема хиларна, хезаш а. Сан вижар 1уьшца ду, лекха ламанца бехачу 1уьшца. Уьш, буьйса яьлча, д1абоьлху, жа хьалха а лохкий. Ас кхин лам лоху сайна, кхин х1усам я кхин хьаша. 
          Зубайр.  Хьайн парг1ат хила хьо.  Ас-м холча х1оьттина д1а багаяьттара. Хьо Байн Идрисарах д1акхаьтта аьлла ма хезна суна? Хьо кху аг1ора ваза а ма ю дика зама.
Элби.  Лела-аш, кхаьчнера со царна юккъе а, амма, некъаш башх-башха ду. Са дов 1едалца а дац, нехан ч1ир яра суна т1ехь ерг. Цара со витина цу ч1ирах. Соьлжа-г1аларчу хьаькмашца кхо шо бен тухур доцуш, дуьйцуш х1ума-м ду сан. Тахний-тахний цара т1екхойкху-кх, бохуш, ма лела хьуна со. Далла лиънарг хир ду-кх кхунах а.
          Зубайр.  Бакъхьа хир ду. Дала д1адерзар лолда-кх цунах хьуна. Дала диннарг мага а деза-кх вайна.
Элби.  «Са дезаш хиллера-кх, да велла дисарг, цу сица - нийсса х1ара дуьне а, цхьа са бен х1ума а доцуш, хьо гонд1а хьиэжа ваьлча. Т1аккха девзар-кх хьуна дуьне, ерриг а кхуьнан хазалла гуш, х1инцалц хьайна гина йоцу. Х1ума т1аьхь-т1аьхьа тергал ца дан 1ема-кх хьо я тидам ца бан. Дахаро ша 1амаво-кх, шех х1умма а ца дуьсий а хоуьйтуш хьуна. Хьо д1авоьду, схьа ма-варра, цхьацца бахьана хьалха а докхий.
Хьуна делларг – гар ду-кх хьуна, цхьа м1аьрго, кхин х1умма а, ойланах хила синтем а боцуш, хьежар бен, хьегар.
Цагушдерг доккха х1унда ду-кх, гушдерг - сел жима а. Гар дуьсу-кх, юха – хьежар.
 
Ца оьшур-кх, ма ца оьшу, ирсе хила г1ерта лаар, я хилча а – ирс марздан, сацо г1ерта, 1ама цунна – мазан чам дуьра ма хуьлу, туьхана т1аьхьа ахь кхаьллича, дама лийсина цаца санна, хьо юха а цхьалха вуьсуш.
Ирсах вада ма везара, цахиндолчу г1оза ирсах, Делан лай зуламах санна, ирс ца ган, ца довза, ца 1ехавала, ца хьага а…
Юха лехнарг а х1у ду-кх ахь, ахь къийсинарг, даьхьнарг а, хьан бедар а хьол т1аьхьа йисча, хьан 1аса а, к1архаш а.                Хьенан, х1ун толам бу-кх, мила ваьхна-кх шел т1аьхьа а.               
Цхьаъ некъахо хуьлий вог1уш, важа – паччахь, ялхо, аб-абаде  д1акирчинчу заманех х1ун хили-кх, «иза – и вара, ткъа важа – кхин», бахар бен кху лаьттахь, диттах дайна 1индаг1 санна, 1индаг1 доцуш кирчинчу хих.                Х1ун дити ахь кхузахь, хьо д1авахчи - х1ун телхи…               
Цхьа ши х1ума, ши-кхо х1ума хила-кх ахь лардан дезаш: хьайн коьртан сий, комаьршой, цхьана денна оьшу доьналлий, х1ара дуьне эрна дуй а хууш, дуьсур дуйла, доцийла.
Ойланаша ца вуьту-кх… мичахь ю-кх церан чаккхе.                Доца хилла-кх хьо дуьне, ца леххал – к1езга а, цхьа масех ц1е яьккхича, б1ешераш а кхачалуш, я чаккхе а хир яц-кх хьан ца кхеттал генахь, т1ехинболчу цхьана къонахех дуьсур долу иэс бен.
 
 
    Х1ара д1авижар деш д1ат1аь1а, иштта 1уьллуш Заза дуьхьала х1уьтту кхунна. Цуьнан къамелаш лерехь дека. Цуьнан куралла а лаьтта дуьхьал, цо сетто я1на, цкъа лармаза ястаелла, букъ буззуш охьахецаелла юькъа 1аьржа к1ажарш а. Цара вижа а ца вуьту, г1енах хийисте кхуьлуш. эххар а, ч1огг1а наб озайо. Х1ара т1аьххьара д1ахьежча, х1усам да кхе дечиг туьллуш 1араа. Кхано цхьа хан яьлла, ж1аьла леташ а, «д1адала!» - ж1аьла цхьамма човхош а хезна, Элби, самаиккхича, х1усам да чохь ца хуьлу.
 
 Элби.  Во, Зубайр. Зубайр! - Жимма собар до. – Х1ун ду те? Не1аре воьду – не1 къевлина карайо. – Г1овг1а хеза: «Хьайц»,
    - олуш. Не1 йоллу. Зубайрин карахь къуьда бу, шегахьара дуьхьала куьг а лаьцна, кхунна т1ехьара х1ума ца гайта. Т1****талой, лоцу, воьхку, коьртах муьшан гали хьарчадо, вист ца хилийта бага х1ума а юллуш.
 
Кадрехь: Заза йолчу х1усамехь гулбелла мехкарий бу. Г1ийла беш узум бу,  къажбеш цхьа кула т1арг1а болуш, юьрг1а ог1уш ю шиъ царех. Беш г1ийлла узам а хеза. Сихха чоьхьайолий, Зазина уллохь охьалахло, цуьнца вайна гина хилла йолу жимх-йо1.
 
 Хьалимат.  Дуккху а вайн, кхузара нах, лаьцна  д1абигна, Итум-кхале, цхьаберш цигахь к1ир даккхийтанчул т1аьхьа, Соьлжа-г1ала охьабаьхна.
Царна юьккъехь Элби а ву бах…
          Заза.  Каравахна иза а? 
Хьалимат.  Деа дийнахь къиза йиттинчул т1аьхьа, охьара хьалавеанчу, Кейчуьра Байбетара во1а, Изновра, Элбие дов хоттуш ду, аьлла. Цуьнан карах велла Исмайла хьаха а ца вина, бартхоьттург: бевдда нах, байъина совет 1едалан  белхалой, уьш кхо байъина а олуш, адам 1едална дуьхьал доккхуш кхайкхамаш беш дакъалацархо а ву, 1едал дохо дагахь хьалхваьлла а ву бохуш, йоккха ц1е кхоьллина кхунна т1аьхьа…                Заза.  Шадерриге чекхдаьлла. Цхьа м1аьрго, юха – азалла. Цхьа г1енаш, де а, буьйса а, вовшах а ийна. Д1алела, халла тиэкхаш, гуьйренга девлла мозий санна, 1уьйранна ахь маршалла хаьттинарг, сарахь чу а ца вог1уш, кхин цкъа а ц1ийнах а ца кхеташ. Г1енаш а ца туьгу дерза. Г1ан чекхделча, кхин а хала хуьлу. Вайн, нохчи къам а, бутт лаьцначу буса динчух тера ду. Шо а, беттанаш а, денош, сахьташ а – ийна, цхьа м1аьрго ю-кх йиснарг, т1аккха – азалла а. Б1аьргашца юсту стеган хан, садала т1аьхьа йисина хан…
 Хьалимат.   Х1аъ, тахана Кай а вигна лецна д1а, -аьлла, цьа
 
Соьлжа-г1ала.  Верриг ц1ех а вуьзна, шин эпсаро лаьцна, когаш т1ьахьа текхаш а болуш, сирла богуш стогар а, стоьла хьалхахь, кхуьнгахь юьхь а гуш, хиъна 1аш цхьа хьаькам волчу готтачу ц1а чу такхаво  Идрис. Не1арна уллохь сацаво. Хьаькамна хьалхахь, кхунна букъ бен гуш а боцуш, левеш цхьа тутмакх ву. Дерриг а кхунах хоьтту, тутмакхо дари до: 1едал а, къола а, байъина салти а – массо а х1ума кху шимма цхьаьна «дина» а хуьлу.   
 
Хьаьким.  Элби участвовал в стычке с красноармейцами, где вы убили несколько солдат?
Къаьхьир.  Да, Элби бил.
Хьаьким.  Элби, тебя уговаривал на разбойное нападение, на склады, где хранится государственное зерно?
Кхаьхьир.  Да. Элби…
Хьаьким.  Также, Элби, призывал не подчиняться Советской власти?
Кхаьхьир.  Нипонимай?... (воьхна, ша цакхетча цу хаттарах).
Хьаким.  Элби был вашим командиром, да?
Кхаьхьир.  Да. Элби командар…
Хьаьким.  Сюда его… А ты, смотри!
 
      Тутмакх хьалахьожу, ши белш кагъелч санна, дег1 меттах а ца доккхуш. Йиттина, ч1ог1а аьрча ваьккхина ву, волчарна вевзар а воцуш.
 
Къаьхьир.  Элби! – мохь болу, - Элби! Са сов а даьлла, ла а ца делла… юьхь1аьржа… хьо цигахь… арахь… хьо муха… хьо…
Элби.  Эший-кх хьо кхара, Къаьхьир… кхара эший-кх хьо…, - олу кхо, иза шена вовзарх цец а ваьлла.
Къаьхьир.  Ах1? Эший а? – мохь эккха, воьлхуш санна. Воьлху. Хьалаэккха. Стоьла т1ера цхьаъ-м  ластош, хьаькамна д1а  т1екхета. Масеххаза герз долу. Ц1еш пенах д1акхета. Хьаькаман куьг хуьлу кхийсалуш, цуьнан са долу. Къаьхьир ц1енкъа охьакерча, нийсса аркъал д1акхеташ. Дерриг ц1ий коьртах оьху, туьтан чуьра охьаоьхуш санна. Ле.
 
  Х1ара меттавеъча, докъаца вара, Къаьхьиран докъаца, цхьана кхечахьа,1аьржачу чохь, ц1ий кхунах ихча санна. Хьалхахь цхьа а церг яцара, гуьргаш санна ши куьг а дара, массо а п1елг а кагбина. Г1атта вулу, г1атта ца ло я такха а, гор х1оьттича - вужу. Кхид1а Элбиех хилларг хууш цхьа а вац. Элби дог1аза вайра…
 
                Дерриге д1адов боданехь
 
Казахстан. Цхьана къена казах ву, цхьа  х1уманна т1ехь, букъ тоьхна 1аш ву. 
                Казах.  Схьавола, охьахаа, -- олу, шена улло куьг а ластош.
 
Стаг (Охьахуу). Со, Карганда ваьара, вог1ушехь. Ялхитта шо лаьцна а даьккхина. Сан тайпана нах а бу кхузахь, со хиллачу махкара. Гергарчарех цхьа а вац. Сан нана новкъахь елир, элира соьга, дакъа станце охьа а доккхуш. И мохк цхьанна а ца бевза, хьан нана охьа яьккхина мохк. 1а Каргандахь а даьккхина, б1аьста волавелла со, беза-бевзарш лаха дагахь. Цхьа дакъа Кустанай кхаьчна царех, вуьйш – Семипалатинске, кхозлаг1наш кхузахь, Уст-Каминогорскехь бу. Заза а кхаьчна кхуза,.. цу б1аьста кхалха а кхелхаш. Цуьнан каш гайта стаг а вац, иза мичахь ду хууш, я дуй а? Юха хьала а г1оттуш: Заза? Малака доч. Лицо красивый очен. На носу, с лева родинк…
 
    Вехха хьалаг1отту, букар а таь1на, д1а а волалуш. Юха кхуьнга а хьожий, куьг ластадо, х1унда лаьтта хьо, бохуш санна.
 
          Казах.  (Шайн маттахь)  Тхан тхайн-тхайн кешнаш хуьлу, ц1ийнан кешнаш. Тхан кешнашка д1авоьллина пхи стаг ву нохчех: ши зудий, кхо боьрша стаг, царех цхьаъ ахь юьйцу зуда а ю. Нохчийн нехан х1усамашка д1асабекъча, сан стун йиша йолчу кхечира и зуда - хаза стаг яра. Дола лазар дара цуьнгахь, схьайогг1ушехь, новкъахь кхетта. Цо бутт а ца баьккхира. Ас кешнийл арахь йоьллира иза д1а, чурт дог1а а ца ваьхьаш: генна д1акхосса аьлла дара, докъах ун ца далийта.
 
Кешнашкахь, цхьа холлам Зазиниг бу. Х1ара шиъ т1ех1утту цунна. Юха казах, халла дехьа а волий латта вуьсу. Элби веха 1ийра. Б1аьргех хи адолуш наггахь.
 
          Элби.  Уггар а хала дахар хиллера дахарехь... Хала дара, хьоьга ян дош а делла 1аш йолу йо1  кхечо ядор… Хала дара цкъа а хьо даг чуьра цунна д1а  цаялар а… Гуттар а хьо ларъян дезар а хиллера хала, нехан ц1арт1ехь а йолуш… Заза куьцехь йо1 ма яра ч1ог1а, хаьштиг санна, йогуш, бос  а болуш… Ма хала ловр цо хьан кхийсарш… Сонта х1ума а хиллера жималла, доза доцуш сонта… Дуьне хьайн дуьхьа кхоьллина ду моьттура цу хенахь.      Иштта моьттуш хиллера хьуна а, ва Заза…
 
                Казахстанера ц1а даьхкина дейтта шо дузуш, цига юха веъна ву х1ара. Каш даста ша волавелча, уьттаза, б1озза бел охьа а кхуссуш, юьстахвуьйлу  х1ара, цу коше ца хьажалуш, ша ма-ярра, ма-хиллара Заза дуьхьал х1уьттуш: - Х1ун гур техь-кх, муха?, - Зазин дег1ах эхь хеташ, иштта сел 1ор-ч1ана даьллачу цу сибтах са а уьдуш, коша йистте охьахуьйшуш, ойла соьцуш, ка юхуш. Юха, цул т1аьхьа, эххар а, коьртан даь1ахк гучуяьлча, Зазин масс а, ша къаьсттина 1уьллуш гича - са дедир-кх, б1аьрса а довш, са  акха, пана д1ахьедир-кх, х1ара дуьне 1аддол йолу дуьненан г1айг1а а хилла:
 
 -  Ва-а кеста яла-кх хьо, хьо яла кеста, ма кхоам бар-кх хьан иштта, кху хийрачу махкахь яла, мацалла яла, сел цхьалха… хьанна-мила ю а ца хууш, мила хилла а, муха хилла а… дийна дуьне ма дара хьо, цхьа дуьне, цхьа дахар, кху лаьттахь кхин хир доцу сел декъаза, ирсе зовкх!.. (Жимма 1а вист ца хуьлуш). Со – кхус-кхусс-уш – Чукотке кхаьчча, ялх шо даьлла хиллера д1а. Т1аьхьа масс ду а ца хаьара. Т1ом, хила а хилла, д1абаьлла хиллера. Нохчий а бигнера д1а, кхин къаьмнаш а дохош. Со ца тешара, къам махках даьккина бохучух… Лагершкахь нах дукха мацалла лара. Цхьа весет а доцуш лара, тар тесча санна, «хар» а хьодуш. Цуьнан «ирсах» са хьогура, цуьнга кхаьчначу зовкхах. Мацалла, б1аьргнехарш т1е а оьхуш, кхетам тхьус бала боьлча, синб1аьргаш ц1ахь хуьлура – Дег1астанахь – Нохчийчу. Лаьмнаш гуора, ира даккъаш; к1айчу шурин татол санна, ахка чухула идда к1айн хи; жима к1отарш; берийн г1ар. Хьо вина мохк, хьо кхиъна мохк, хьуна гина мохк кхин боцуш бара, я махкахь къам а дацара: къам махкара д1адаьккхинера, дуьне охьадилличхьана ша даьхначу шен махкара, эзарнаш кешнаш а дуьсуш, иэс а дуьсуш, г1айг1анаш а, цу махкаца боьзна болу синкъерамаш а, баланаш а цхьаьна. Я дуьне а дац кхин, хьан маттахь мотт бийца, «со» ву аьлла, хьуо д1авийца, хьайн да вийца, ворх1е а да… Далла бу хастам, к1ур боцуш къам доьза ца дайъитина. Х1окху казахийн махкана а ду баркалла… Тхуна цкъа а диц лур доцу, тхан ка йохин де ду-кх хьо. Далла хьалха къин к1ел даха-кх тхо, шуна хьалха бехке а ду-кх тхо… Заза, хьо дийна йолуш Элбиана дан доь1гна ца хилларг, хьох шайн ц1ийнан стаг ян лаар, х1инца, Даламукъалахь, ас кхочуш дийр ду-кх; т1аьххьара, бакъ долчу ц1а боьдучу новкъахь, кхузара д1а цига, хьо сан некъан накъост а йолуш,   дуьххьара болийна некъ (ког боккхуш, волалуш), болийначу юхаберзош.
 
                Дерриге д1адов боданехь.
 
Чамди чохь Зазин даь1ахкаш а йохьуш веара х1ара ц1а, деши дохьуш санна, х1ора а даь1ахк к1айчу кисица д1а а хьарчийна.
Заза ламчохь йоьллира д1а, шаьш даьхначу юьртахь, Элбиан дена – Алдаман – коша юххе каш а даьккхина, Зазех церан ц1ийнан стаг а еш.
 
 
 
              Ккхеран керташкахь. Зазина т1ера маха бина, нах             д1асабовлуш бу. Аминат а, цуьнца цхьа кхин шиъ жима зуда а ю гуш.
 
          Медни.  Казахстанехь Тайбат ялайо Дадас. Цхьа к1ант а хуьлу кхеран, цул т1аьхьа дина йо1-к1ант, шала дина долу, хьалхий, т1аьхьий дала а ле. Казахстанера и цхьа к1ант валош, ц1а а боьрзу х1орш. Цу к1анте яана ю со а. 
1-ра зуда.  Бакъ безам болуш волу стаг ирс долуш ву-кх.  Дер, сан йиша, Заза, хьайн хазалло 1ехош т1ебирзинчаьрца дика а хилла, дикаллица гутаренна а хьайгахьа баьхна ахь уьш. Х1инца, хьайн хазаллех а яьлла хьо, дуьненан рицкъах а хаьдда хьан  оьмар, амма, цу нахах-м ца яьлла хьо, церан лерамах а, безамах а церан.
2-г1а зуда.  Ирсан аьтту хилча, шен хеннахь цунах пайдаэца ца хиънарг, ирс кхечанхьа хьаьвзина ша висча, велха оьшуш дац. Мохо масс санна замано ловзош хила ца веза стаг. Зама ша ловзо еза.
          1-ра зуда.  Адмашна везар ду-кх доккха ирс, нехан лерам а белахь – сийлалла а ю-кх.
          Аминат.  Божарий д1абоьлхуш бу моьтту суна?
          1-ра стаг.  Кай, Дала къобал дойла, ахь Зазина т1ера даьккхина саг1а-моха а.
2-г1а стаг.  Шен накъосташка: Х1инца, Къаьхьирна т1аьхьа а доккхург хир ду-кх  кхуо саг1а.   
 
           Кайна хезаш  ду х1ара къамел. Нах шен кевл арабевлча: «1умар, во-о 1умар! - кхайкха лиира кхунна ч1ог1а, - Элби мостаг1чун мостаг1 а хилла хьуна, шен хьешан х1усамда а вара  хьуна.» - олуш. Д1а 1адда 1ийра, шиша-кхоккха вовшах а хьерчаш, шабарш а деш, д1абоьлхучу нахана генна т1аьхьа а хьоьжуш.
              Кхунна гуш дерг кхин дара х1инца, кхин дахар, маршо а кхин - лекха
                лаьмнаш букът1ехьашха, дерриш а уьш - гобаьккхина, лам боцург х1ума а доцуш.
 
           Тайбат.  Со а йоллалахь, къонах , д1а, со а иштта д1айоллалахь, иза йоьллинчу кешнашка, - юха саца а елла, къаьрззина кхуьнан б1аьра хьожу.
 Кай.  Эх1, маржа, ахь лелорг х1ун ду, я хьо мила ву хууш стаг ца хилча, ма хала ду-кх кху лаьттахь… цхьа ц1ераш йисна-кх нахах, «хьенех, минех» бохуш, шаьш вовшийн йохуш йолу. Кхарна мичара хуур ду, мостаг1 а (къонах хилча) къонах санна лара везийла… кхеран бехк а ма бац, шайн ма-ттов бехачу.
           Тайбат.  Къинт1ераваьллахь суна… зуда ма ю со, шайт1анехьара ду-кх дерриг а, - б1аьрга чу нана п1елган гуола хьокхуш, т1уналла якъа а йой, - цуьнан яларх хьагий-кх ахь со.
 
 Тайбат, кхин йист ца хуьлуш чу йаха. Кай, ша латта виса. Керахь т1екхолла х1ума а яьхьаш Аминат яа.
               
           Медни.  Суьйре шийла ю Дада, х1ара т1екхолла яийта, Мамас. - Несо г1о до кхунна.
 Кай.  Даламукълахь, сан оьмар яхлахь, Къаьхьирна т1ера а саг1а доккхур ду-кх ас.
 Медни.  Ахь х1умма а эларий, Дада?
 Кай.  Ма хала дар-кх х1инцалерачу наха, Хасин Гамас динарг шайгара далийта. Шен ваша вийна мостаг1, т1ера ц1ет даккха, бацоша вийна шен карийча, кхо лам а боккхуш, и дакъа говрахь шен ц1а а деъна, д1адолла бен ца дезаш, к1айчу марчонца кеч а дина, шен мостаг1ашка хабар тоьхна хиллера-кх Хасин Гамас, дакъа д1адахьа стаг вола, ша накъост а ву шуна, олуш. Цул т1аьхьа шен ч1ир а лехнера, бацо вийна бовлаллц, мостаг1ийн некъ а ца хадош… Ма хала ду-кх, сан да ваха ду хала, бовза-безарш д1а а бевлла, уьйррех а хаьдда, марзонех а, вахан-ван я чукхайкха хьайца 1аь йог1у стаг а воцуш, кху денойн иштта б1аьра хьежа, г1енашка вийла, дагалеца.   
           Медни.  Дада, ц1ет стенах олу?
           Кай.  Иза докъанна т1ера доккху герз ду: топ-тапчий, шаьлтий-доьхкий… Ч1ара коьртера бахкабала болало олу-кх, амма, къам, когашкара схьа талхош ду, аренгара хьалнехьа 1алашо а лаьцна. Охьа мел вела а болар чехка а оьцуш.
           Медни.  Дуккха а адамаш ду цхьа а 1алашо йоцуш, цхьа а бала боцуш дехаш. Хе хьо левчигаш санна замано бовдийна хьош болуш. Даккхийра, к1орггера хьекъалш долу нах шайн цхьа 1алашо а йолуш бехаш бу. Цара шайх лаьцна дагадан а, дийцан а х1ума дуьту дуьненчохь. Ткъа важа долу адамаш шешан лаамехь деха, замано шега д1а а ийзош…
           Кай.   Бакъ дац хьуна, дахар синкъерам хилла бохург. Бакъдолчуьнца хьуо цхьаь висча, х1ара дахар синкъерам ца хиллийла хуур хьуна, хир моьттучу синкъерамна эрна кегийна кечамаш бен; полланна уьду бер санна, х1инц-х1инцца зовкх гур-кх бохуш, хьаьддачохь вуьсуш хьо, дахаран къаьхьа бакъдерг къиза бакъдерг дуйла а хиъна.
           Медни.  Ц1енчу, сийлахьчу  г1уллакхна 1алашо йолуш хилар генна г1олехь ду стагана, нагахь оцу 1алашоне д1а ца кхочуш висчи а, цо баьккхинарг толам а бу. Тилла новкъа бовлу цхьа нах, къаьстина, кегийрхой. Бахьана?! 1алашо йоцуш некъ беш волчу стагана, муьлххачу аг1ор вахчи а, башхо яц.
           Кай.  Дуьне,  хьа-х бу, боккха х1орд, нека дукха дарх, юьстахвалалур воцуш. Кестта хьоьга а д1акхойкхур, х1ун бен ду мацца кхайкхича а, д1акхойкхур хилчхьана цкъа, юха иза хьуна хууш а хилча, ц1енна бакъдерг дуйла хууш, дахаран къиза бакъдерг, къаналло къоналла хуьйцуш, вахарна т1аьхьа – валар, хил-хиллачух х1инца кхуьуш, цхьа «Маржа-я1!» дуьсуш т1аьхьа. Кхин х1умма а – дахарехь, я дахар а – х1умма а кхин.
          Медни.  Стаг ондда лаам болуш хила веза, амма оцу лааман да хила а веза. И лаам хьекъале а, хьекъалца кхочуш беш а хила беза. Стеган лаам онда ницкъ бу. Цхьана а кхерамо, я халоно шен лаам т1ера юхавоккхур воцуш волу стаг эшо хала ду.
           Кай.  Дуьнена хьелаш хийцалуш хуьлу. 1алашоне кхача герга мел ваха а халонаш, новкъарлонаш дукха 1иттало?
          Медни.  1алашоне боьду некъ беха хиларх, шен дог лаьттачу дикане цуо кхачор велахь, цу некъана юха вала ца веза.
           Кай.  Уггаре а сийлахь г1уллакх доьхна а, дайна а ду, нагахь санна оцу сийлахьчу г1уллакхе кхачархьама цхьа вониг ахьа динехь. Ирс дайна висна стаг декъаза ву.
           Медни.  Амма докъазалла хьаша доьналла долуш иза велахь, ирс долуш ву.   
           Кай.  Сан да ваха, хабарца а ма вевзар ву стаг. Къамелаца багара д1аетта 1аь даг чуьра етташ йолун дела. 
           Медни.  Маттаца ялха ма йо стага шен ойла.
 
              Мохь хеза: «Воккх-дада! Ва, воккха-дада! Хоьга чувола боху».
 
          Кай.  Мохь х1унда бу! Хьаьнга кхойкху-кх!
          Медни.  Бехк ма баккхалахь Дада. Жимма 1ийча схьакхайкха аьллера соьга, Мамас, ламаз дале цхьа пхьор дийр ду аьлла.
          Кай.  Са а ву лаьтташ, вицвелла, дуьне а дицделла… дахаран хьелаш дукха ду. Ахь хаьржинарг хьан некъ бу. Амма хьайн дог мел лаьттачу дикане хьо кхачалур вац, я хьо хьайн диканах 1ебар а вац. Дуьне дукха доккха ду, суна гина, девзина долу, лам аренца хотталуш, аренаш – х1ордашца а… кхин мехкаш, къаьмнаш а кхин, латта дузучу некъашца, х1ора а некъ керла а болуш, дуьххьара санна, т1аьххьара ахь хьайн ц1арах болийна, хьайн маттахь хиллачу ц1арца – мотт а, ц1е а, мохк а цхьаъ долуш, - цкъа мацца а – х1инца-м кестта – Далла дуьхьал яхьа езачу: «Со х1ара ву-кх, Йа Аллах1! Сан некъаш а х1орш ду-кх», - олуш, гихь кхехьначу маьхьах санна, цу некъах цхьа жоп дала, дег1 кхоллале са а кхуллуш, болийна некъ юха хоттабелча… Алхьамдулиллах1, Дела, Хьуна бу-кх хастам… Х1ун дуьсур-кх… х1ун дуьсур-кх хиллачех т1аьхьа… мел лелларш д1адевли-кх, цкъа а хила а ца хилча санна, болийначу некъ юхабоьрзуш…
 
                К1ант воккхачу стагана уллохь лаьтта. К1ант лаьтта дикка хан ю. Дендега цхьаъ дуьйцура к1анта, цунна д1ахезаш санна, куьйгаш а кхуьйсуш, цец а вуьйлуш, боккха къаьрзийна ши б1аьрг а болуш.
               
К1ант.  Кай, ва Кай… Кай, хьо хезаш вуй… хьоьга кхайкхина… нанас мохь бета… хьуна д1а а ца хезаш…
Кай.  Мохь а.. маца… Джабраил, хьо ву иза…
К1ант.  Нана кхойкхуш ца хезира хьуна, Кай, вайшинга чувола, бохуш… 
          Кай.  Хьо ма ду сан лергаш, дадин б1аьргаш а хьо ма ду, хьо. Алхьамдулиллах1,  Дела, Хьуна бу-кх шаболу хастам.
 
                Воккха стаг цунна велавелира, шен к1ентан к1антана.
 
           - Х1ан-х1а, хьалхавалал х1инца, - олу воккхачу стага, ша кийча вуйла  д1ахоуьйтуш.
           - Хьо валахь, Кай… Хьо суна цкъа а т1аьхьа а ца кхуьу…, к1ант велало, дендена б1аьра а хьожуш, иза йохьеваккха санна.
           - Мичара! Хьо хила ма веза хьалха… суна т1аьхьа ванн атта ма ду - ахь некъ бац ма бо суна…
            
                К1ант д1аволавелира. Воккха стаг меллаша, цхьана шацца ког а ловзуш, жим-жимма д1аса а тиэ1аш, к1антана т1аьхьа волавелира, лаьттара хьала а ца хьожуш. Аз хезира, к1анте кхойкхуш: «Во-о, Джаби. Чувола ший а, даьттаг1 шел ма балийта».
 
           К1ант (воккхачу стаге охьа а хьаьжна).  Вог1уш ву тхойша, вог1уш ву!
               
                К1ант хьалха вара. Воккха стаг генна т1аьхьа а волуш. К1ант сих-сиха соцура, воккхачу стаге юха а хьожуш: к1антана ша меллаша воьду моьттура. Воккха стаг кхин а г1ийла вог1ура: «Х1ун дуьсур-кх… х1ун дуьсур-кх хиллачех т1аьхьа… мел лелларш д1адевли-кх, цкъа а хила а ца хилча санна…», ша шега ойланаш а еш. Цу ойланашна чу а воьлла вог1у воккха стаг, цхьа аьрзу  хетара, стиглан 1аьрше карара а яьлла, лаьтта доьжна къена аьрзу, я цхьа къена  къанделла дитт.
 
            Кай.  Къонахчун кхин сий ду-кх, иза ша бен ца кхуьу сий, нехачух тера «бакъдерг» а доцуш (хьелаша д1аса узуш долу), харцо шен цхьаннан а йолуш, ц1арца вагош иза елахь а.                Дуьней, сий – шиъ ца хуьлу-кх, я бахамца доьналла а дац. Стаг хьоло вуьйш хила-кх, хьал тоделча – къонах леш, къеллийца ю-кх комаьршо а, халонца йог1у ч1аг1о а санна.               
Геннара гуш д1атехволу цхьа некъахо шен 1индаг1ца, кошан берте 1индаг1 бен, паччахьо а х1ун даьхьна-кх…                1асанна т1е букар а те1аш, лаьттан юьхь а ларъеш, шен некъан чаккхе а гуш, чекхволург мила ву-кх, буьйса-буьсанна юй а хууш, де-дийнан, дег1 – лаьттан… 

               
Къонах велча, хан соцу-кх, йо1 хаза кхиъча урам а бевза, маршонца бен къам а ца кхуьу.    


Рецензии