И йара шуна...

Со воьду некъ ларбеш кертаца хиъна,
Б1аьрг бешна йоккхастаг, йовзарий шуна?
Со вог1у ков лардеш наь11аргехь тийна,
Ладоьг1у йоккхастаг, йовзарий шуна?

Хьаьрса хьач чу карччал этт1ачу некъахь,
Со воьду ларвеш йерг- и йара шуна.
Наь1саг1ин саг1ица суьйренца кет1ахь,
Со вог1у ларвеш а- и йара шуна...

Йажа д1алаьхкинчу ойланийн рог1ехь:
Г1оттура, раг1 ларйеш, б1аьстенан 1уьйре...
Тхан дегнийн товхана- ойланаш тохкуш,
Йохлора цу товхехь: дохк те1а гуьйре...

Гуо кхолург сайн г1енийн, со вацар шуна.
Самаха уьш туьдург, со вацар шуна.
Гуо кхолург сан г1енийн- и йара шуна.
Самах уьш туьдург а- и йара шуна.

Х1у тосург сайн эсе- ма ца го суна?..
Цунна хи дуьллуш и- ма ца го суна?..
Набарх со х1уьттучу назбаран гу т1е
Назмица д1айаьхьнарг- и йара шуна...


Рецензии