Ткъе кхоалгIа февраль
ФЕВРАЛЬ...
(гIайгIане назма)
Дахар а дуохош,
Дегнаш а дуохош...
Даймахках къастош,
Орамах хадош...
Къизаллин ницкъаца,
Даьккхи ахь ара...
Дуоь дойуш, хIаллакдан
Дерриг а нохчийн къам...
Ма бале вели хьо,
ХIай Делан ва мостагI!
Къинхетам бойла вайх,
Цу ницкъ болчу Дала!
Ткъа хIинца-м тхан ойла
Делехьа сецна йу,
Iожална кIелсаца
Муьлхха а кийча ву...
Даймахках къастий ахь,
Орамах хадий ахь,
ДогIмаш а, синош а
Iазапе леци ахь...
Бекхам ахь оьцийла,
ХIай Делан ва мостагI!
Дакъаза хьо воккхийла,
Цу Везачу Дала!
Синош а дийкъи ахь
Масийтта декъе...
ГIад-амал дайна,
Уьш хIинца деха...
Цхьа дАкъа – Даймахкахь,
ДогIмашца – важа,
Шеха веш, хIоранна,
ГIоранна – ваша...
Важа деха, даъиман,
ДоIанехь лаьтташ,
Iадийна, махьарца,
Стигал а, латта а...
Лаьтта и, тем боцуш
Дижа а, гIатта а...
Ткъа важа-ма, диллина,
Некъ беш ду, гIийла,
Цаларош догIмашца
Къамеле дийла...
Тоьшална – теш воцуш,
Ког ловза – бух боцуш,
АгIонна, тIетовжа, –
ГIортор а ва йоцуш,
Букъ туоха – пен боцуш,
Син-ойла тхан хьеста –
Даймохк бен ва боцуш,
Орцанна сатийса –
И Дела бен ва воцуш,
Дорцанна, йочанна
Йан доьхьало ва йоцуш,
Шелонна, кхалонна –
Чуверза чоь йоцуш,
Мацална, гIелонна
Дан амал ва доцуш...
Ма готта хьовзий ахь,
ХIай Делан ва мостагI!
Эзарнаш кхелхина,
ТIепаз а байна...
Бала а, сингаттам...,
ТIех ондда, лайна...
Рицкъа дерг – вехар ву,
Даймахка а кхочур ву,
Вайн дайшна, кешнашкахь,
ДоIанна хIуттура ву...
Иэсехьа чIагIделларг –
ТIаьхьенна дуьсура ду...
Хилларг-ма, дицдийра дац,
ХIай Делан ва мостагI!
Свидетельство о публикации №226022601066