Воккхастаг, къена наж
(Ца йешаш туьйсу те, цуо иза ара?)
Пурх х1уьттуш тийса ахь: хьоьгахь бу мукъ,
Цундела йай хьо-мма, гуттар а кхара.
До аса, х1етте а, къоналле хаттар
Дисинарг, жоп доцуш, хоьттучун сит1ехь:
Хьоьца цкъа ца иддарг, хиллий те цкъа а?..
Хиллий те, хьайца ахь, вадоза виснарг?..
Хен хара наж лаьтта уг1учу рег1ахь,
Йукъ-йукъа га ластош, кхойкхуш со шуьне...
Шеко а йоцуш т1е: къаналла г1ерта,
Цундела бедда те, къоналлин цуца?
Апарехь хи санна, сан шераш хьоьлху
Цкъа кхача дезачу малхбузен к1ажа.
Цу шерийн цинцаш а, сан эсе оьгуш,
Х1урда чу цу кана санна д1адаьржа.
Сел сила, наж, хьо а ковстанах 1ена,
Шеха хьо- тар а лой, терго йеш цхьамма...
Аьхначу уьрдан сурт- х1уьттуш вайн хьаьжт1е:
Маржа-йа1, къена наж, къанлуш ду-кх вайша.
.
Свидетельство о публикации №226022602090